1авдас шен муридаш къамелаца а, леларца а, духарца а оьзда лела 1амош хилла.
(Хьалха-Мартант1ерчу Товсултанов Асхьаба дуьйцуш хезна аьлла, сан дас Джунайда дуьйцура х1ара).
Ткъа Асхьаба иштта дийцинера:
— Цкъа 1авда волчохь, кхиболчу муридашца цуьнан хьехамашка ладуг1уш тхо долуш, 1авдас хьала а г1оттуш элира:
— Асхьаб, валохьа, божал чу а г1ой, гомаш муха йу хьажа вайшиъ. Тахана беже ца лоллуш ц1ахь йитинера иза, — аьлла. 1авдица цхьаьна божал чу вахара тхойшиъ. Гомаш йехка хан герга йолуш ц1ахь йитина хиллера, и парг1ат йалаза а хилла, чувеара тхойшиъ.
1авдас, ша охьа а хууш, Асхьабе элира:
— Асхьаб, и гомаш мича хьолехь йу а хьажий волахьа, — аьлла.
Х1инцца цуьнга хьаьжна схьавог1уш велахь а, 1авде кхин х1ума ца олуш, йуха а гомаш муьлхачу хьолехь йу а хьаьжна, чу а веана:
— 1авда, хьалха санна ма йу иза, — аьлла жоп делира ас.
Цхьаьнгга а хоттуш а доцуш, тхойшиъ божалара цхьаьний чувог1уш а ма вара, 1авдас со йуха х1унда вахийтира-те, бохуш сингаттам лаьтташ вара со.
Цул т1аьхьа, цхьана дийнахь 1ела тхоьца а волуш, ворданахь, кхин масех 1авдин мурид а волуш, цхьана г1уллакхе доьлхуш дара тхо. 1ела, жимма шен дег1ана тем бийр бара ша аьлла, т1е верта а тесна д1атевжина вара. Ас дийцира тхаьшца болчу муридашка и сингаттам сайн хиларх лаьцна. Цара, 1авдас хьо гомаше хьажа йуха х1унда вахийтина шайна ца хаьа, — элира.
Оцу хенахь 1елас, шена т1ера верта д1а а тосуш:
— Асхьаб, хууш деллехь а, ца хууш деллехь а жоп нийса делла ахь. Т1ерикъатан маттаца дог1уш дац, «гомаш йехкина», «зудчо бер дина», «йо1 маре йахана», олуш, иштта, цуьнга терра долу нохчийн маттахь кхидолу къамелаш. Т1ерикъатан маттахь, ахь ма-аллара, «гомаш хьалха санна йу», йа «парг1ат йу», «хьанехан к1ант ву», «йо1 хьанехан ц1ент1е йахана» олуш бакъахьа ду, иштта оьзда бийца беза т1ерикъатан новкъехь волчу мурида нохчийн мотт, — элира 1елас.
Оцу кеппара, шайн леларца а, къамелаца а оьзда хила 1амош хилла 1авдаг1ара муридаш.
М. Заурбеков