Год истории-2024 год

Сан гIала

(Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ойланаш)

Соьлжа-ГIала, «буьрса» гIала,

Ши бIешо хан кхечи хьан.

Хьан дог хьостуш, дош хьох ала,

Воллу со – хьо декъалйан.

Массо заманашкахь хийла,

МостагI вогIуш Нохчийчу,

Хьайн къам лардеш, цуьнан сий деш,

Баланаш хьо гина йу.

Йагош, отуш, йуха гIоттуш,

Денлой, серлайолура.

Амма керла бала кхочуш,

ГIеллой, бIарзлой, хьаьвзара.

Эххар, баккхий тIемаш бевлла,

Гуттар холчу хIоьттира.

Урам боцуш, гIишло йоцуш,

Аьтта охьайиллира.

Суна гина, гIийла, йоьхна,

Орца доьхуш, хьежар хьан.

Амма йац хьо, хийла йоьжнехь,

ГорахIуттуш, къарйелла.

Дукха наха, дог диллина,

Хир йуй бохуш, денйелла,

Сан дог дара чIагIо йина,

Араэккха кечделла…