Мехтиев Хьасан
Кхачам боллуш чулацаме газет арахеца, лакхахь лаьттачу 1едалан органаша шена хьалах1итточу декхаршца йуьззина ларо хьуьнаре йолу коллектив дика вовшахкхетаза а йолуш, шен орган долчу газетан болх тобан 1963-чу шарахь партин обкомо «Ленинан некъ» газете редактор ваийтира хьалха оцу балхахь хилла а, республикин прокурор лаьттина а, лаккхарчу даржашкахь куьйгаллин кхин белхаш бина а хилла волу Мехтиев Хьасан.
Белхан коллективехь хууш дара иза прокуроран болх беш хилла хилар. Цундела массеран а дагахь йара керла веанчу редакторан редакцин журналисташца йолу йукъаметтигаш муха д1ах1уьттур йу-те, иза уьш къесто а, хержа а волалур ву-те боху ойла. Цул совнаха, 1едалан дерриге а т1ег1анашкахь хаалуш дара нохчийн маттахь арахоьцуш долу газет дерригенна а т1ехь ца лара, шолг1ачу мог1аре х1итто, т1аьхьатетта г1ертар. Цундела и хьал хийцадаларе сатуьйсуш, Хьасанах йаккхий дегайовхонаш йара редакцин коллективан.
Хьасана шен болх д1аболийра белхан а, г1уллакх кхочушдаран а низам ч1аг1дарна т1ера.
— Низам доцчу коллетиван болх шерра д1а ца боьду. Уггаре а хьалха вай ларйан йезар йу белхан раж. Х1орамма а хьакъ ма-дду кхочушдан деза шена т1едиллина г1уллакх, — элира Хьасана.
— Тахана дан дезарг кханене т1аьхьатоьттур дац вай. Кхана дан дезарг кхин г1уллакх ду. Лакхахь лаьттачу 1едалан органаша вайна т1едехкина декхарш дуьйцийла йоццуш кхочушдеш хила деза. Иза вайн коьрта декхар ду.
Газетан белхан коллективана хьалхалаьтташ долу декхарш дан ма-деззара кхочушдархьама, уггаре а хьалха оьшуш дара белхан низам, болх хаарца вовшахтохархочун ондда куьг. Ткъа оцунна Хьасанан долуш дара дахаран а, белхан а доккха зеделларг.
Керлачу редактора ч1ог1а лерина само йора газета т1е йолучу х1ора материалан. Цхьаццайерш ша йоьшура, йеша ца кхиъначеран чулацам буьйцуьйтура шена. Ур-атталла газета т1е йолучу стихотворенин чулацаман а, иза йазйаран техникин а дуьхе кхуьура иза. Амма ша жимма а шек верг чекх а ца йолуьйтура.
Мехтиев Хьасан махкахь революци хиллачул т1аьхьа керла 1едал д1ах1оттор, куьйгаллин партин политика д1акхехьар, экономика, дешар, могашалла 1алашйар, кхидолу дакъош кхиор шайн коьрта декхар лоруш хиллачу нохчийн къоман интеллигенцин хьалхарчу векалех цхьаъ вара. Иза Эльдарханов Таьштамир, Арсанов Саь1идбей, Мамакаев Мохьмад, Автарханов 1абдурахьман, церан мог1арера кхиберш а шена йукъабоьлхучу интеллигенцин тобанах вара. Цаьрца йуххера гергарло а дара цуьнан.
Дахаро хьистина вацара Хьасан. Цо лайнера дукха жима волуш да-нана доцуш висар а, кхиаран школа чекхйаьккхина, дахарехь д1анисвелла аьлла хеттачу хенахь та1зарийн зерех чекхвалар а. Иза дерриге а шен стогаллех ца вухуш, йахь д1а ца луш, къонахаллица лайра цо.
Мехтиев Хьасан вина 1907-чу шеран г1уран беттан 15-чу дийнахь Галанч1ожан к1оштарчу Шуни йуьртахь. 1913-чу шарахь школе деша вахана. Иштта дешна берийн интернатехь а, Г1алг1айн областерчу Бурит1ахь хьехархойн техникумехь а. Цигахь дика доьшуш хиларца кхечарех къаьсташ вара Хьасан. И бахьана долуш дешарехь лаккхара хаарш хиларца билгалбевллачарна йукъахь 1925-чу шарахь Москварчу Малхбален халкъийн къинхьегамхойн коммунистически университете деша вахийтира. Цигахь цуьнца цхьаьна доьшуш вара Мамакаев Мохьмад а, Джабраилов Яраг1и а, Нохчийнчуьра кхиберш а.
Хьасана университет чекхйаьккхира 1930-чу шарахь. Йоццачу хенахь болх бира Нохчийн областан исполкоман инструктор хилла. Оцу балхара хийцина, дукха хан йалале «Серло» газетан редактор х1оттийра Хьасан. 1934-чу шарахь Нохчийн, Г1алг1айн автономни областаш цхьанатоьхна, царах Нохч-Г1алг1айн автономни область йира. Цуьнца доьзна, х1етахь Хь. Мехтиевн д1адолорца газетан «Серло» боху ц1е хийцина, цунна «Ленинан некъ» аьлла ц1е тиллира. И ц1е газето лелийра нохчий ц1ерабаьхна, иза арадолучуьра саццалц а, цул т1аьхьа республика метта а х1оттийна, 1957-чу шарахь йуха а арахеца долийча, 1990-чу шаре кхаччалц а (1990-чу шарахь ша х1инца лелош йолу «Даймохк» аьлла ц1е тиллира газетана).
Д1адаханчу б1ешаран ткъе итталг1ачу шерашкахь СССР-хь шуьйра даьржина дара халкъан мостаг1а ву олий, бахьана а х1иттош, цхьа а бехк боцчу нахана та1зарш дар: нах цхьа а таллам а, суд а йоцуш, набахтешна чубохкар, х1аллакбар, т1епаза байъар. Оцу та1зарех хьалха ца велира Хьасан а. 1939-чу шарахь цхьа а бехк а боцуш, харцонца тоьшаллаш дина, чувоьллира иза. Цигахь лайра ницкъ бар а, харцо а, хало а. Амма Хьасан оцу дерригенах а шен сий ца дойуш, йохьах ца вухуш, йуьхькъайн чекхвелира.
1941-чу шарахь парг1атваьлла, ц1авеара Хьасан. Шена т1е тидам бохуьйтуш бу цуьнца боьзна республикехь ц1ейаххана вевзаш хиллачу журналистан Чалаев Билалан дагалецамаш. Цо йаздо:
«1942-г1а шо, аьхке. Цу хенахь со «Ленинан некъ» газетан редактор вара… Цхьана дийнахь со волчу веара Абдурахманов 1абдурахьман, шеца ткъе итталг1а шераш йуккъе даханчу хенахь республикин «Ленинан некъ» газетан редактор а, цул т1аьхьа Нохч-Г1алг1айн АССР-н прокурор а, «халкъан мостаг1а» ву аьлла, лаьцна чохьваьллина хилла Мехтиев Хьасан а волуш». Кхид1а Б.Чалаевс хаам бо партин обкоме ВКП(б)-н Центральни Комитетера векалш бахкар а, ша цаьрца Шуьйтан к1ошта вахар а хиъна, цаьрга шаьшшиъ т1еэцар а, шайн кехаташ чохь долу конверташ цаьрга д1айалар а цара шега дехарх лаьцна. Билала кхочушдира церан дехар. Схьагарехь, оцу кехаташца Хьасан Мехтиев бехк боцуш лаьцна хилар а хоуьйтуш, цуьнан бакъонаш меттах1иттор доьхуш хилла хила а тарло. Цуьнан лаам кхочушбира. Хьасанан бакъонаш меттах1иттийра.
Казахстанерчу Алма-Ата г1алахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь болх беш а мела а хан йаьккхира Мехтиев Хьасана.
1957-чу шарахь республика меттах1оттийначу хьалхарчу муьрехь Шуьйтан к1оштан прокурор х1оттийра Хьасан. 1963-чу шарахь йуха а «Ленинан некъ» газетан редактор хилла болх бира, 1971-чу шарахь ша пенсе ваххалц.
Гуттар а цхьанхьа балхахь хила 1емина волу Хьасан, ша пенсе ваханера аьлла, чохь ца сецира. 1978-г1а шо кхаччалц Нохч-Г1алг1айн АССР-н Министрийн Советан кехатийн, аьрзийн отделан заведующин болх бира Хьасана.
Хьасан Мехтиевс шен хазна йукъайиллина нохчийн литературина а. Газетан аг1онаш т1ехь хаддаза арайуьйлура адамийн дахарехь нислуш долу кхачамбацарш, сакхташ 1орадохуш йолу цуьнан йоцца фельетонаш, зарисовкаш, кхийолу материалаш. Иштта стихаш а йазйора Хьасана. Республикин радиос х1иттийра цуьнан «Дайн кхерч», «Сира куй», ц1ераш йолу радиоспектаклаш, арахийцира «Тешаме некъ», «Кхоран дитта к1ел» ц1ерш йолу книгаш, цуьнан цхьамог1а стихашна т1ехь иллеш а дехира.
Хьасан шена т1едиллина муьлхха а г1уллакх хьанал кхочушдеш а, массо а х1уманна т1ехь нийсо йезаш а, лелош а вара. Цуьнан гуттар а хьалхарчу планехь дара дерригенна а т1ехь жоьпалла хилар. Изза лоьхура цо шен куьйгаллина к1ел болчаьргара а. Цундела иза белхан коллективехь хилла ца 1аш, республикехь а дика вевзаш а, лоруш а вара.
Мехтиев Хьасан, дерригенал а совнаха, кхечеран забарх дика кхеташ а, ша иза йан хууш а вара. Цуьнца доьзна суна дагайог1у иштта меттиг. Делкъан хенахь тхо, редакцин къона белхахой, гуттар а шахматех ловзура. Цхьана дийнахь делкъанна ловзар чекхдаккха ца кхиъна, чухула дог1а а тоьхна, кабинетан не1 д1акъевлира оха. Иза а хиъна, Хьасана, не1 а тоьхна, иза схьайеллар дийхира. Тхо, тхаьш чохь доцу сурт х1оттийна, д1атийра. Амма Хьасана шолг1а а не1 туьйхира. Дан х1ума дацара. Не1 схьа ца йиллича ца йолура. Тхешан цхьана накъосте не1аран дог1а схьадаккхар а дехна, сайн хечин доьхка схьадаьстина, Хьасан чоьхьаволуш, иза йуха д1адехка волавелира со. Хьасана, чоьхьа воллушехь стоьла т1ехь лаьттачу шахматашка а, ткъа цул т1аьхьа доьхка д1адоьхкуш лаьттачу соьга а хьаьжна, хаьттира:
— Хьо х1ун деш ву?
Ас жоп делира:
— Редакцина йуххерчу туьканара эцна йолу х1ара хеча йустуш дохкура тхо-м.
Т1аккха цкъа шахматийн уьн т1е а, т1аккха ас д1адоьхкучу доьхкаре а хьаьжна, Хьасана элира:
— Иза стена йустуш йу, иза хьан тиша хеча ма йу?
Берриге а бийлабелира. Цу т1ехь тхан «дов» д1адирзира.
Ала деза, Мехтиев Хьасана нохчийн журналистика, литература кхиорна мехала хазна йукъайиллина а, журналистикехь шен дика лар йитина а хилар.
Мехтиев Хьасан кхелхина 1994-чу шарахь. Дала гечдойла цунна!
Магомаев Салавди,
НР-н республикин журналистикин ветеран.