МЕХАЛА Г1УЛЧАШ
Нохчийн халкъана, махкана сингаттамаш дебош беара ХХ-ХХ1-г1ий б1ешераш хотталун мур. Т1етт1а марсабуьйлуш, кхехкаш буьрса т1ом бара Нохчийчохь. Дела воцург накъост воцуш шен дега1ийжамечу г1айг1анашца цхьалха диснера нохчийн халкъ. Луьрачу т1амах шайн синош довдийна махкаха бевллера цхьаболу нах. Коьртачу декъана миска нах бара, арабовла ницкъ цакхачарна ц1ахь бисинарш. Бакъду, уьш миска бара аьлла, царах къинхетам беш цхьа а вацара. Зуламхоша «г1азакхашна дохкаделла шу» бохуш чехабора уьш. Федеральни эскаран дукхах болчу векалша «т1емлошна г1ортор хилла 1еш ду шу» бохуш та1зар латтадора цаьргахь. Маьршачу дахарх йолу дегайовхо а де-дийне даларца г1еллуш схьайог1ура. Амма мел йеха буьйса а цкъа маца а чекхйолу, маьлхан з1аьнаршца дуьне серладоккхуш. Иштта хилира Нохчийчохь а.
2000-чу шеран асаран беттан 12-чу дийнахь РФ-н Президента Путин Владимира т1е куьг йаздина Указ зорбане делира, Дала г1азот къобал дойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайн республикин Куьйгалхо х1отторан хьокъехь хаам беш. Цу чолхечу заманахь реза боцурш хиллехь а, тахана вайна массарна б1аьрла гуш ду, Нохчийчохь х1етахь хиллачу хьолехь иза уггаре а нийса йаьккхина мехала г1улч хилар.
Инзаре эрчо йара Нохчийчохь 2000-чу шарахь. Авиатохарша къинхетамза аьтта, лаьттаца д1ашарйина г1ишлош, цкъа а цхьанна ца гинчу къизаллица ц1ийла керчон бехк боцу адамаш, х1ора дийнахь т1епаза бовш лаьтта кегий нах, б1аьрга сара кхетча санна холчахь, уьш лохуш, царна т1аьхьа бевлла, уьду декъаза наной, деэшаро г1елбина, хеназа къежбелла божарий. Да вийнарг а 1ебара волуш дара х1оьттина хьал. Цу йуккъехула талораш деш хьийза зуламхой. Дерриге а нохчийн халкъ вала да воцуш дисина даьлла, аьлла хетачу хенахь Аллах1-Делера совг1ат санна гучувелира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо уггаре а хьалха аьлла дешнаш иштта дара: «Со т1ом сацон араваьлла вац, буьрсачу т1еман ц1е Нохчийчохь кхин цкъа а ца хилийта араваьлла ву!»
ХХ-чу б1ешеран 90-чу шерашкахь дуьйна Нохчийчохь 1аламат дика вевзаш вара Ахьмад-Хьаьжа. Цхьана ханна Нохчийн Республикин муфтин даржехь болх бинера цо. Цкъа а цхьанна тосаделла дацара цуьнан дош шалха даьлла. Массарел хьалха вахабизмана дуьхьал вала доьналла хилира цуьнгахь. Халкъана ч1ог1а тайнера деш дерг а, дуьйцуш дерг а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цкъа а галлморзах долуш цахилар. Путин Владимира иза вайн республикин Куьйгалхо х1оттавар а цундела ц1еначу даггара къобалдеш т1елаьцнера Ахьмад-Хьаьжа вевзаш а, везаш а болчара. Шалхонаш йоцуш цо хецна дечу къамело а, кийтарлонаш ца лелош бакъдолчунна т1етийжаро а буьрсачу т1амо къиза 1овжийначу вайн махкахойн синошкахь сирлачу сатийсамийн суй латийра, нохчийн къоман зовкхечу кханенах тешийра.
Массо х1уманал а ч1ог1а вайн махкахошна Кадыров Ахьмад-Хьаьжехь товш дерг, цо цхьаннах а ийза ца луш, дукха майра федеральни эскаран эпсаршца деш долу къамел дара. Уьш кест-кеста д1ах1уьттура нохчийн йарташна салташка гуо лоцуьйтий, т1аккха буса сахиллалц бронетехника хехкалора урамашкахула зударий, бераш кхерош. «Зачисткаш» йо шаьш бохуш нехан керташкахула эвхьаза лелара салтий, б1аьрг кхетта жима стаг, бехк белахь а, бацахь а д1авуьгуш, лар ца йуьтуш иза къайлавоккхуш. Луьста х1уьттура и тайпа къизаллех сийса киртигаш вайна т1е. Бакъду, Ахьмад-Хьаьжина и тайпа сурт тосаделлачу маьргонехь иза цу йуьрта д1акхочура, шегахь болчу ницкъаца деэшначунна къинхетаме орца кхачадора.
Вайн махкара 1аламат дукху адам буьрсачу т1амах дедда Нохчийн Республикин дозанал дехьа даьллера шайн синош довдийна. Царах дукхах берш Г1алг1айчохь четаршкахь д1атарбеллера. Уьш ц1аберзоран хьокъехь а г1айг1а бира мехкан куьйгалхочо, царна массарна бег1ийла петарш кечйина.
Кхин а ч1ог1а мехала г1уллакх дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ц1аберза луучу т1емалошна некъамаршо йаккхар. Вайна массарна гина ду шайн карара герз охьадуьллуш дуккха а к1ентий машаречу новкъа бовлар а, 1едалера кхин зен-зулам доцуш уьш ц1абирзина доьзалшца баха ховшар а. Цхьана а кепара щеко йоцуш иза Кадыров Ахьмад-Хьаьжех даьлла беркат дара. Дукха нахана цунах мерза кхаъ хилира. Гуш дара мехкан куьйгалхо ц1еначу даггара араваьлла хилар а, шен халкъан сингаттамаш а, баланаш а цуьнан экамчу сих хьекхалуш хилар а. Бакъду, иза цкъа а вацара шена цхьанна хетачунна т1ег1ерташ а, шена хетарг т1едаккха лууш а. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа х1ора ког халкъах дагаволуш боккхуш вара. Цунна къеггина тоьшалла ду 2003-чу шеран бекарг беттан 23-чу дийнахь д1айаьхьна референдум а, т1еэцна Конституци а. Шарахь сов кечамаш бира референдумна. Цхьа хаттар дара халкъан кхиэле диллинарг: Нохчийн Республика кхиаран кхин д1аболу политикин некъ. И хаттар дийцаре дира шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь, йуьртахь, школашкахь, больницашкахь, институташкахь, йукъараллин цхьаьнакхетаршкахь. Мискачу адамийн дагара хиъча, ца сихвелира Ахьмад-Хьаьжа референдум д1айахьа. Цо нохчийн къоман гуламе кхайкхира халкъан векалш. Гуьмсехь 2002-чу шеран г1уран беттан 11-чу дийнахь д1абаьхьначу гуламехь массара т1еч1аг1дира референдум хила йезаш хилар а, Нохчийн Республикин Конституци т1еэца йезаш хилар а.
Нийса хир дацара дерриге а дуьйцуш санна шера д1адоьдуш дара аьлча. 1аламат дукха мостаг1ий хиллера нохчийн халкъан. Цара к1езиг къа ца хьийгира Нохчийчуьра т1ом кхин а марсабаккха лууш. Кхин долу зуламаш ца хьехийча а тоьар дара вайн мостаг1аша 2002-чу шеран г1уран беттан 27-чу дийнахь дина зулам. Б1е гергга стаг х1аллак хилира цигахь. Чим хилла йегира Нохчийн Республикин Правительство чохь хилла г1ишло. Дукха нах заь1ап бисира. Дукха нехан дегнаш 1овжийра. Делахь а церан ницкъ ца кхечира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхерон а, йуьхьар лаьцначу 1алашонна т1ера иза ваккха а.
Нохчийн Республикехь референдум д1айахьаран некъ ларамза йуьхьар лаьцна бацара къоман баьччано. Вайна массарна хууш ма хиллара, оьрсийн паччахьан 1едало масех б1е шарахь 1азапехь латтийнера нохчийн халкъ, хаддаза буьрса кхехка т1емаш бахьанехь самалха дала ца дуьтуш. Советийн 1едало вайн синошна къинхетамза йина чевнаш а йирзина йовлаза йара. Цара дегабаамаш латтабора мискачу адамийн кийрахь, Кремлерчу хьаькмашка цабезам хьекъош. И дегабаамаш марсабохуш каде хьийзаш массо а тайпана питанчаш бара, Нохчийн Республикехь референдум ца хилийта 1алашо лаьцна. Цундела халкъо ша харжам бича бег1ийла хеташ йукъадаьккхина дара референдумах долу къамел. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан тешамечу накъостийн а цхьана а кепара шеко йацара вайн махкахошна кхин д1адолчу дахарехь Россица йолу гергарлонийн з1енаш ч1аг1йан луург хиларх. Делахь а и хаттар халкъан кхиэле диллина, цунна х1орамма жоп лойла лиира Кадыров Ахьмад-Хьаьжина. Цуьнан лаам т1ехь севцира улле бевлла накъостий а.
Т1екхечира 2003-чу шеран бекарг беттан 23-г1а де. Иттеха шарахь машаречу дахаре г1ийла сатийсина нохчийн халкъ араделира къоман зовкхе боьду беркате некъ билгал баккха. Иза массарна цхьабосса Россица цхьаьна гуш хиллера. Вайн махкахоша кхаж тасарца и бакъдерг, цхьа а шеко ца йуьтуш билгал даьккхира. Цу дийнахь т1еийцира Нохчийн Республикин Конституци а. Нохчийн къоман кхане зовкхе хила лууш йаьккхина мехала г1улч йара 2003-чу шеран бекарг беттан 23-чу дийнахь д1айаьхьна референдум. Машаречу дахаре даьккхина гечо а дара. Нохчийн Республикин бахархой, Россин кхечу регионийн бахархошца, политикин а, экономикин а бакъонашкахь д1анисбира. Нохчийчоьнах къинхетамза хьаьрчина луьрачу т1еман ц1е, доь ца дуьтуш д1айайарехь хьалхара г1улч йара 2003-чу шеран бекарг беттан 23-чу дийнахь вайн махкахь д1айаьхьна референдум.
Газиева Аза