Ден-ненан ларам
Дахарехь хийлазза, ийман долуш а, г1иллакхца а болчу ирсечу нахаца цхьаьна нисвелла со. Цаьргара дуккха а пайдехь х1уманаш схьа а эцна ас. Царах цхьаннах лаьцна дийца лаьа сунна.
1980-чу шарахь, г1еххьа дег1ах сиркхо хьакха а йелла, Эна-Хишна курорте ваханера со. Цига ваханчохь, цхьана палати чохь соьца нисвеллера Г1ойт1ара а волуш, 1абдулла ц1е йолу цхьа стаг. Динах а, вайн эвлайаэх а лаьцна къамелаш деш самукъадолура тхойшиннан. Мукъачу хенахь цигахь сайна деша Къуръан а даьхьнера ас. Ас и доьшучу заманчохь, ша ханна соьл воккха а волушшехь, могаш а воццушехь, ша 1ачу маьнги т1е д1а ца тевжаш, охьа а хуий, ладуг1ура цо. Ас-м, парг1ата хила олура цуьнга, делахь а, Къуръан доьшуш, ша муха 1ийр ву д1а а тевжина, шена а йал ма хуьлу цуьнга ладоьг1ча, олура цо. Цхьа хаза г1иллакх дара цуьнгахь. Да хьалхе д1акхелхина, пхи бер карахь йисина хиллера 1абдуллин нана. Шен ненах лаьцна ч1ог1а лерина дуьйцура цо. «Тхан да кхелхича, тхан нанас йихкина йукъ, и йеллачул т1аьхьа бен, д1айаьстина йац», — олий, ша и нана хьахочохь, ч1ог1а воьлхура и, йух-йуха а. Цунах цецволура со, цуьнан ийман лекха хеташ. Цуьнан шен нахаца хиллачу марзонна цуьнца долу гергарло кхин а совдолура сан.
Сол хьалха курортера д1аваха дийзира 1абдуллин. Делахь а, д1аваханчул т1аьхьа цкъа-шозза со волчу а веара иза. Курортера со ц1авахча, сайн дех-ненах ирс-марзо оьцуш, церан хьалхачул а ч1ог1а терго йеш, гонаха хьийзара со. Цкъа сайн дега хьахийра ас сайн керла тасаделлачу гергарлонах лаьцна. «Ма ч1ог1а ийман дара цуьнгахь. Цунна эвлайааш безар а лекха хийти суна сайчул а. Амма и шен да-наний хьахийча, цуьнгахь хуьлуш долчо цецваьккхинера со. Нана хьахийча, хир хаддалц велха а воьлхий, «ма боккха болх бу оцу тхан ненан болх», олура цо. Со-м шуьшиъ, сайн да-наний, хьахийча, мелхо а дог ловзадуьйлуш ма ву, шу шинах самукъдолуш ма ву. Сан ийман заь1ап ду техьа аьлла, сайх шек ма ву со», — элира ас. Соьга ла а доьг1на, сан дас элира. (Сан да суна да хилла а ца 1аш, сан 1илман устаз а вара. Бераллехь дуьйна схьа цо сайна хьехначу некъа т1ехь нисвала г1ерташ, цунах тарвала г1ерташ схьавеана а вара со). «К1ант, ахь вуьйцуш волу хьан керла хьаша, бакъдолуш, догц1ена стаг хир ву и. Дала иштта дикалла йелла цунна. Гергарло лело мегар долуш стаг ву и. Да-нана хьахийча, хьан дог ловзадийлар – хьан да-нана тахана хоьца цхьаьна хилар ду хьуна. Хьайн дех-ненах марзо эца йиш йолуш ву хьо тахана а. Ткъа 1абдуллин и ирс хаьдда. Цундела цуьнан дог велхаре доьрзу. Суна хетарг бакъ делахь, тхо д1адевллачул т1аьхьа и х1инца цуьнгара хьал хьоьга а кхочур ду моьттуш ву со, хьан тхоьца йолчу йукъаметтигана». Иштта къамел хилира сан тхай деца Жабраилца.
Хьалхалерчу оцу 1елимнаха, муъмин наха дийцинарш кхочушхуьлуш го вайна. Х1етахь сан дас соьга кхочур ду баьхна хьал кхаьчна х1инца соьга. Х1унда аьлча, и 1абдулла санна, и тхайн да-наний хьахийча, сан к1адлуш долу дог со ийманехь ч1аг1веш ду, со динехь нисвеш ду, къоман г1иллакх-оьздангаллехь со сутара веш ду.
Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа