Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца
Ц1ийнда вала а велла, ши бер долуш ша йисча, цулт1аьхьа маре йахана зуда. И ши бер шайн долчаьргахь, шайн ц1ахь дитина цо. Цул т1аьхьа хан-зама йаьллашортта, и бераш даккхий ду, и шайн нана хьалха марейаханера бохуш, бераш нене дист а ца хуьлуш, цуьнандола ца деш, шайх и нана хьоьгуйтуш бу. Цунах лацийалахьа боху.
Вахар хала ду, дерриге там-товриг деш дац, доьзалш тергалбар доцуш, ас-со къовсий, ц1ийнда а, х1усамнана а вовшехдолий меттиг хуьлу, т1аккха цхьана дахар ца хуьлуш, и шиъкъаьста. Зуда кхечанхьа маре йоьдуш хуьлу, стага зуда йалош нисло. Велла йуьсий, бераш кхаба г1ерташ йоллузуда, йуха а шена зен хирдолчу некъах ларйаларан дуьхьамаре йахана меттиг хуьлу. Иштта оцу берашна эшамашдукха а хуьлу, и эшамаш царна хиллехь а, нана йолчуьрад1а ца йолу нана, доьзалш оцу нена болчара д1а ца бовлу. Нагахь санна оцу доьзалан даьхни а долуш, кхиа а кхиъна, и доьзалхо хилча, доьзалхо велча, цуьнан даьхни шарет дечухенахь, кхечанхьа марехь йелахь, оцу нанна цунах ирсдог1ур долуш ду. Цо гойту, царна йуккъера ненан гергарлодІадолуш цахилар. Уьш кхетаме а, хьекъал долуш а болчунахах дагабовлахьара, ненаца ийг1ина Іачул а. Дена-наннасуьдахо хила бакъо йац доьзалхочун, нана реза хуьлу аг1о лаха йеза доьзалхочо. Тоххара ма ца лехна цо со резавараьлла хетар ду доьзалхочунна, цуьнан хьекъал т1екхуьур дац, хаза 1елимстагах дага а ваьлла, динехь муха ду-те шенлелар аьлла ойла йича, меттах1уттур вара доьзалхо. Тесна йита бакъо йац, т1етт1 даха а деза, г1иллакх х1отто а деза.Цкъа а дІайер йоцу марзо йу доьзалхочунна а, нанна а йуккъехь йерг. Цундела хаза йукъаметтиг лаха йеза. Церансий ма дац дайинарг, шари1атехь шен бакъо йолу некъ бу цобинарг, и доьзалш а, нана а вовший ца хилча ца бовлу.
Шен дас-нанас оьшуш долчу х1уманна аьлла, д1ахецна латта дара. Оцу латта т1ехь х1инца цхьана наха ц1енош дина. Цунах лаций дийцахьа.
Вакъф йина меттиг йохка йиш йолуш йац, цхьаьннан а дола йаккха йиш йолуш йац. Вакъф йинчо маьждигана цоаьллехь, маьждиг дан мегар ду оцу латта т1ехь (Вакъфбохург — шен меттиг д1ахецна йитар). Оцу стага ша меттигд1ахоьцуш, цу т1ехь де аьлларг: больница, ишкол, хьуьжар, маьждиг, бежанан хьарма — цо аьлларг йийр йу. Нагахь цо и меттиг йукъара хедца йитинехь, цу т1ехь массарна пайдейолу х1ума йан йеза. Шенна дола йаьккхина ц1а дан мегардац, кхиболу нах цунах д1а а хадош. Оцу декъа т1ехь стомболу дитт делахь, х1ораммо а т1е а вахана, стом баккхабакъо йолуш хила дезаш ду иза. Цунах адамаша пайда мел оьцу, и д1ахецна йитинчу стагана «лела caг1a» (цкъа а хедардоцу саг1а) хир ду. Дала лардойла, х1ара сан долахь йуаьлла, оцу т1е охьахаарх.
Марехь йолу зуда шен денц1а йеъча, шена оьшуш йолух1ума ц1ерачаьрга хатта а ца хоттуш, д1айахьа бакъойуй?
Доьзалхочунна ден-ненан даьхнех а, ден-ненан доьзалхочундаьхнех а дакъа ду. Х1унда аьлча, вовшех ирс дог1уш бууьш, вовшийн даьхнех дакъа ду церан. Нагахь санна дас-нанас, цо эцций хиъча, хьанал йу цунна аьлла, уьш севццабелахь — хьанал йу цунна иза. Нагахь санна дас-нанас, доьзалхо т1е ма кхочийла аьлла, д1айиллина йолчух1уманна, лаха а лехна, доьзалхочо шена дезаре хьовзийча, бехке хир ву и доьзалхо, ден-ненан пурба хила деза эццахь.
Вайн дуьне цхьа шо даьлча, ши шо даьлча, духур дубохуш дуьйцу, цунах лаций алахьара боху.
Лекха волчу Дала боху: «Къематде маца хир ду бохушхьайга хаттар дича ахь ала, х1ай Пайхамар, Къематде маца хир ду хаар Далла гергахь ду», цу т1е кхуьур дац цхьа а малик, Пайхамар а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхуьур вац. Цхьана а пайхамарна а, цхьана маликана а Дала хаар делла ца хилча, и Къематде маца х1уттур ду хууш дац. Ма майра бу-кх и тайпа хабарш дуьйцуш болу нах. Дала йуьхь1аьржонах лардойла вай, Дела цхьаъ воцчунна бен цахаьа и Къематде маца х1уттур ду. Бакъду, жайнашкахьцхьацца 1аламаташ дийцина, Къематде герга деъча, х1ара хир ду, важа хир ду бохуш. Амма шо ду, ши шо ду, б1е шоду ала ваьхьар волу стаг Далла гергахь майра ву. Вай эр дациза. Х1унда? Далла бен хууш дац аьлча, кхачам бу вайна.