Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца
Ц1ийнда вала а велла, ши бер долуш ша йисча, цулт1аьхьа маре йахана зуда. И ши бер шайн долчаьргахь, шайн ц1ахь дитина цо. Цул т1аьхьа хан-зама йаьллашортта, и бераш даккхий ду, и шайн нана хьалха марейаханера бохуш, бераш нене дист а ца хуьлуш, цуьнандола ца деш, шайх и нана хьоьгуйтуш бу. Цунах лацийалахьа боху. Вахар хала ду, дерриге там-товриг деш дац, доьзалш тергалбар доцуш, ас-со къовсий, ц1ийнда а, х1усамнана а вовшехдолий меттиг хуьлу, т1аккха цхьана дахар ца хуьлуш, и шиъкъаьста. Зуда кхечанхьа маре йоьдуш хуьлу, стага зуда йалош нисло. Велла йуьсий, бераш кхаба г1ерташ йоллузуда, йуха а шена зен хирдолчу некъах ларйаларан дуьхьамаре йахана меттиг хуьлу. Иштта оцу берашна эшамашдукха а хуьлу, и эшамаш царна хиллехь а, нана йолчуьрад1а ца йолу нана, доьзалш оцу нена болчара д1а ца бовлу. Нагахь санна оцу доьзалан даьхни а долуш, кхиа а кхиъна, и доьзалхо хилча, доьзалхо велча, цуьнан даьхни шарет дечухенахь, кхечанхьа марехь йелахь, оцу нанна цунах ирсдог1ур долуш ду. Цо гойту, царна йуккъера ненан гергарлодІадолуш цахилар. Уьш кхетаме а, хьекъал долуш а болчунахах дагабовлахьара, ненаца ийг1ина Іачул а. Дена-наннасуьдахо хила бакъо йац доьзалхочун, нана реза хуьлу аг1о лаха йеза доьзалхочо. Тоххара ма ца лехна цо со резавараьлла хетар ду доьзалхочунна, цуьнан хьекъал т1екхуьур дац, хаза 1елимстагах дага а ваьлла, динехь муха ду-те шенлелар аьлла ойла йича, меттах1уттур вара доьзалхо. Тесна йита бакъо йац, т1етт1 даха а деза, г1иллакх х1отто
Read More