Оьздангалла х1ун ю а, цо х1ун меттиг д1алоцу а
Таркхойн Шовхала ша волчу хьошалг1а кхайкхина хиллабоху ц1еяххана болу к1ентий. 1уьйранна туьхий а ца тосуш, теза кхача хьалха биллина хилла цо царна: цхьаммо инкарлоца еш, хьешо буъчу барамехь кхача биъна цара. Делкъаннатуьха совдаьккхина, кхача хьалха биллина цо царна:1уьйранна шаьш ма-баъара биъна хилла цара и кхача а. Ткъасуьйранна чам тобина, тоьлла кхача хьалха биллина хиллаШовхала хьешашна: шаьш 1уьйранна, суьйранна ма-кхеттара кхачанах кхетта, севцца хилла хьеший. Т1аккха церан оьздангаллех цецваьлла, Шовхала хьаьттинахьешашка: ма тамашийна болх бу-кх шена гуш берг. Теза, дуьра, мерза цхьатерра йии-кх аш? Хьешашна юкъахьвоккхахволчу Эвтархойн Ахьмада жоп делла хилла т1аккха: тхо-м хьан шуьне чемаш хержа даьхкина даций, Шовхал. Нехан хьаьвди т1ехь дин берстар бац, нехан шуьнехь къонахверстар вац. Мел лекхара оьздангалла гойту цу дийцаро. Вайн халкъанфольклор т1ера дийцар ду иза. Иштта леккхарчуоьздангаллехь хилла вайн дай. «Хилла»,- аьлла, и ишттадита ца ло, я и иштта дита лаа а ца лаьа. Оьздангалла1адъюьту х1ума яц, «Хилла»,-аьлла. Иза гуттар хила езашю. Иза 1адйитахь а, иза ширъелла, цуьнан мах д1абаьлла юьтур яц ахь и 1ад, и 1адйитахь, хьайн мах охьабаьллий, хьайн адамалла ширъеллий бен. Г1иллакх-оьздангалла ширлуш яц. Г1иллакх-оьздангалла даима а мехала х1ума ю. Цара деш ду адамах адам. Ма-дарра аьлча, уьш хилча, адаман куц-кеп кхин а
Read More