История

НЕНАН МОТТ

Ларбелаш ненан мотт к1ентий,

Ца дойтуш вайн нохчийн сий.

Къа ду вайн т1екхуьу берийн,

Ма-барра ца бийцахь и.

Ненан мотт вайн къоман сий ду,

Вайн нохчийн ц1ийца  бу и.

Г1иллакхца, оьзда и буьйцу,

Ма дойла вайн метан сий.

Байракх йай, айба и хьала,

Хоуьйтуш вайн и ц1ийца буй.

Даггара буьйцуш и хаза,

Буур бу, и ларбан дуй.

Магомадов Мовсар