Хаттарш а, жоьпаш а шари1атца
«Нагахь санна йа да, йа деваша, Делан новкъара гал а ваьлла, шен нах йуьхь1аьржа а латтош, вуон мел долу х1уманаш шехдуьйлуьйтуш велахь, ткъа и сацо тайпанах кхинвоккханиг ца хилча, цуьнан доьзалхочо и нуьцкъаха сацавар (йа д1авихкина, йачувоьллина) Далла гергахь бехк болуш дуй? Иштта стаг, х1уъу а аьлча а, сацалуш ца хилча, цуйуьртан къедане даккха деза и г1уллакх. Нагахьсанна, цо хьехам бича а, и нис ца лахь, цу къеданойеллачу бакъонца оцу доьзалан бакъо хир йу и стагсацо, и да велахь а. Ден хьурмат цадинарш хир бац уьш. Мелхо а и Іалашварна йал хир йу царна, цуьнан зуламах нах Іалашбарна йал а хир йу царна. Йо1 ц1ент1ера ара а йаьлла маре йоьдучухенахь урдо дуьллу-кх вай. Дуьллуш долу урдоцхьаболчара дега-нене д1ало, х1ара йо1 шуьгахьйаха йезаш йу, х1ара ахча оцу йоь1ан ду олиййуханехьа ло, цхьаболчара марзахошкахьшайгахь дуьту. Ткъа цуьнца нийсо муха хила йеза? Урдо диллар шари1атехь бехкам болуш, мах цут1ехь бан безаш важиб ду.
Read More