Нохчийн меттан истори
Мотт – гIирс бу, кхидолчу муьлххачу хIуманна вай лелош болу гIирс санна, адамаша вовшийн хаамаш дIасалуш болу, олуш Iедал ду журналистан Тумчаев Адаман. Суна а цунна тIетан лаьа.
Мотт– хаам бу, иштта йукъараллин зIе а йу и. Нийсса аьлча, мотт – гIирс бу… ГIирс бу и, и ца хилча адамашна мел эшам хир бара ойла а ца йалуш болу. Маттаца вайн лаамаш буьйцу вай: дIаолу вай, схьаолу вайга. Адамашна йуккъера хаамийн зIе йу мотт. Мотт ца хилча, хIинцца вай ма-хьахадарра, ма-торру шега хаам схьакхача а, йа шегара хаам дIакхачон а аьтто хир бацара нехан. Нийсса аьлча, и аьтто гуттар а къен хир бара: и аьтто куьйга ишарца, иероглифца, йа петроглифца хила там бара вайн. Вайн, цу кепара къахьега а ца дезаш аьтто бу вовшка хаам дIакхачон. Ткъа и дерриге меттан беркат ду. Дукха хан йу нохчийн халкъ цу беркатца дехаш долу. Масех эзар шарера дуьйна схьа, беха орам бу нохчийн меттан. И орам Урарту олучу цивилизацера схьа бу. Иза Iилманчаша къобал дина ду. Нохчийн, гIалгIийн меттанашца бен, кхин цхьана а маттаца талла ца делла цу цивелизацех дисина долу йозанаш. Цо гойту вайна орамаш мел гена доьлху! Вевзаш волчу урартолога И. М. Дъяковс шен белхашкахь боху: «Хурритийн, урартийн, малхбалехьарчу Кавказан меттанаш гергара хилар билгалдаьккхина лара мегар ду» (уггаре а хьалха цо буьйцурш вайнах бу). Иштта аьлла вевзаш волчу Iилманчас-лингависта Ю.А Дешериевс а шен «Урартун а, Нохчийн а лексика, морфологи, синтаксис», аьлла болчу Iилманан белхашкахь. И.М. Дьяковс бохург тIечIаг1деш санна, оцу дакъошкахь Урартийн мотт вайн нехан маттаца чIогIа богIуш хилар хоуьйту цо. Ткъа дуккха а кхечу тайпана ойланаш йерш а нисло. Вайн орамаш Урарту доьлху, йа уьш Урарту ца доьлху аьлла, и тIечIагIдан а хIуьттур дац вай бохучу маьIнехь йу церан ойланаш. ХIунда аьлча, иштта ду и аьлла, цунна зайл тоьхна, и цу тIехь сацон кIорггера бина талламаш дукха бац Iилманчаша, йа царна и талламаш бан цу цивилизацех дисина иштта дукха йозанаш а дац, боху цара.
Ткъа ша Урарту йоккха цивилизаци хилла хилар билгал ду. Шайн дика эскар хиларе терра, дуккха а мехкаш схьалецна а хилла цара. Iилманчаша бахарехь, иза хIинца Эрмалойчоь йолчу меттехь хилла. Лакхахь цIераш йаьхначу Iиманчаша бахарехь, ткъа цо вай цу агIор Iийна хилар билгалдоккху.
Урарту цивилизаци Iамор чIогIа мехала ду историкашна, археологшна тахана. Дуккха а къайленаш йуьсуш, вайн хене схьакхаьчна вай. ХIетте а вайн эрехь дерг а ма-дарра хууш дац вайна. Маттаца доьзначун дуккха а къайленаш йисина вайна кху эрица а. БIаьвнашна тIехь, чарташна тIехь, цхьацца герагашна тIехь, иштта дIа кхечанхьа Нохчийчохь дукхазза а карадо тайп-тайпана йозанаш, хьаьркаш, петроглифаш… Цара а билгалдоккху Нохчийн мотт «селхана» кхоллабелла цахилар. Къаьсттина билгалбаккха богIу IV-чу бIешарахь гуьржаша вайна бина тIеIаткъам. Мотталлархоша йаздо, цу хенахь йина хиллачу вайн гIишлошна тIехь гуьржийн элпашца йаздина йозанаш карош хилла хилар.
Кхин а хьахон лаьа, тахана а Нохчийчохь вайна карош лаьтташ ду идеографически йозанаш а. Къаьсттина уьш карадо ширачу бIаьвнашна тIехь, чхерашна тIехь, чарташна тIехь. Тайп-тайпана и идеографаш кIезиг йац… Говзанчаша билгалдаккхарехь, гуонна йукъахь йолчу жIаро – дуьненан йиъ агIо, беккъа гуоно – абаде, иштта дIа кхин а хIуманаш билгалдохуш хилла цу идеографаша. Цундела йуха а цкъа ала йиш йу вайн, вайн къам шира хилар а, вайн къоман шен маттана оьшуш йолу билгалонаш йозанехь лелош хилла хилар а.
Пайхамаран (Делера салам-маршала хуьлда цунна) асхьабаш баьхкина Дагестане дин довзуьйтуш, бусалба дин даржадоладелла Къилбаседа Кавказехь. Дагестанера схьакхаьчна Нохчийчу бусалба дин. Дин довза, Iамон буьйлабелла нохчий. И Iамош, оьшуш хиларе терра Iаьрбийн мотт Iамон буьйлабелла уьш. Цу маттаца мелла а уьйр тасайелла. Динца дерг мелла а сина гергара хиларе терра, нохчаша Iаьрбийн алфавит тIеэцна. Ткъа Iаьрбийн маттахь элпаш мелла а кIеззиг ду, вайн маттахь долчу аьзнашца дуьстича: церан ткъе бархI аз-элп ду, ткъа вайн шовзткъе исс. Цундела, дуккха а аьзнашна элпаш карон дезаш хилла. И бахьана долуш, Iаьрбийн алфавитца дерг нисцаделла.
Цул тIаьхьа Услара Петара нохчийн алфавит хIоттийна оьрсийн графикин буха тIехь. (Досов Къеда хилла олуш берш а хуьлу цуьнца и болх беш. Амма, ас хIара статья йазйан материалаш йоьшучу хенахь со цуьнан цIарна тIе ца нисвелла). Ткъе ворхI элпах лаьтташ хилла и алфавит. Дисинчу аьзнашна элпаш лоьхуш, кхечу къаьмнийн алфавитах пайдаэцна цаьршимма. Уьш хилла латийнин а, гуьйржийн а элпаш. Цо бинчу балха тIехь йоза Iамош «Буьрса» гIалахь схьайиллина школа а хилла.
Цу школехь дешархоша сихха лаккхара кхиамаш бохуш а хилла. Цу хенахь а, цул тIаьхьа а нохчий шайн амале берзон, царна шайн идиологи дIакхачон йоза Iамон гIиртина хилла олу уьш. Иза иштта хирг хиларх теша а теша. Церан Iалашо нохчашна шайн амал, лелар чудилла Iалашонца хиллехь, йа ца хиллехь, Услара а, и санначара а бина и болх бахьана долуш, дешарехь мелла а кхиадоладелла вайн халкъ. Цундела, вайна хаа деза цунах вайна баьлларг пайда буй.
ЧIогIа мехала хилла цул тIаьхьа 1908-чу шарахь Эльдарханов Таьштамира хIоттийна абат. Оьрсийн графикин буха тIехь хIоттийна хилла иза. Цхьацца хийцамаш хиллехь а цу тIехь, коьртачу декъана Услара Петара бинчу белхашна тIехь бина хилла цо и болх. Дуккха а цуьнан графика аттачу йаьккхина а хилла цо. Услара гуьржийн маттера тIеэцначу элпийн билгалонийн меттана цхьацца оьрсийн элпаш а тIеэцна хилла цо, цхьаццадолчу элпийн билгалонаш иштта дIа а йаьхна Таьштамира. 36 элпах лаьтташ хилла и алфавит. Цул тIаьхьа 1911-чу шарахь йуха арайаьккхинехь а Таьштамиран абат, амма, Услара бина болх санна тIе ца эцна иза, йа иштта шуьйра баржа а ца баьржина Таьштамаран болх.
Йуха а Iаьрбийн алфавита тIедевлла. 31 элпах лаьтташ хилла и йерриге алфавит. Вай лакхахь ма-хьахадарра, ткъа иза вайн маттахь долчу аьзнашка хьаьжча, Iаламат кIезиг хилла. И бахьана долуш, йазйечу хенахь дуккха а хьаьркаш йахка йезаш хилла. Оцо чIогIа халчу доккхуш хилла йоза. Оцу йерриге а халонашца, 1910- гIа шо кхаччалц цу алфавита тIехь хилла нохчийн йоза. Оццу 1910-чу шарахь Гайсумов Соипа цу алфавита тIехь книга арахецна. Цу книги тIехь цхьацца хийцамаш а бина цо. Цо бина и болх бахьана долуш, цхьацца вайн элпаш доцуш долчу аьзнашна элпаш а карийна хилла. Цу алфавитан а ца хилла беха кхоллам. Цул тIаьхьа иттех шаре бен ца йаьлла и книга а. Нийсса аьлча, 1920-чу шаре кхаччалц хилла цуьнан кхоллам. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча, 1921-чу шарахь соавтор А.Турчаев а волуш, Эльдарханов Таьштамира йуха оццу алфавита тIехь абат арахецна. Йуха цхьацца хийцамаш бина а хилла цо цу абата тIехь. И абат а ца йаьлла цхьана шаре гергга бен. ХIуъа дича а, дIанислуш ца хилла алфавитца дерг. Оццу шарахь Сугаипов ШахIаба хийцамаш бина йуха а цу тIехь. ХIинца хаъал элпаш сов девлла а хилла. Уьш 39 хилла. Цу хийцамашна тIехь севцца мелла а хан-зама йеана.
Советийн Iедал тIедеанчул тIаьхьа нахана йоза Iамон гIерташ къахьегна Iедало. Цу хенахь хьалхадаьккхинарг хилла «Дуьненайукъара революци» а, «Малхбузехьарчу къаьмнашна пролетариат» а бохург. Вай лакхахь ма-аллара, шайн идеологи чекхъйаккхархьама хилла церан нахана и йоза Iамон гIертар. И дерриге латинийн алфавита тIехь дан хьийзош а хилла. Цхьайолчу республикаша тIеэцна хилла латинийн алфавит. Ткъа Нохчийчохь цу алфавита тIедовларна дуьхьал хилла нах. Къаьсттина дуьхьал хилла динан дай. И бахьана долуш, цкъачунна чекх ца долуш дисина хилла и гIуллакх.
1925-чу шарахь нохчийн областан президиуман ЦИК-хь тIе а чIагIйина, тIеэцна Ошаев Халида, Сельмурзаев Мохьмада кечйина латинийн графикин буха тIехь йолу нохчийн алфавит. 1927-гIа шо кхаччалц вайн газеташ оьрсийн, Iаьрбийн, латинийн графики тIехь арадийлина. Амма, 1927-чу шарахь дуьйна йоза дерриге а латинийн графики тIехь сецна.
Шайн идеологи чекхъйаккхархьама, вайна шайн йоза Iамон гIерташ хилла уьш аьлла, вай лакхахь билгалдаьккхинехь а, Iаьрбийн маттехула нохчашна хуьлуш болу тIеIаткъам йухатоха шолгIа Iалашо а хилла церан. Церан цу Iалашонехь кадаккха санна, латинийн графика Iаьрбийн графикел дуккха а атта хилла. Йоза йаздар гуттар атта каредоьрзуш хилла.
Цул тIаьхьа, мелла а хан йаьлча, йуха а Iедало шайн хьалха хиллачу лаамашна, хьежамашна, тIеберзабо шайн лехамаш. ХIинца церан интернационализм, малхбузехьа йолу пролетаризм боху хIума оьрсийн патриотизм бохучу кхетамца хийцало. Йозуш йолу республикаш кириллицин графикин буха тIехь хила йеза боху кхетам хуьлу церан хьалхабоккхий. Иза дерриге а кхидолчу кегийчу къаьмнашна Россех дIаэн атта хилийта а хуьлу церан. ЦИК-н къаьмнашкахула йолчу кхеташонехула низам доккхий, и дерриге а халкъера долуш санна, «халкъийн дехаршца», бохуш, оьрсийн графики тIедоккху цара йоза. Иштта, 1938-чу шарахь тIеэцна йу тахана вай лелош йолу алфавит.
(Дагадаийта лаьа, 1990-чу шерашкахь йуха а латинийн графикин тIедовлар дийцаре деш хилла хилар. Амма, вайна ма-хаара цунах а гIуллакх ца хилира.
Пайдаэцна
И. Ю. Алироевн,
Р. В. Гудаевн книгех.
Банжаев Аьрзу