Къонахчун весет
Буьрсачу тIемаша,
ГIайгIане ва эгош,
Адамаш бIарздина,
Вайн дуьне Iарждира.
ХIораммо каетташ,
Бакъ-харц а ца къестош,
Бух боцчу Iинна тIе
Нохчийн къам кхачийра.
Къомаца дIаийна,
ГIайгIано лецира,
Ас орца дехарца
Вайн Деле кхайкхира,
Къам балех даккхаран
Некъ аса лехира,
Дехарна жоп делла,
Дала некъ гайтира.
Да-нана резадан
ГIодайукъ йихкина,
Со ара велира,
Бакъонах герз дина.
«Дала бакъо толайойла», –
Ас кхайкхам бинера,
И дагца тIеэцнарг
Сан некъа хIоьттира.
«ТIом сацо ца веъна…
Чекхбаккха веъна со», –
Вайн къоман паргIато –
Ас лехна Iалашо.
Сан весет ду шуьга,
Бакъонан доладеш,
Харцонах бакъо йан
Цкъа а ма хьовсалаш.
Сан некъ бу КъуръIанца,
Суннатца буьстина,
Кураллин ачонах
Аш иза ларбелаш.
Сайн дахар махкана
ДIаделла дуьззина.
Дуьненахь йитна лар
Аш йиц а ма йелаш.
Вайн Дала деллачу
Доккхачу ниIматах,
Ирс оьцуш, комаьрша
Дахалаш шу бертахь.
Массо а къаьмнашца
Барт болуш хилалаш.
Дозаллаш дарца шу
Сий айдан ма гIерта.
Ийманца, собарца,
Бакъонца йахь хилахь,
Сий долуш, йуьхь йолуш
Дехар ду лаьтта тIехь.
ХIоранан хьакъ лардеш,
Машар аш кхайкхабахь,
ТIом боцуш, синтеме,
Хир йу шун тIаьхье а.
Делан дош, суннат а,
Ларделаш, довзалаш,
Бакъонца сан новкъахь
Чекхдовла хьовсалаш.