Эвлайаийн г1иллакхаш
Дозаллица хьахадо вай вайн махкахь эвлайааш хилла хилар. Цара дина некъаш, церан г1иллакхаш а дуьйцу. Уьш дуккха а хилла вайн махкахь.
… 1990-чу шарахь бакъдуьнена д1авахана Эвтарарчу эвлайаан г1овс 1авдин 1елин к1ант Хьусайн. Эвлайаэх стаг вара и, олу цуьнан хьокъехь къамел хилча, и вевзаш хиллачара. Махкахь дика вевзаш хиллачу 1елимстага Жимчу Атаг1арчу Мадин Махьмуда, 1992-чу шарахь телеэфирехь, шен къамелехь цуьнан г1иллакхаш дийцира, 1илманна т1е а тийжаш, эвлайаийн г1иллакхаш долуш вара Хьусайн, аьлла. Тахана оха зорбатуху Хьусайнна уллехь, цуьнан дахаран некъ хаддалц, цунна накъост хилла лаьттинчу Заурбеков Мусан къамелан цхьа кийсак. 1авдин 1елин мурдаша а, доьзало а и ларарца «Азака» олий йоккхура цуьнан ц1е.
Хьусайн (Азака) дуьненчу ваьлла 1924-чу шеран май баттахь, шен да 1авдин 1ела (шайх Митаев 1ела) муьжгийн 1едало лаьцначул т1аьхьа цхьа бутт баьлча. Хьусайн шен ненан фамили – Сулейманов – лелош вара. Бердк1елара йара иза. Амма х1етте а дуьненчохь цо мел йоккхучу хенахь КГБ-н белхахоша т1ехь леррина «терго» латтош вара иза, 1елин к1ант хилар бахьана долуш. И муха терго йара, муьлхачу халонех чекхвийла дийзира цуьнан шен дахаран новкъахь, газетдешархошна довзийта таро хир йу вайн.
2. Хьусайна (Азакас) олура: «Шаьш лелаш долу некъаш оьзда хилийта».
Тхойшиъ вог1уш-воьдуш тидам бора ас цуьнан леларан. Дуьхьалкхеттачу, бевзачу нахаца, х1оранца цу стаге хьожжий, жимачуьнца воккхаллица, ц1ера баккхийнаш хоттий, воккхачуьнга жималлица, цуьнан хьаште хьожий, саг1ийна х1ума кховдайой а, цуьнан дог хьостий, нийсархо велахь, цуьнга дан дог1у къамел дой, жима бер делахь, цуьнан коьртах куьг хьокхий, барт бокккхий, бераний, цуьнан нанний там боллу дешнаш олий, вистхиларца, иштта дара цуьнан г1иллакхаш. Г1ийлачуьнца, дог хьостуш хуьлура цуьнан къамел. Хьаькам велахь а, хьолада велахь а г1ийлачуьнца болчул совбоккхий ца хуьлура цуьнан цаьрца болу лерам. Ша стаге вистхуьлуш, цуьнга салам луш, цуьнан йуьхьа дуьхьал хьожий, велакъежий, хуьлура иза. Стаге ша къамел дечу хенахь, цуьнан йуьхьа дуьхьал хьожуш дора цо къамел. Цунна хаьара, ша дечу къамелах оцу стага пайдаэцахь а, ца эцахь а. Цундела, оцу стаге дан дог1уш доллу къамел дора цо, совнаха цхьа х1ума доцуш. Шегара д1аоьцучунна, хьехар дора цо. Ша дина хьехар д1а ца эцначуьнга, ша бохург х1унда ца ди ахь, олий, цуьнга бехк а ца боккхура цо, йа и стаг йухатоттий, цунна цатам а ца бора цо. Ша бохург а ца дина, оцу стеган х1ума галдаьлча, ас элирий хьоьга, бохуш, оцу стагана вас ца йеш, и стаг нийсачу новкъа ваккха, йуха а хьехар дора цо. Цундела, Азакас дина къамел, цуьнан хьехар, дагчу дижна, дахарехь серло хилла лаьтта, мичча хенахь а, и карладаьккхича, дагна пайда болуш, хьуна некъ хьоьхуш, хуьлу.
Лулахошца дика вара Азака, уьш муьлххачу къомах белахь а, муьлххачу вирдехь белахь а. Цара шега цхьаъ аьлла, шена халахетар динехь, и бахьана долуш цаьрца гамо лелош вацара иза. Царна оьшучохь, ша дича, хуьлуш долу г1о деш а вара иза. Бакъду, совдерг дуьйцуш, цаьрца къамел деш, уьш шеца эвхьазбохуш, цаьрца чу-каре лелош вацара иза. Цаьрца, хила дог1уш долччу г1иллакхехь вистхуьлура, кхин совнаха къамелаш ца дора.
Гергарчу нахаца дешан хьалхе къуьйсуш вацара иза. Цаьргара шена цатам баьллехь, цхьаьнгга а, и дуьйцуш а вацара иза. И бахьана долуш, уьш йухатоттуш а вацара иза.
Къурайшийн тайпанах а, эвлайаийн т1аьхьенех а болчу нахаца леррина гергарлонаш лелош вара Азака. Шен ницкъ кхочучу барамехь, царна г1о деш а вара. Цаьрга олуш долчу хазачу дашца, царна там беш, уьш лоруш а вара иза.
Шена бевза-безаш болчу нехан керта воун деъча, вер-ваккхар хуьлийла иза, йа 1едало бехк боцуш хьовзийна хуьлийла иза, йа цамгаро хьовзийна, лоьрийн дарба дезаш хуьлийла иза, шен ц1е нехан бага ца тосуш, и г1уллакх ден долчуьнга олий, церан г1уллакхе хьожуш вара иза.
Шен карадеана дуьненан даьхни саг1ане хьовзош вара иза. Цо саг1а лора г1ийла-мискачу нахана, т1ера да велла дисинчу байшна, Делан дуьхьа лелаш, 1илма 1амош а, иза хьоьхуш а болчу нахана. Азакас олура, саг1а даккхарехь хилалаш, аш д1алуш долу саг1а, шун рицкъа эшийна дац шуна. Къинхетаме волчу Аллах1-Дала, оцу нахе, и рицкъа д1акхачош Ша воллушехь, комаьршачу нахах къинхетам бина, цара лелочух царна беркат хилийта, комаьршачу нахе ло даьхни. Цара, кхачо ма-деззара мискачу нахе и даьхни саг1ийна д1акхачийча, Дала кхин а совдоккху церан даьхни, олий.
Хьошалг1а тхо дахча, тхо жимма совцур долуш хилча, х1усамден тароне хьожжий, цаьрга совнахдерг ца леладайта, чохь бежана лелош уьш белахь: «Ч1епалг дан таро хир йарий вайн, олий, йа т1о тоьхна берам, шура тоьхна чай дагадеана вара со, и таро хир йуй вайн, кхин сов даккхий х1ума ма леладелаш, аш леладахь а, со мотт д1а тухур болуш вац шуна», – олий, церан сапарг1атдоккхура цо. Нагахь тхо т1едиссина хьеший таро йолуш белахь, церан лаамехь дуьтура цо кхача кечбаран г1уллакх. Шена дагаеанарг, х1усамнене, х1ара-иза йан карах дер дарий хьан, олура цо. Ткъа цунна, Азакас иштта аьлча, боккха кхаъ а хуьлура. Хьалха йиллинарг цкъа-шозза ша кхалла ма кхаьлли, х1усамнене: «Хьенех, деллахь ма хаза чам бина ахь кхуьнан», олий, цунна там бора.
Азакас олура, тхан дас 1елас олуш хилла, шаьш цхьанхьа нехан чу дахча, уьш кхача бууш йа шайна кхача кечбеш шаьш т1екхаьчча, цу чохь охьа а хаий, кхача ма баа, шуна кечбина кхача бац иза, шайн доьзална кечбина кхача бу иза. Церан шун ма дохаде. Гуттар ч1ог1а, х1ума йаа аьлла, уьш хьовзахь, охьахаий, к1еззиг х1ума а кхаллий, 1ад 1е. Шу дог1ий хууш, йа шу даьхкинчул т1аьхьа кечбина кхача белахь, и кхача баа, дукха сутар а ма довла, олий.
3. Азакас олура: «Х1инцца чу хьеший бахка безаш санна, х1усамехь ц1ена 1е. Бехке хьаша веъча, цунна дуьхьалвала йиш йолуш, духар леладе шайна т1ехь».
Азакин нанас Айзана олура: «Хьеший, буьйса йукъал т1ех йаьлча, д1абаханехь а, чуьра пхьег1а д1а а йаьккхина, йилина, нуй-горгам диний бен, д1а ца дуьйшуьйтура тхо Лабазера (Аккера) дас (Велис-авт.). «Йилаза йисинчу пхьег1ане чохь буьйса йаккхийтича, цу чохь жинаш дежа. Цул т1аьхьа цу пхьег1и чохь кхача биъча, жинийн цамгар кхетарна кхерам бу. Ц1ена йоцчу х1усаме малик ца дог1у. Малик ца дог1учу х1усамехь беркат лаьттар дац».
Х1ума йууш бисина кхача, бепиган цуьргаш, нехаш йуккъе ма кхийса, ц1ент1ера беркат д1адер ду. Бежанна, котамна д1алуо. Ц1ент1ехь уьш йацахь, охьадоьдучу хи чу кхосса, бисмилла а алий, ч1ерийн даар хуьлийла хьох, алий. Йа ц1еначу лаьтта охьадилла, олхазарийн даар хуьлийла хьох, алий. И шун саг1а а хир ду, лелочух беркат а хир ду».
Азакица, гена д1асавоьдуш, тхойшиъ ц1ерпошта т1ехь нисвелча, дийнахь, мотт биллина, д1авижина 1ийр вацара иза. Йа пижама а йухий, парг1атволий а ца 1ара. Х1инцца ша волчу хьеший бахка безаш санна, мотт д1а боккхийтий, стол д1а ц1анйойтий 1ара иза. Х1ума йуучу ханний бен, стоьла т1ехь йуург а ца хуьлуьйтура. Дийнахь-бусий тхо д1аихнехь а, х1инцца тхо чоьхьа девлча санна, ц1ена хила йезаш йара купе чохь. Тхо д1акхаьчна, охьадуьссуш, цхьа а х1ума охьакхуссий ца йуьтуьйтура, йерриге а нех, кехат нехийн йаьшки чу кхосса йезаш хуьлура.
Нагахь хьешац1а чохь тхо севццехь, цу чохь а иштта хьал хила дезаш дара. Цу чуьра арадовлуш, тхо цу чу доьлхуш ма-хиллара, мотт-г1айбий, массо а х1ума д1анисйина, чоь ц1ена хила йезаш йара. Цкъа Алма-Ата шахьарахь хьешац1а чуьра тхо арадовла кечам беш, мотт д1а а нисбина, пхьег1аш йилина, нуй хьокхуш, дагадеара суна, х1инцца дог1анаш д1а а делла, чуьра ара ма-девлли, мотт-г1айбий хуьйцуш, ц1ано йийриг хилча, оьшурий-те х1ара лело, аьлла. Вела а велла, соьга схьа а хьаьжна, Азакас элира: «Вай кху чуьра ара ма-девлли, мотт-г1айбий а хуьйцуш кегор йолуш хилча, х1унда йойту-те х1ара ц1ано, бохуш хир ву хьо хьайн дагахь? Вайша кху чуьра араваьлла д1авахча, ц1ано йан кху чу йог1ур йу кхеран белхало, иштта чохь ц1ена карийча, х1орш х1ун нах бу-те, муьлш бу-те, аьлла уьш дуьхе кхиахь, вайн нохчий хилар хиъча, вайн къомах а ц1ена ойла кхоллалур йу кхеран, кхин х1умма а ца хилча а, вайн къомах дикачу аг1ор цхьа дош алийтаран дуьхьа а мегар ду хьуна х1ара ц1ано йан. Вуьшта, вайшиъ лелачохь, вай девзаш берш а нислур бу, вай ца довзахь а, нохчийн халкъана олуш дерг диканиг алийтар а ду, хьайна оьзда а ду хьуна иштта лелча.
Стаг чуьра дуьйна д1а ойла ц1ена йолуш, къамелаца а, леларца а, духарца а, оьзда волуш хила веза, олуш хилла тхан дас 1елас», – аьлла, шен къамел дерзийра Азакас.
Азакех лаьцна таханлера къамел дерзош, вайн динан а, вирдан а вежаршка ала лаьа: «Х1ара «Эвлайаийн г1иллакхаш» цкъа деший ма 1елаш. Аш хатталаш шайн сига, дуй техьа соьгахь ишттачу г1иллакхех г1иллакхаш? Ткъа нагахь дацахь, цу г1иллакхашца нисдала хьовсалаш!Заурбеков Муса