Вопросы и ответы по Шариату

ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А – ШАРИ1АТЦА

Ас айса къа а хьегна, эцна дакъа ду. Сайн йо1аца 1аш йу со. Вуьшта, сайн верасаш а бу сан. Со х1инцале а саготта йу, со йеллачул т1аьхьа и дакъа бухабуьсучара къуьйсур дуй-те аьлла. Нагахь санна, со дийна а йолуш, х1окхунна я оцунна дуьту ас сайн дакъа, аьлла а долуш, и дакъа къийса бакъо йуй церан со д1айаьллачул т1аьхьа? Дакъа дех дисина хилча а, царна йуккъехь цхьа а башхалла йуй?
Шен дех дисина декъа т1ехь 1аш хуьлийла и зуда, тахана оцу зудчун верасаша барт бинехь, хьайл т1аьхьа, хьайна луучун дала а, дохка а, хьайн бакъонехь йити оха хьо, тхайна кхочуш долчу оцу декъана аьлла, нахана а хууш, цара и дош аьлча, т1аккха шен луург дан бакъо хуьлу оцу зудчун. Цара и аьлла а доцуш, хьо йаллалц кху декъа т1ехь яха хьайна, аьлла, йитина йолчу цо и кхечуьнан дола даккхахь, цо весет йаздича а, весет д1аг1ур дац цуьнан, тешаш а болуш, цо и д1ало аьллехь а, и д1адалар хир дац, х1унда аьлча, шен долахь дерг дац цо луш дерг.
Масала, оцу зудчо ша эца а эцна, ша ден а дина долу дакъа, ша дийна йолуш, гарманан арахь 1аш волчу г1азакхичунна а дала бакъо йу цунна.
Ткъех шарахь сов, сайн ц1ийндеца цхьатерра къа а хьоьгуш, сайн марзахойн кертахь а доцуш, сайн ков-керт дина ас. Цу ткъа шарахь цхьаьна 1аш, доьзалхо ца хилла тхан. И бахьана долуш, со цу кертара арайаьккхина. Сан цхьа а бакъо йуй оцу айса къахьегначу меттигана?
Зудчунна мел оьшуш долу х1ума латтор т1ехь ду ц1ийндена. Иштта долушехь, шен ц1ийндена улле а х1оьттина, къахьегна цу зудчо. Оцу ц1ийндена мА-дарра гуш а ду цо хьоьгуш долу къа.
Тахана дуьненчохь и шиъ цхьаьна а дехаш, доьзалхо а воцуш, и стаг велча, цара цхьана вовшах диттинчу даьхнех, кепекан мах хадо йиш йолчу дерриге х1уманан мах хадийча, оцу зудчунна цуьнан даьхнех доьалг1а дакъа дог1у шари1атехь. Нагахь санна, и зуда йеллехь, доьзалхо а воцуш, оцу стагана зудчун даьхнех нийсса ах дакъа дог1у. Цундела, оцу белхашка а хьаьвсина, ша хьегначу къинна т1ера йаьккхина-кх ас х1ара аьлла, адамалла хьалха а йаьккхина (йа цуьнан, йа кхуьнан бехкана йоьхна хуьийла и, оцу стага, ойла а йина, цу зудчо хьегначу къинна доьххург д1адала деза. Нагахь санна, и схьа ца лахь, 1едалан суьдехула шена дог1ург схьадаккха бакъо йу оцу зудчун.
Шен даьхни йухалург цхьангеа луш, йа закъалтана х1ума а йиллина, йухалург луш лело беза некъ муха бу?
Гатвелла волчу стагана г1о деш, цуьнга юхалург даьхни далар – цунна г1о дар ду, саг1ийна делча санна, Делера ял а хир йолуш, оцу даьхнех шена са а ца лоьхуш, и луш делахь. Амма ша билгалйинчу хенахь и д1адалар г1иллакхехь ду. Ткъа и шен хеннахь д1адалар ца нислахь, даьхни долчу дега хаийта деза шен и д1адала цанисдаларан бахьана.
Даьхни йухалург луш, д1айазде боху вайга Дала. Х1унда аьлча, адаман вицвалар а хуьлу. Амма и йоза тоьшаллина ца х1утту, х1ума дагадаийта йаздеш ду и. Ткъа даьхни д1алучу хенахь шиъ теш х1оттаве боху.
Закъалтана х1ума йиллар – тешам хилийтар ду. Механа йеза йолу х1ума закъалтана а йуьллий, даьхни йухалург луш меттигаш нисло. Цо лоьхург х1ун ду? Шега аьллачу хенахь и декхар йуха ца дерзадахь, нагахь санна закъалтана йиллина х1ума йоьхкича, цуьнан даьхни меттах1уттур долуш делахь, и йохка а йоьхкина, дисинарг и закъалтана х1ума йиллинчуьнга д1адала деза цо, шен даьхни цунах схьа а эцна. Ишттачу некъаца лелаш ду нахана йуккъехь закъалт.
Йо1 маре йоьдуш, и ц1ера арайаккхале цуьнца махбар, бехкам болуш ду йа дац?
Бусулаба дино лоьхург х1ун ду аьлча, йо1, шен ц1ера арайалале, дас махбар ду, да вацахь, цу йоь1ан велис. Х1унда аьлча, махбаза а болуш, оцу зудчунний, стаганний йукъа эвхьазло йолахь, цара йеш йерг хьарамло йу. Цундела, уьш ларбархьама, и зуда д1айигале махбаран сихо йан йеза.
К1анта а, йо1а а захало дуьйцучу хенахь, тешамна кара х1ума (ч1уг, йовлакх и.д.кх.) луш йу вайн нохчийн 1алатехь. Вайн цхьайолчу меттигашкахь тешамна йо1а к1антана куьг карадалар а ду лелаш. Цхьаболчара т1е а эцна лелаш ду и, ткъа кхиболчара аьттехьа а ца дуьту и. Бусалба динца дог1уш дуй куьг карадалар?
Нохчийн халкъ бусалба дин т1еэцале, шен 1адаташ а, г1иллакхаш а долуш, дехаш хилла. Дин вай т1еэцначул т1аьхьа, цу динца дог1уш доцу 1адаташ а, г1иллакхаш а вайна йуккъера д1а а дохуш, схьадаьхкина вай. Бусалба динна новкъарло йолчух ду зудчо, тешаман ло ша аьлла, ша долайалаза волчу стеган куьг шех хьакхадалийтар. Ша кара х1ума йала лууш йелахь, ч1уг, йа йовлакх дала деза. Иза а уллохь йа к1ентан, йа йоь1ан аг1ор цхьа теш а волуш йала йеза. Кара куьг далар бусалба динехь бехке ду. Цунах лардала деза вай.
Нагахь санна йа да, йа деваша, Делан новкъара гал а ваьлла, шен нах йуьхь1аьржа а латтош, вуон мел долу х1уманаш шех дуьйлуьйтуш велахь, ткъа и сацо тайпанах кхин воккханиг ца хилча, цуьнан доьзалхочо и нуьцкъаха сацаво (йа д1авихкина, йа чувоьллина) Далла гергахь бехк болуш дуй?
Иштта стаг, х1уа аьлча а, сацалуш ца хилча, цу йуьртан къедане даккха деза и г1уллакх. Нагахь санна, цо хьехам бича а, и нис ца лахь, цу къедано еллачу бакъонца оцу доьзалан бакъо хир йу и стаг сацо, и да велахь а. Ден хьурмат цадинарш хир бац уьш. Мелхо а и 1алашварна йал хир йу царна, цуьнан зуламах нах 1алашбарна йал а хир йу царна.