ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А – ШАРИ1АТЦА
Х1усамненаца барт ийг1ина хилча, иза йита билгалдаьхна бахьанаш дан а дуй?
Билгалдинчу бахьанех коьрта бахьана ду зуда ц1ийндена муьт1ахь цахилар. Оцу чудог1уш ду кхидолу бахьанаш. Ц1ийндена муьт1ахь цахиларна т1ера д1айуьлало кхин ледарлонаш. Делахь а зуда йита сихвала ца оьшу, ма-хуллу хоьстуш, хьехар деш кхето хьажа веза. Сихвеллачохь зуда йита а йитина,йуха дохковаьлла хьийзачул,и кхето хьажар г1олехь карор ду. Дала барт лойла вайна.
Декхар доккхуш йа д1алуш маьрк1ажэал т1аьхьа дала мсегаш дац олу. Ахь х1ун доплур дара цунна?
Шен д1адала вовшахкхеттехь, ламаз хьелуш дацахь йа х1ума йаа хиъна, йукъахваьлча,цуьнах дег1ана эшам хуьлуш бацахь,хенаш ца йетташ, ма кхуьу сиха д1адала деза декхар.
Ша валале ц1ийндас весет дина зудчуьнга,шен кошан барз ц1ена латтабе аьлла. Цуьнан весет кхочушдан кест-кестта цуьнан коша т1е йаха мегар дуй?
Ч1ог1а б1обоьлла хилла цу стеган шен зудчух, цуьнан дехар кхочушдан деза. Нехан божарийн б1аьрг т1ехь соцур боцчу кепара кечйелла,шен нийат а дина йахча,сийлахь хир йу. Кир а тухуш, хьаха а хьохуш, тодан мегар дац каш,гонахьара къух д1а а доккхуш,дола дан мегар ду.
Стага шена вевзачуьнгара,йа гергарчаьргара,йа накъосташкара,ваха а воьдий, шега лохьа олий,декхар доккху,ша х1окху хенахь,цхьа бутт йа и бутт баьлча,д1алур ду олий.
Цул т1аьхьа ханзама йаьлча,цуьнан и декхар д1адала йиш ца хуьлу. Ткъа декхар д1алучу хенахь ахчанан мехаллин барам лахара хуьлу, цунах шена х1умма а ца йог1у, олу ахча деллачо. Ишттачу хьолехь х1ун дан деза?
Дуьненчохь бехаш болу нах вовшашна г1оьналлина, накъосталлина,вовшашка хьашто йолуш кхоьллина Дала. Дикачех диканиг ду духалург даьхни далар.
Далла гергахь йал а йолуш,саг1ийна делча санна,деза ду бусалба вешина г1одар.
Бакъду,шен заманчохь декхар д1алойла ца хуьлуш меттигаш дукха нисло. Йиллина йолчу хенахь декхар д1адезаш и стаг т1аьхьаваьлча,деллахь,ма готтехь вара со,цхьа аьтто хиллалц собар дехьа, бохуш велахь,собар дар мелехь ду. Дала вайна Къуръан чохь билгалдина ду: декхар т1ехь долу стаг готтехь велахь,и хьовза ме велаш,аьлла. Цунах доьзна,декхаран дас и 1ад витахь,цо цунна д1аделла долу декхар хилла лаьттар ду иза. Амма,со х1инца гаттехь ву, х1ара ца хилча сан йиш йац, бохуш,шен декхар схьадоьхуш да велахь,оцу заманера дуьйна и декхр схьадоьхуш да велахь,оцу хаманера дуьйна и декхар т1аьхь долу стаг нехан даьхни, нуьцкъащкха схьалаьцна,сацийнарг хуьлуш ву. Цу хенахь дуьйна оцу даьхни охьаболу мах и декхар сацийна 1аш волчу стагах хьаьрчар бу. Нехан даьхни эрна,зен дойуш ву иза. Мах токхур бу цо,нагхь и шегара схьабехахь. Х1инца ахь схьа ца лахь,со зене хуьлу х1окху дийнера дуьйна схьа ца лахь, со зене хуьлу х1окху дийнера дуьйна схьа,хьо соьга харц луьйш ву аьлла,ахчанан да девне ваьлча,хилла долу зен меттах1отто дезар ду декхар т1ехь долчо. Оцу ахчанан мах:йалтийца жижигца хьесап деш,д1алучу заманчохь цуьнах дог1уш хилла долу йалта хуьлийла, жижиг хуьлийла,цуьнца дуста а дуьстина д1адала деза. Вукхо схьадоьхуш а долуш,и сацийна 1ийна ца хилча, ша схьаэцнарг д1аделча, вер ву декхархо.