Вопросы и ответы по Шариату

ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А – ШАРИ1АТЦА

Жима бер делча, йо1, йа к1ант хуьлийла и, боьршачу стагана мел жимачу йоь1ан дакъа лийчо мега, ткъа зудчунна мел жима божабер лийчо мегий? Цхьа а барам буй цу йуккъехь?Ницкъ кхаьчча, велларг, божарех велахь, божарша лийчор ву, зударех йелахь, зударша лийчор йу. Ткъа ницкъ ца кхаьчначу меттехь шари1ато бакъо йина махьрам стагана (и зуда а йина, йало хьарам верг) йелла зуда лийчо. Иштта зудчунна а, (и велларг цуьнга йаха хьарам хиллехь), магийна боьрша стаг лийчо а. Ткъа кегий берашна, ворх1ара довлаза долчу, шайн 1оврат лачкъо хууш доцчу, царна т1ехь шен хьукма лелар ду. Уьш бехке хир дац. Бакъду, и бер ц1андар вайн зударийн г1иллакхехь хиларе терра, цаьрца и эвхьаза долу дела, божабер зударша лийчо мегар ду, и махьарам ца хилча а. Амма божарий ларбалар декхар ду. Нагахь санна, зудабер лийчо зуда а ца хила, и лийчо дезахь, махьрам воцчунна бакъо хир йац и лийчо. Иза а д1ахьулдина лелор ду, т1е коч йуьйхина а долуш, куьйга кара доьллина а долуш. Дакъа жима делахь а, доккха делахь а, эхь хеташ ду. Эхь хеташ долу и дакъа 1алашдар а, лардар а и лийчош волчунна т1ехь парз важиб ду. Стаг велча, цунна т1аьхьа дукха вилхича, и велларг 1азапехь хуьлу олу. Ткъа кхузахь хьахош дерг муьлха велхар ду? Цунах лаций дийцахьара.Стаг веллачу тезетахь дукха хеза вайна, веллачунна т1аьхьа ма делха , и 1азапе лоцуьйтур ву аш бохуш. И хабарш молланаша а, молланаш боцучара а дуьйцуш а хуьлу. И дуьйцучаьрга эр дара ас, иштта маьрша ма дийцахьара аш и. Ша дуьйцучух ша а кхеташ, шега ладуг1уш верг а кхетар волчу аг1ор дийцахьара. Ша кхетар муха ду? Х1инца х1ара хаттар ма х1оттадара, муьлха велхар ду те бехкедерг а, доцург а аьлла, и хьехам беш верг цкъа ша кхета веза. Шена вевзарг, везарг, шен гергарчарех йа ц1ийнан ох1ланах цхьаъ велча, бухависинчун г1айг1а совйолу.И г1айг1а совйаьлча, б1аьрг белхаза а ца 1а. Ишшттачу меттехь велхар цхьана а кепара къа долуш а, йа цхьа а новкъарло йолуш а дац. Къа хиндерг муьлха ду? Хьалхара зурма локхуш санна, цхьа зуда тийжа а тийжаш, нах белхо дешнаш дуьйцуш, ма ишта вара, ма вуьшта вара хьо а бохуш, ткъа цунна т1аьхьара кхиболу зударий а уг1уш. И тийжаш болу зударий а уг1уш. И тийжаш болу зударий кхойкхий бала а беш, шайн тезеташкахь и «концерташ» х1иттайо цхьаболчу наха. И белхарш ма леладе боху шари1ато вайга. Шен веллачунна воьлхучо шен маттана дола дан деза.Весет маца йаздан дезаш ду? Муха йаздан дезаш ду?Весет йаздан дезаш ду ша таза а, кхетамчохь а волчу хенахь. Ша иштта д1аволла, шен буха дисинчу даьхнех х1ара де, аьлла деш долу и весет йаздина хила дезаш ду.Молла волчу вахана йазде аьлла дац иза, ткъа шена хууш болчу маттахь, шена хуучу йозанехь. Бакъду, моллига хаьттина хила деза цхьа х1ума: маца бакъо йу шен весет дан аьлла, иза-м хууш хила деза цунна. Кхоалг1ачу декъал хьалавала бакъо йац цуьнан, доьналлехь волу стаг верас ван веза угаре а хьалха. И х1ун бохург ду? Суна х1ара лаьа аьлла, леш волчун весет чекхдаккха доьналла долуш волу стаг харжа веза.Ледара стаг х1оттийна, цуьнга весет ловзадайта ца деза, къонах стаг йелахь, зуда х1оттийна а, и весет чекхдоккху верг х1оттон веза. Деш долу весет билггала хила деза, шиъ теш а волуш. Массо а заманахь валарна бина кечам болуш дац вай. Нагахь санна йаздаза ша велахь, доьзалхочуьнга йа кхечу гергарчу стаге, варийлахь со лахь х1ара суна т1ехь делахь, ала деза. Цомгаш хилча а мегар ду весет дан, иэсах валаза волучу хенахь. Мегар дац, нагахь цо Къуръан чохь билгалдинарг дохош йаздахь, иза д1адохуьйтур дац. Дала х1иттийна барамаш шаьш боллучохь буьтуш, доьзалех хаьржина цхьа а сов ца воккхуш, цо деш долу весет могуьйтур ду. Оцу доьзалхошна цхьатерра дакъа кхочу цуьнан бахамех. Цундела ша оьг1азвахийтинчу доьзалхочунна дерриге а д1ало бахахь, иза а мегар дац.Дала ийманехь нисдалар лойла вайна.Мотт ца хууш, кхиаза долу жима бер йа хьекъална эшна волу стаг д1авуллуш, цунна кхечу нахана санна сураташ: «Ясин», а «За1ам» а деша оьший?Делан декхаршна к1ела севцца болчарна таклиф-ох1ла аьлла, Дала бехкамаш т1ебехкина нах бу уьш.Хьекъалчохь волу пхийттара ваьлла стаг таклиф-ох1ла ву. Делан декхаршна к1ела соцуш йу церан йаь1на. Делан декхаршна к1ел соцуш вац дитт буха а даьккхина, и белшаш т1е а диллина д1адахьалуш велахь а, пхийттара далаза бер санна, Делан декхаршна к1ел вахаза ву иза. Цунна т1аьхьа бер д1адуллуш лелош дерг лелор ду. Докъан ламаз дийр ду цунна. Цунна т1ехь дац ламаз а, марха а, цуьнан карах стаг велча, цунах стаг ца хьаьрча, цуо вуониг дарх, Дала цунна цхьа а бехкам бийр бац, 1едало суд йийр йац. Цундела иза бер ларало, мел воккха а, онда а и велахь. Амма пхийттара далаза бер делахь, бусалба хуьлийла йа керста хуьлийла, цхьатерра таклиф-ох1ла дац уьш, цунна т1ера саг1анаш дахар а, маха байтар а, зуькарш дайтар а уьш цхьа а ца оьшу цунна. Х1унда аьлча, иза йалсаманин хьоза ду, динан бехкамаш т1еэцаза ву иза. Амма цхьа зама цуьнан хьераваьлла хиллехь, йуха тавелча, дисина парзаш декха ца деза цуьнан, Делан къинхетамца.Шайн йуьртахь тезетахь байракх тухуш ду, оцу байракха бухахула йаьлла йеана йолчу зудчунна къа хир ду олу. И байракх тоха аьлла жайнахь йаздина дуй?Шовзткъа шо ду со белларш д1а а бухкуш, йарташкахула лелаш волу. Со кхачаза йурт йуй те аьлла, массо а йуьртахь хилла со. Т1аккха, байракхаш йац и тухуш йерш, билгало йу иза, муьлхачу керта хьовза веза хаитйта нахана, йух-йуххехь кевнаш долу дела.Цхьацца йарташкахь генна дуьхьалвог1ий стаг хуьлу, арахьара т1ебог1у нах т1е а балош, мича баха беза ца хууш, боьхна ца хьийзийта. Цхьана а меттехь байракх тоха аьлла хьахийна дац. И тоьхнарг байракх а йац, хоьттуш верг ца кхетта цунах, иза билгало йу, цунна бухахула ваьлча а, новкъарло йац. И цахаарца вайн адамаша шайг-шайгара цхьацца олуш-кхуллуш х1уманаш ду уьш, мискъала-зарратал динехь бух болуш х1ума а дац иза.Биъ бутт кхаьчна дег1ах д1акъаьстинчу доьзалхочунна т1ера хьакъикъат дан деза ша йа саг1а дала деза?Биъ бутт кхаьчча дег1ах д1акъаьстинчу доьзалхочунна т1ера цхьа а х1ума дан ца оьшу, цунна т1ехь бехкам бац. Саг1ийна х1ума йала а ца оьшу, хьакъикъат дан а ца деза. Ненан кийрахь ши бутт йа кхо бутт кхаьчча, д1акъаьстина волу доьзалхо д1авуллуш х1ун дан деза?Шафи1ин мазх1абехь ду вайн халкъ, Дала цу чохь нисдалар лойла вайна! Вайн мазх1абехь, дуьненчу долуш, беро мохь хьаькхча, и дийна хиларан билгало йу, иза лийчор ду, докъан ламаз дийр ду цунна, воккха волуш веллачу стагана санна, марчо а хьарчор ду цунна. Чохь са доцуш бер дуьненчу даьллехь, лийчор ду, марчо хьарчор ду, амма докъан ламаз дийр дац.Кешнашка д1адуллур ду, дечиг йоьг1на, т1улг боьг1на, цхьа билгало йийр йу, цигахь кхечунна каш ца даккхийта. Биъ бутт кхаьчначул т1аьхьа дег1ах и бер д1акъаьстинехь, чохь са доцуш и дуьнент1е даьллехь а, Хьанафин мазх1абехь докъан ламаз до. Дала нийсачу новкъа дохийла вай. Вийна д1авоьллина волу стаг, и кхалхаран бахьана муха нисделла хьажар 1алашо йолуш, йуха схьаваккха бохуш хуьлу вайга. Ишттачу меттехь х1ун дича бакъахьа ду?Оцу хьолехь ша дан дезарг шена 1амо деза 1еламстага. Велларг д1аволлале, гергарчу нахе хатта деза: кхуьнга хьажа хьакъберш хьаьвсиний, таллам биний аьлла, т1аккха волла веза стаг д1а. Ткъа оцу веллачу стагана ша схьаваккхарх а, йуха хьаьрча а вина д1аволларх а, мискъал-зарратал эхартана эшаме дац.