Разное

Тешам

Нохчийн меттан урокехь хьехархочо тхуна ц1ахь язъян «Тешам», аьлла сочинени еллера, мел ас ойла ярх тешамах лаьцна язъдан х1ума дага ца дог1ура. Маьрк1ажа ламаз а дина, суьлхьанаш хьийзош, 1ачу дадина юххе а яхана, хьастаелла, даде хаьттира ас: «Дада, «тешам» аьлла сочинени язъе аьлла тхоьга, айса х1ун язъян еза ца хууш, 1аш ю-кх со». Ша хьийзош долчу суьлхьанийн мог1а д1а а кхачийна, дадас суна х1ара дийцар дийцира.

  «Цхьана стеган ша къона волуш дуьйна эцна, бекъа йолуш дуьйна кхаьбна, безаш лелош дин хилла, кхаьрзина бен хьаьжк1аш ца яош, сих-сиха хи т1е буьгий лийчаеш, т1е эхк хьокхуш массо а х1уманал, адам долуш санна, дукха безаш, кхаьбна дин бара иза. Шена цхьа цатам баьлча адаме санна, оцу динан лерехь дуьйций шен дог парг1ат доккхуш хилла цо. Баккъала аьлча, оцу стеган накъост хилла лаьтташ хилла-кх и дин. Цул а, шен сил а дукха а везаш, кхуьуш ялх-ворх1 шаре ваьлла, 1ели ц1е йолуш к1ант хилла оцу стеган. Шен дин, к1ант оьций, шайн дайх дисинчу ирзе а воьдий, и дин к1антана кара 1амо лууш лелаш хилла. Иштта нисделла иза оцу дийнахь а. Шен  к1ант, дин а эцна, ирзехь дин д1ахецна, и парг1ат баьккхина, шен ц1енна ковчал кечъеш воллуш и стаг волуш, цхьа г1аж кара а эцна, ирзехула ведда лелаш хилла 1ели а. Ц1еххьана таллархочо кхоьссинчу герзах къаьхкиначу говран дуьрстанах оцу 1елин карара г1аж тасаелла, и г1аж оцу к1антана т1ерачу бедарх тасаелла, говро т1екхийна вийна хилла оцу стагана шен сил дукха везаш волу 1ели. Оцу меттехь г1айг1ане воьжна и стаг, кхин д1а ша йоккхучу ханна оцу говрах болу безам, тешам д1абаьлла хилла цуьнан.

  «Хьава, хьо 1аламат дика йо1 ю, ас дозалла до хьох, хьо тайпана тидаме берш х1окху ткъе цхьаолг1ачу б1ешаран к1езиг бу. Ткъа хьо сан к1ентан доьзалехь йоккхах ерг ю, Хьава, ахь хьайл кегий долу диъ бер нохчийн оьздачу г1иллакхехь, кхетош-кхион ондда г1о-накъосталла дийр ду хьайн дена, нанна», – дерзийра дадас шен дийцар.

Сальмурзаева Хьава , 7-г1а «Б» классан дешархо