СагIин дозалла
Хастам бу АллахIана, комаьршо, шукра, хаза хастам а Шена болчу, сагIа луш болчарна рицкъа далар дукха долуш а, царна уггаре а дика бекхам бан чIагIо йина а Волчу. Ас хастам бо Цунна паргIатонехь, халонехь. Делера салам-маршалла хуьлда эвлаяийн тхьамда, Делах кхоьруш болчеран имам, хьокхуш болу мох санна шен комаьрша куьг сагIа даларехь даима кховдийна волчу Мухьаммадна, цуьнан доьзална, халонехь, аьттонехь сагIа луш хилла болчу цуьнан асхьабашна.
Баккъал а, сагIа даларо хаза лар юьту, тIаьхье беркате а хуьлуьйту, и сагIа даьккхинарг цхьаъ велахь я цхьа тоба елахь а, и сагIа даьккхиначунна дагна паргIато я синтем ца хиллехь а, я и схьаэцначу къечу стагана цунах хазахетар ца хиллехь а.
Суна лаьа, сагIин дозаллех лаьцна Iеламнаха аьлла дешнаш хьахо, хьалха заманахь а, хIинца а сагIанаш даьхначарех лаьцна мехала дийцарш дийца. Везчу Деле вай доьху церан сагIанаш къобалдар, вай ечу Iамалехь, олучу дашехь Цо вайн нийгаташ цIена хилийтар.
Хьуна хуоийла, цхьаболчу нахана сагIин белхаш бовза ма-беззара бевзаш цахилар. Царна моьтту, сагIа даккхар деккъа дохнаца доьзна ду, амма иза иштта дац. Цундела хIокху жайниахь сагIин дозалла, цуьнан дакъош дуьйцуш дукха хьадисаш далийна. ХIокху жайнахь долу аяташ, хьадисаш, Iеламнехан дешнаш ахь дешча, хьуна девзар ду сагIин дакъош, цуьнан бехкамаш, и къобал хиларх юхатухуш долу бахьанаш.
Сайн къамел дерзош, Веза-Сийлахьчу Деле доьху ас дика Iамал ярна тIехь, цIена нийгат хиларехь аьтто бар, Цо сайна гечдар, со маьрша витар. ХIай АллахI, тхо лардехьа гуш, ца гуш долчу питанех, тхан мохк, кхиболчу бусалба нехан мехкаш даима тешаме, маьрша хилийтахьа. ХIай АллахI, Айхьа тхуна тIехIиттийначеран ницкъ кхачийтахь Хьо реза волчу новкъа дIабаха. Делера салам-маршалла хуьлда вайна дукхавезаш волчу Мухьаммад-пайхамарна, цуьнан доьзална, асхьабашна, берриге а бусалба нахана а.
Шун бусалба ваша – Iелин Сулайманан кIант Халид.
СагIа даларан хьокъехь даьхкина цхьадолу аяташ
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Мила ву Деле юхалург хаза декхар луш верг (Делан дуьхьа, шен даьхни сагIина луш верг). – Цо цунна масийтта декъехь алсамдоккхур ду иза. И Дела рицкъанехь гатто еш верг, шорто еш верг Ву, Цуьнга дерзор долуш а ду шу» («Аль-Бакъарат», 245).
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шайн даьхни Делан новкъахь сагIина луш болчеран масал – буьртиган масалх тера ду, ша ворхI кан схьабалийтина а, хIора кена чохь бIе буьртиг а болчу. АллахI-Дала совдоккхур ду Шена луучунна, И Дела (комаьршонца) шорто еш Верг а, хууш Верг а Ву. Шайн даьхни Делан новкъахь сагIина луш берш, цул тIаьхьа шайн сагIанаш тIехдеттаршций, халахетарш дарций хьеха а ца деш, – царна ял хир ю шайн Далла гергахь, кхерам а хир бац царна, гIайгIане а хир бац уьш. Хаза дош алар‚ гечдар гIоле ду шена тIаьхьа халахетар деш долчу сагIанал‚ АллахI хьалдолуш а (шен халкъера хIумма а ца оьшуш)‚ кIеда-мерза а (Iазап дарца сихо ца еш) Ву» («Аль-Бакъарат», 261-263).
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш сагIанаш (нахана) гуш дахахь – дика ду иза (аш беш берг дика болх бу). Аш уьш къайлах даьхна, къечу нахана дIалахь а – и ду шуна уггар деза дерг, цо дIадохур ду шун вуонаш, АллахI аш дийриг хууш ма ву» ( «Аль-Бакъарат», 271).
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шайн даьхни буса а, дийнахь а, къайлах а, гуш а сагIина луш берш – царна мел хир бу шайн Далла гергахь, кхерам а хир бац царна (къематдийнахь), гIайгIане а хир бац уьш (дуьненахь шайх дIатиллачух)» ( «Аль-Бакъарат», 274).
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш сихое шайна Делера гечдаре а, стигланаш, латта санна шуьйрачу ялсаманига а – Делах кхоьручарна кечйина йолчу. И нах бу уьш, шаьш паргIатонехь, халонехь (хьалдолуш, къен болуш) сагIа луш, шайн оьгIазло хьулъеш (и чекхъяккха шайн ницкъ кхоччушехь), нахана къинтIера бовлуш болу, АллахI дика деш берш дукхабезаш (царна хаза бекхам бийр болуш) Ву» («Алу Iимран», 133-134).
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Ахь ала: «Баккъал а, сан Дала шортта рицкъа ло Шен лех Шена луучунна‚ Цо цунна (рицкъанехь) гатто а йо. Аш (дикачу новкъахь) сагIина елла хIума Цо (Дала) меттахIоттайо, Иза рицкъа лучарах уггаре а диканиг ву» («Ас-Сабаъ», 39).
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Мила ву Деле юхалург хаза декхар луш верг (Делан дуьхьа, шен даьхни сагIина луш верг). – Цо цунна масийтта декъехь алсамдоккхур ду иза, цунна сийлахь йолу ял а (ялсамани) хир ю» («Аль-Хьадид», 11).
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъал а, сагIа луш болу божарий а‚ зударий а‚ Деле юхалург хаза декхар луш берш а — (Дала) царна масийтта декъехь алсамдоккхур ду иза, царна сийлахь йолу ял а (ялсамани) хир ю» («Аль-Хьадид», 18).
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шу Делах кхералаш шайн ницкъ ма-кхоччу‚ аш ладогIалаш (шайна бечу хьехаме)‚ шу муьтIахь хилалаш (Дала бохучунна)‚ аш сагIа лолаш (Делан новкъахь) – и дика ду шуна шайна. Шай синан бIаьрмецигаллех дIацIанбелларш — уьш бу-кх декъалхилларш. Аш юхалург Деле хаза декхар лахь — Цо шуна иза масийтта декъехь алсамдоккхур ду‚ шуна гечдийр ду. АллахI баркалла олуш ву (дика диначунна)‚ кIеда-мерза ву (къинош долчу Шен лешна сихха таIзар ца деш)» («Ат-ТагIабун», 16-17).
Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш Деле юхалург хаза декхар ло (Делан дуьхьа, сагIа ло). Аш шайна хьалхадаьккхина диканиг – шуна иза карор ду, Далла гергахь дика долуш‚ дукха йоккха ял йолуш. Деле гечдар деха аш, баккъал а, Дела гечдеш верг, къинхетаме верг ву» («Аль-Муззаммил», 20).
СагIа даларан хьокъехь даьхкина цхьадолу хьадисаш
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу цхьа стаг веара, цо цуьнга хаьттира: «ХIай Делан Элча, ял алсам йолу сагIа муьлха ду?» – аьлла.Цо жоп делира: «Ахь сагIа далар ду, хьо могаш а, сутара а, къеллах кхоьруш, хьал хиларе сатуьйсуш а волуш; тIаьхьа а ма тетта ахь, са (валарна гергахь) къамкъарге кхаччалц, ахь ала а олуш: «Хьенехана иза ду, минехана иза ду, тIаккха иза хила а хуьлу хьенехана» (Бухари, Муслим).
АшIарин тайпана волчу Абу Малика (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ЦIано ийманан ах дакъа ду, «альхьамду лиллахIи» (АллахIана хастам бу) аларо мийзан терза хьаладузу, ткъа «субхьаналлохIи, вальхьамду лиллахIи» (АллахI шеца там мел боцчух цIена ву, АллахIана хастам бу) бохучо хьаладузу стигланашна а, лаьттана а юкъахь дерг, ламаз – нур ду, сагIа – ийманан билгало ю, собар – гIайгIа, бала дIабоккхуш серло ю, Къуръан (цо бохучунна тIевирзинехь) хьоьгахьа, я (цо бохучух дIавирзинехь) хьуна дуьхьал тоьшалла ду. ХIора стаг а Iуьйрре араволу, ткъа царах ву шен са духкург, и хьалхадоккхург (Далла муьтIахь хуьлий) я и хIаллакдийриг (Далла Iеса а хуьлий)» (Муслим).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьа хурма бен яцахь а, ша гулдинчу цIенчу (хьанал долчу) дохнах сагIа делларг милла велахь, – ткъа АллахI хьанал дерг бен къобалдеш ма вац – баккъал а, АллахIа и (сагIа) къобалдарца схьаоьцу. ТIаккха и сагIа деллачунна Цо и кхиадо, ламанал доккха ша хиллалц, шух цхьамма говран бекъа я эмкалан кIорни кхиорах терра» (Бухари, Муслим).
Абу Умамата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ХIай Адаман кIант, хьайна оьшучу барамал совдаьлларг ахь сагIина лахь – иза дика ду хьуна, ахь и ца луш хьайгахь сацадахь – иза вуон ду хьуна, хьайна оьшучу барамехь сацадарх бехк буьллур бац хьуна. Айхьа кхобуш болчарна тIера дIаволало хьо. Лакхара куьг (сагIа луш долу куьг) лахарчу куьйгал (сагIа схьаоьцучу куьйгал) дика ду» (Муслим).
Ансарех волчу Абу МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьа стаг веара, жулар (дуьрста) тесна йолу эмкал ялош; цо элира: «ХIара Делан новкъахь сагIа ду». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Хьуна и бахьанехь къематдийнахь ворхI бIе эмкал хир ю, уьш ерриге а жулар тесна а йолуш» (Муслим).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIай Адаман кIант, сагIа ло ахь – Ас хьуна а лур ду» (Бухари, Муслим).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Лено олу: «Сан даьхни, сан даьхни», ткъа цунна шен дохнах кхо хIума ду: цо ша диъна дIадаьккхинарг, я цо тIедуьйхина тишдинарг, я цо сагIина дIадаларца эхартана дIадиллинарг. И доцург, дIадолуш, цо (ша веллачул тIаьхьа) нахана дуьтуш ду» (Муслим).
Хьатиман кIанта Iадиййис (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шух цхьа а ма вац, тIаьхьа (эхартахь) шега АллахI вистхир волуш бен, цаьршинна юккъехь талмаж (къамел барта гочдийриг) а воцуш. Аьтту агIор дIахьожур ву иза, ша динарг бен гур дац цунна; аьрру агIор дIахьожур ву иза, ша динарг бен гур дац цунна; шена хьалха хьожур ву иза, шен юхьдуьхьал жоьжахати бен гур яц цунна. Жоьжахатин цIарах кхералаш, ах хурма сагIина лой а» (Бухари, Муслим).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ВорхI ву, АллахIа динарг бен (IиндагI) доцчу дийнахь Цуьнан IиндагIа кIелахь хир волуш: нийсо еш волу имам; шен Далла Iибадат деш кхиъна волу жима стаг; маьждигех дог хоттаделла волу стаг; АллахIан дуьхьа гергарло лелош, Делан дуьхьа вовшахкхеташ, вовшахкъаьсташ, вовшашна дукхавезна волу ши стаг; хаза а, ехаш а йолчу зудчо, зина де аьлла, кхайкхича, ша АллахIах кхоьруш ву аьлла волу стаг; аьтту куьйго луш дерг аьрру куьйгана хаа а ца хууш (нахана гайта ца гойтуш), къайлах сагIа делла волу стаг; ша висинчохь АллахI хьехош шен бIаьргех хи даьлла волу къонах» (Бухари, Муслим).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шена чохь леш Iуьйренга бовлуш цхьа а де ма дац, ши малик охьадуссуш а бен, тIаккха цаьршиннах цхьамма олуш: «ХIай АллахI, сагIа луш волчунна (даьхни) меттахIоттаде Ахь», тIаккха вукхо олуш: «ХIай АллахI, сецош волчунна (даьхни) иэшаде Ахь» (Бухари, Муслим).
IабдуллахIа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шух мила ву шен верасан даьхни шен даьхнил дукхадезаш?» Цара элира: «ХIай Делан Элча, тхох цхьа а ма вац, шен даьхни (верасан даьхнил) дукхадезаш а бен». Цо элира: «Баккъал а, цуьнан даьхни – цо сагIина делларг ду, цуьнан верасан даьхни – цо сагIина ца луш дитинарг ду» (Бухари).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «СагIа даларо даьхни эшийна дац, гечдеш волу лай АллахIа сийлаллехь бен сов ца воккху. Делан дуьхьа цхьа а таьIна хир ма вац, Дала иза даржехь лакхавоккхуш бен» (Муслим).
Джабалан кIанта МуIаза (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «…СагIано къа дIадойу, хино цIе дIаяйарх терра» (Тирмизи, Ибн МажахI).
Маликан кIанта Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Баккъал а, сагIано Делан оьгIазло дIайоккху, (хIаллаквеш долу) вуон а юхатуху» (Тирмизи).
Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, шаьш уьстагIна урс хьаькхнера, тIаккха Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цунах бухахь йиснарг хIун ю?» Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) элира: «Цунах йисина ма яц, тIа доцург». Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Цуьнан тIа доцург, ерриге а бухахь йисина вайна» (Тирмизи).
Iамиран кIанта Iукъбата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «ХIора стаг къематдийнахь ша деллачу сагIин IиндагIехь хир ву, нахана юккъехь кхиэл йина яллалц» ( Ахьмад).
Iубадатан кIанта СаIда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Ас элира: «ХIай Делан Элча, ял алсам йолу сагIа муьлха ду?» Цо жоп делира: «Мала хи далар ду» (Ибн МажахI).
СаIийда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, СаIда (Дела реза хуьлда цунна), Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу а веана, хаьттира, аьлла: «Муьлха сагIа деза хета хьуна?» Цо жоп делира: «Хи» ( Абу Давуд).
Абу МасIуда аль-Бадрис (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Бусалба стага, шена ял хиларх теша а тешаш, Делан дуьхьа, шен доьзална напха делча, цунна иза сагIа ду» (Бухари, Муслим).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «СагIанах диканиг – шена эшам а боцуш луш дерг ду. Айхьа кхобуш болчарна тIера дIаволало хьо» (Бухари).
Хьизаман кIанта Хьаки́ма (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Лакхара куьг лахарчу куьйгал дика ду. Айхьа кхобуш болчарна тIера дIаволало хьо. Уггаре а дика сагIа – шен хьолана тIера делларг ду. ХIума ехарх ларвелларг – Дала ларвийр ву; шегахь долчух кхачам биначунна – Дала кхачам бийр бу» (Бухари).
Абу Ваккъасан кIанта СаIда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Делера ял хиларе дог а дохуш ахь сагIина напха лур ма дац, ахь хьайн хIусамнанна луш йолу яахIума цхьаьна, и бахьнехь хьуна ял хуьлуш бен» (Бухари, Муслим).
Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Зудчо шен хIусамехь йолу яахIума сагIина елча, (шен хIусамдена, доьзална) иэшам ца беш, цунна ша сагIа далар бахьанехь ял хуьлу; цуьнан хIусамдена, болх бина, и яахIума чуярна ял хуьлу, и яахIума ларъеш волчунна оццул ял хуьлу, царах цхьамма вукхуьнан йолах хIумма а ца эшош» (Бухари, Муслим).
Асмаа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Ас элира: «ХIай Делан Элча, Зубайрас чу деанарг бен кхин даьхни дац сан, ас сагIа дала мегар дуй?» Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «СагIа ло ахь, хьайгахь сеца ма де ахь, тIаккха АллахIа хьуна луш дерг сацор дац» (Бухари).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Делан новкъахь ахь делла долчу динарах а, лай хьалхавитарехь ахь делла долчу динарах а, мискачу стагана сагIина ахь делла долчу динарах а, хьайн доьзална ахь делла долчу динарах а ял хиларехь деза дерг – ахь хьайн доьзална делларг ду» (Муслим).
Iамиран кIанта Сулаймана (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Мискачу стагана делла сагIа – цхьа сагIа ду, гергарчунна делла сагIа – иза ши сагIа ду: сагIа а, гергарло хоттар а» (Ахьмад, Тирмизи, Насаи, Ибн МажахI).
Анаса (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьана а бусалба стага синтар я ялта дIадуьйр ма дац, тIаккха оцу тIера олхазарша я адамаша, я хьайбанаша дууш, цунах цунна сагIа хуьлуш бен» (Бухари).
Джабира (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьа а бусалба стаг синтар дIадуьйш ма вац, цунах йиънарг цунна тIера сагIа хуьлуш бен, цунах лачкъийнарг а цунна тIера сагIа хуьлуш бен, акхароша цунах йиънарг а цунна тIера сагIа хуьлуш бен, олхазарша цунах йиънарг а цунна тIера сагIа хуьлуш бен. Иза цхьамма хIаллакдийр ма дац, цунах цунна тIера сагIа хуьлуш а бен» (Муслим).
Абу Бурдатан кIанта СаIийда дийцина, шена шен дас, дедас (Дела реза хуьлда царна) дуьйцуш хезна, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «ХIора бусалба стага сагIа дала дезаш ду». Цуьнга цхьамма дийхира: «Ца хилча дерг дийцахьа?» Цо (жоп луш) элира: «Шен шина куьйгаца болх бийр бу цо, шена пайда а беш, сагIа а луш». Цуьнга дийхира: «Ницкъ ца кхаьчча дерг дийцахьа?» Цо (жоп луш) элира: «ЧIогIа гIо оьшуш волчунна гIо дийр ду цо». Цуьнга юха а дийхира: «Ницкъ ца кхаьчча дерг дийцахьа?» Цо (жоп луш) элира: «Диканиг де аьлла, омра дийр ду цо». Цуьнга кхин а дийхира: «Иза ца дича дерг дийцахьа?» Цо (жоп луш) элира: «Вуочух вухакхетар ву иза, баккъал а, иза сагIа ду» (Бухари, Муслим).
IабдуллахIан кIанта Джабира (Дела реза хуьлийла цаьршинна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Массо а дика хIума дар сагIа ду» (Бухари, Муслим).
IабдуллахIан кIанта Джабира (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Массо а дика хIума дар сагIа ду; баккъал а, дика хIума дарх ду хьо хьайн вешина къежначу юьхьаца дуьхьалкхетар, ахь хьайн пхьегIи чуьра хьайн вешин пхьегIи чу хи доттар» (Ахьмад, Тирмизи).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шена тIе малх кхеташ долчу хIора дийнахь нехан массо а хуттургана тIера даккха дезаш сагIа ду; шина стагана юккъехь нийсо йой ахь – сагIа ду хьуна и, стаг шен хьайбанна тIехууш, и цу тIе хьалаваккхарца гIо дой ахь, я цунна цу тIе цуьнан мохь хьалакховдабой ахь – сагIа ду хьуна, хаза дош – сагIа ду хьуна, ахь ламазе воьдуш боккху хIора ког – сагIа ду хьуна, иштта ахь новкъара хIума дIаяккхар – сагIа ду хьуна» (Бухари, Муслим).
Абу Зарра (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цуьнан асхьабаша (Дела реза хуьлда царна) элира, аьлла: «ХIай Делан Элча, хьоладай дIабаха, шортта ял яьккхина; оха санна ламаз а до цара, оха санна марха а кхобу цара, шайн дохнах совдаьлларг сагIина а ло цара». ДеланЭлчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Дала шуна ца делла ткъа аш сагIина луш долу хIума? Баккъал а, хIора тасбихьца (СубхьаналлохIи аларца) сагIа даларан ял ю шуна, хIора такбирца а (АллохIу акбар аларца) сагIа даларан ял ю шуна, Далла хIора хастам барца а (Альхьамду лиллахIи аларца) сагIа даларан ял ю шуна, хIора тахIлилца а (Ла илахIа иллаллохIу аларца) сагIа даларан ял ю шуна, диканиг де аларца сагIа даларан ял ю шуна, вуониг ма де аларца сагIа даларан ял ю шуна, хьаналчу агIор шен хIусамненаца дегIан лаам кхочушбарехь сагIа даларан ял ю шуна». Цара хаьттира: «ХIай Делан Элча, тхох цхьамма шен хIусамненаца дегIан лаам кхочушбича, мел хир бу цунна?» Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Аш суна дийцийша, цо шен дегIан лаам хьарамчу агIор кхочушбича (зина дича), къа хир дарий цунна?! Цунах терра, цо шен дегIан лаам хьаналчу агIор кхочушбича, мел хуьлу цунна» (Муслим).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Цхьана стагана ша яьссачу аренгахь волуш мархаш юккъера аз хезира: «Хьенехан беша догIа даийта», аьлла. ТIаккха и марха дIаяхара, цо догIа тIеIанийра тIулгех ийначу Iаьржачу латтана, и дерриге догIа дедира цхьана хорша. И стаг догIа охьахьаьддачу агIор дIавахара, цунна цхьа стаг гира, шегахь болчу гIирсаца шен бешахь и догIанан хи дIасадоькъуш. Оцу стага цуьнга хаьттира: «ХIай Делан лай, хьан цIе хIун ю?» Оцу стага шен цIе яьккхира, иза яра вукхунна мархаш юккъера хезна цIе. Оцу стага некъахочуьнга хаьттира: «ХIай Делан лай, соьга сан цIе хIунда хаьттира ахь?» Цо жоп делира: «Суна хIара догIа Iанийначу мархашна юккъера аз хезира, хьан цIе а йоккхуш, ша олуш: «Хьенехан беша догIа даийта». Цундела суна хаа лаьа, хьо хIун болх беш ву оцу бешахь?» Цо элира: «Хьо цунах дерг хаа лууш велахь, со бешара ялта кхиаре хьоьжу, (и схьалахьийча) цунах кхо дакъа а дой, цхьа дакъа сагIина ло ас, шолгIа дакъа сайна а, сайн доьзална а даа дуьту ас, кхоалгIа дакъа юха лаьттах дIадоь ас» (Муслим).
Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Баккъал а, Адаман доьзалх долу массо адам кхо бIе кхузткъа хуттург йолуш кхоьллина ду. АллахIу Акбар аьлларг, Альхьамду лиллахIи аьлларг, Ла илахIа иллаллохIу аьлларг, СубхьаналлохIи аьлларг, АстагIфируллохI аьлларг, нах лелачу новкъара тIулг я кIохцал, я даьIахк дIаяьккхинарг, диканиг де аьлларг, вуониг ма де аьлларг оцу кхо бIе кхузткъа хуттурган барамехь, баккъал а, оцу дийнахь суьйренга волу, шен дегI жоьжахатах генадаьккхина а волуш» (Муслим).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Ма дика сагIа ду-кх, Iуьйранна а, суьйранна а пхьегIа юьззина шура луш йолу эмкал шегара шура яккхийта сагIина ялар, иштта болу уьстагI шегара шура яккхийта сагIина балар» (Бухари).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «Цхьа стаг хилла нахе юхалург хIума луш. Шен кIанте олуш хилла цо: «Аьтто боцург хьайна каравахь, цунна гечде ахь, тIаккха АллахIа вайна а гечдан тарло». АллахIана дуьхьал кхийтира (велира) иза – Цо цунна гечдира» (Бухари, Муслим).
Абу Къатадатан кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Абу Къатадата шен декхархо лехира, ткъа иза цунах дIалечкъира, аьлла. Цул тIаьхьа цунна иза карийра, амма цо ша хала воллуш ву, элира. Цо элира: «АллахIах дуй буий ахь?» Цо жоп делира: «АллахIах дуй буу ас». ТIаккха Абу Къатадата элира, баккъал а, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезна суна, аьлла: «АллахIа къематдийнан халонех ша хьалхавитича самукъадер долчо, аьтто боцчунна шен декхар тIаьхьатоттийла я иза (декхар) цунна гечдойла» (Муслим).
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Таро йоцчунна (шена тIехь декхарш долчунна) аьтто биначунна – АллахIа дуьнен чохь а, эхартахь а аьтто бийр бу» (Ибн МажахI).
СагIа даларан хьокъехь даьхкина Iеламнехан цхьадолу дешнаш
Имам Ибнуль-Къаййима (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Баккъал а, сагIа даларо тамашийна лар юьту бес-бесара баланаш юхатохарехь, и сагIа делларг Iеса стаг я зуламхо, я керста стаг велахь а. Баккъал а, Дала цара деллачу сагIанах бахьана а дой, царах цхьаболу баланаш юхатуху. ХIара болх массо нахана бевзаш бу, латта тIехь мел болу нах цуьнца мукIарло деш бу, хIунда аьлча и болх шайна, шаьш зийн, бевзаш болу дела».
Цо (Дала къинхетам бойла цунах) иштта аьлла, дог цIандаран бахьанаш дуьйцуш: «СагIа даларна юкъадогIу: нахана дика дар, ницкъ кхочучу барамехь шен даьхница, куьйган говзаллица царна пайда бар. Баккъал а, комаьрша волу дика стаг догцIена а, ирсе а, дог паргIат долуш а хуьлу. Амма шегахь дика доцу бIаьрмециг волу стаг – догьIаьржа, декъаза а, кхечарал алсам гIайгIане, сингаттаме хуьлу».
Цо (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхиболчу нахал алсам шен долахь ерг сагIина луш вара. Ша, Делан дуьхьа, сагIина елларг дукха хеташ я кIезиг хеташ вацара иза. Цуьнгахь йолу хIума ца йоьхура цхьаммо, цо цунна и луш а бен, кIезиг я дукха елахь а. Къелла тIеярна ца кхоьруш волчо луш долу сагIа дара цо луш дерг. Адамна совгIат дар, сагIа далар уггаре цунна а дукхадезаш хIума дара. Ша сагIина хIума лучу хенахь, и схьаоьцуш волчул чIогIа воккхавеш, самукъадаьлла хуьлура иза. Дика хIума дарехь кхиболчу нахал комаьрша вара иза, цуьнан аьтту куьг хьокхуш болу мох санна беркате дара. Цхьана хIумане хьашто ерг шена тIевеъча, цо иза цунна оьшург дIаяларца шен дегIал хьалхавоккхура; цкъацккъа яахIума, цкъацккъа бедарш сагIина лора цо. Ша совгIатна луш йолу хIума, доккхуш долу сагIа а тайп-тайпана леладора цо, наггахь, сагIина, олий, наггахь, совгIатана, олий, наггахь, мах лой цхьа хIума оьций, тIаккха ша эцна хIума, цуьнан мах юхкуш волчунна дIалора цо, – Джабирера эцна эмкал юха цунна дIаяларх терра. Наггахь, юхалург хIума а йоккхий, цул алсам, гIоле, йоккха ерг дIалора цо, шен болчул алсам мах лой хIума а оьцура цо. СовгIат схьаоьцуш, шена деллачунна дуьхьал цул алсам, гIоле дерг луш вара иза, шегара гIиллакх гойтуш, тарлучу агIор сагIа даларан, дика даран дакъош билгалдеш. Цо луш долу сагIа, деш долу дика шен хьоле, ша олучу даше хьаьжжина хуьлура. Шегахь ерг сагIина лора цо, сагIа ло аьлла омра деш, оцу тIехь нах сутара беш, сагIа даларе уьш кхойкхуш вара иза. Шена бIаьрмециг, сутара стаг гича, сагIа даларе, комаьрша хиларе кхойкхура цо иза. Цуьнца цхьаьна хан яьккхинарг, цунна накъосталла динарг, цуьнан нийсо шена гинарг шен дегI комаьршаллех, догдика хиларх а ца дузуш висина вац. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нийсо ю-кх, диканиг даре, сагIа даларе, шарIаца догIуш дерг леладаре кхойкхуш. Цундела Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлийда цунна) кхиболчу нахал комаьрша, догцIена, дог дика долуш вара. Баккъал а, сагIа даларо, диканиг даро адам комаьрша дарехь тамашийна лар юьту».
Хьизаман кIанта Хьаки́ма (Дела реза хуьлда цунна) элира: «Сайн неIарехь цхьа хIума оьшуш веана стаг воцуш Iуьйренга ваьлла вац со, иза, оцу тIехь Делера ас сайна ял йоьхуш болу, баланех цхьа бала хилар суна хууш бен».
Хьасан аль-Басрис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ахьнафана цхьана стеган карахь дирхIам гира, тIаккха цо хаьттира: «Хьенан ду хIара?» Оцу стага, шен ду аьлла, жоп делира. Ахьнафа элира: «Иза хьан дац, ахь иза ял хиларе сатуьйсуш сагIина дIадаллалц. Хьо хууш хилалахь, ахь даьхни сагIина ца луш хьайгахь сацадахь, хьо цуьнан ву. Амма ахь иза сагIина делча, даьхни хьан ду».
Шайх Мухьаммад-Салима (Дала къинхетам бойла цунах) сагIанах, сагIа даларх лаьцна аьлла: «СагIа далар – деккъа даьхни я даьхница мах хIоттош дерг сагIина даларна тIехь хедаш дац, бакъду, цо чулоцу ерриге а дика Iамал: хаза дош; елакъежна юьхь; стагана шен хьайбанна тIехууш гIо дар, цуьнан партал цуьнга дIакховдор; халонехь волчунна декхар тIаьхьататтар я цхьадерг гечдар. Наггахь АллахIана деш долчу Iибадатах а стага шен бусалба вешина сагIа далар хуьлу. Цуьнан масал: цхьа стаг маьждиге веана, нах малхбуза ламаз дина бевлча, тIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Мила ву хIокхунна сагIа лун дерг, цуьнца ламаз а дина?» Цуьнан маьIна: «Цуьнца цхьаьна ламаз юха хьан дийр ду?» Абубакара (Дела реза хуьлда цунна) сагIа делира цунна (ламаз дира цуьнца)».
СагIа даларан коьртачу хьукманех ду:
- СагIина луш ерг цIена, хьанал яьккхина хилар. ХIокху хьукмано адаман дахарехь уггаре хьалха юьту лар – иза адам хьанал дерг лаха, даа марздар ду. Билггал хууш долчух ду, цхьана а хIумано адам, Дела резавар лохуш, Далла герга ца дуьгу, нагахь и хIума Далла гергахь цIена дерг дацахь. Нагахь цо Дела резавар лоьхуш сагIина луш ерг цIена яцахь, цо шена Делан оьгIазло тIейоуьйту, хIунда аьлча АллахI оьшуш Вац Шен цIарца цо хьарам дохнаца харж яр.
- Луш долу сагIа шен хьоле хьаьжжина хилар. Адамна там болуш дац, шена чIогIа оьшуш долу хIума сагIина далар, тIаккха цо дохко а ваьлла ша-шена бехкаш бохкур болуш. Хьалдолуш хилар шина кепара ду:
а) Дохнаца хьалдолуш хилар – иза ша сагIа луш верг ву, шена, шен доьзална, дахарехь шена оьшуш долчунна иэшам ца беш. ХIара хьал массо а нахехь дерг ду, наггахь хьайбанашкахь а хуьлу иза, хIунда аьлча, хьайбано ша дуьзча шен докъар даарх кхидолу хьайбанаш юха ца туху. Амма ша меца долуш, цо шен докъар даарх кхидерш юхатуху, шеца чIогIа уьйр йолуш хьайбанаш уьш делахь а.
б) Шегахь долчух тоам барца хьалдолуш хилар – иза цуьнан са меца ца хилар ду, ша мел чIогIа меца велахь а. ХIара хьал Дала хаьржинчу нахехь хуьлуш ду, Къуръана чохь Дала ансараш хасторах терра, Ша олуш: «Цара (ансараша) даьхни даларехь шайл толабора уьш (мухIажарш), шаьш цуьнга мел чIогIа хьашто йолуш делахь а. Шен дегIан бIаьргмецигалла юхатоьхнарг милла велахь а, – и ву-кх декъалхилларг». «Аль-Хьашр», 9.
Веза-Сийлахьчу Дала вай даггара деллачу сагIанах бахьана дина, Ша динарг бен кхин IиндагI доцчу дийнахь Шен IиндагIехь гулдойла вай.
Х1оттийнарг – Халид бин Сулайман бин Али (Iалий)
Гочдинарг – Магамедов Сулиман Рахманович