Сий лардар
Дуьнен чохь уггар дезаниг сий лоруш хилла Нохчаша. Гуттар а сий лардеш баьхна уьш. И дан ца дайтина цара, уггар лакхарчу метте диллина, лардина. Цу сийнна т1екхевдинарг сийсаз а вина, цуьнан сий а дайина. Тахана а иштта бехаш а бу бакъболу Нохчий. Нохчашна цкъа а ца хилла сийнал лекхара х1умма а, и сий лардеш вала, ван кийча хилла нохчи даима а. Сий дайначул т1аьхьа вахаран маь1на д1адолий хууш хилла царна. Цундела, къилба санна и лардина массо а хенахь. Мел ницкъ болуш хиларх, мел хьолада хиларх, сийнна т1е кхевдинехь, и жоьпе озош а хилла, оцу жоьпаллех и волуьйтуш а ца хилла. Цуьнгара хьакъ ма-дду жоп доьхуш хилла: тухуш хилла, 1уттуш хилла, вуьйш-воккхуш хилла. Цундела, вовшийн сий лардеш а хилла, ц1арах санна, нехан сийнах ларлуш а хилла, ц1аро санна, шаьш нехан сийнах хьакхалахь, цо дагор дуй а, цо доттур дуй а хууш а хилла нахана. Тахханалц иштта схьа а деана иза вайн халкъана юкъахь. И ца хуучунна, хаийта дезаш а, хуучунна юха а карладаккха дезаш а ду!
Шен сий доцург бен кхевдар вац нехан сийнна т1е. Шен цхьа х1ума доцчунна бен ца оьшу и х1ума. И цуьнан дацара аьлла, цхьа а т1екхуьйдуьйтуш х1ума яц сий. Сий-дахарал лакхара х1ума ю. Сийнна т1екховдарх ларвала веза!
Банжаев Аьрзу