Общество

Куьг хьакхахьа буоберан коьртах

РагIу а, божал а вовшаххотталучу сонехь, дуьненна а букъ тоьхна, къаьхьа доьлху бер, юхадерза ца туьгуш, са уьйзуш.

– Ма елхахьа, вашин йоI. Ма елхахьа. Хьо хIунда йоьлху сил чIогIа? Хьуна хIун хилла?… ЙоьIан коьртах дайн куьг хьокху ас. Шозза, кхузза. Иза пенахьа дIатаьIа. Ас юха а куьг хьаькхча, доккха «ахIи» а дой, елхар жим-жима лахдан хIутту йоI, амма са юха ца доьрзу.

– Мамас дов дина хьуна? – хоьтту ас.

– Сан мама яц.

– Стенга яхана?

– Яц-кх.

– Папас дов дина хьуна, тIаккха?

– Папа а вац, цхьа а вац…

ХIинца сан бIаьргаш а тIунло, логе шад хIутту…

Меллаша дайн юха а йоьIан коьртах куьг а хьокхий, иза сайгахьа схьаерзайо ас, эгIаза белшаш яйн схьа а лоцуш. Къаьрззина соьга схьахьоьжу иза, елхаран къурдаш а деш. Вовшашка хьаьжжинчохь Iа тхойшиъ цхьана юкъанна, дист ца хуьлуш. Оцу минотехь суна ца хаьара йоьIан са ас хIун аьлла тедан деза. Голаш тIе а лахвелла, иза маракъевлира ас. ЙоIа дуьхьало ца йира, иза дIа а ца гIоьртира. Корта сан некха тIе а таIийна, дIатийра иза, доккха са а доккхуш. Къора тийналла хIоьттира.

Масех минотехь иштта Iийра тхойшиъ. Таккха, хьалагIаьттина, йоI марахь а йолуш, церан уьйтIа вахара со.

– Мичахь бара хIара моьлкъа? ХIара кара а эцна, хьо стенна веана хIокху керта? Хьо мила ву, ван мукъане а?… – ши бIаьрг къарзийна, тIейирзира шовзткъа шаре йирзина хир йолу зуда.

«Ш-ш», — аьлла хичаш йира ас, гIовгIа ма яхьара ахь, – аьлла.

– ХIумма а хир яцара цунна-м. Ирс долуш хиллехь-м шен нанна тIаьххье…

– Кхин гIар ма елахь суна! – лохха тIечевхира со цунна, цуьнан дош хадош.

— Хьо мила ву? Хьо ма чIогIа верас хилла дIахIоьтти. Хьо вала мичара вели? – элира, хаьнтIе ши куьг хIоттийна дуьхьал йогIаеллачо.

ЙоIана наб озийнера. Иза сан карахь паргIатъяьллера. Цунна, стенна делахь а, хьацар тоьхнера, дегI малделлера.

– Делан дуьхьа, хIара йоI метта охьайиллийтахьа соьга, сама а ца йоккхуш. Таккха ас дуьйцур ду хьуна со мила ву а, со мичара ваьлла а, сайна хIун оьшу а, дийхира ас.

– Вало суна тIаьххье, – юха а тIечевхира иза. Тхо чудахара. Чохь цхьа а къепе яцара. Дивана тIера цхьацца хIума дIаяьккхира цо, йоI охьайилла меттиг паргIатйоккхуш. Иза, эссала, набарха яларх ларъеш, охьайиллира ас. Юха, цу чуьра аравелира, неI тIе а тоттуш.

… Сан собарх, леларх цецъяьллачух тера дара зуда. Оьхазло а лахъеллера. Хьажа юккъе хIоттийна шад а шарбеллера. Делахь а, цхьа сингаттам, бала, резаяцар хаалора цуьнгахь. Сан хаттарна жоп а луш, цо дийцира йоьIан нана тIеман муьрехь кхеттачу лазарх кхелхина хиларх а, балха воьду аьлла араваьллачу цуьнан дех хилларг хууш цахиларх а, ша оцу йоьIан дешича хиларх а, дуккха а кхечунах а лаьцна.

– ХIара йоI бахьанехь айса дечух а, лелочух а яьлла со. Цхьана а минотана сацам бац. Иза ца кхочуш меттиг яц. Дегабааме ю. Iуьйранна дов динера ас цунна… Хьажахь, моханаш лело яьлла-кх…

– Хьаста, Iехо, хьаьжний хьо, – Iа а ца велла, цуьнан къамела юкъа иккхира со. – Берана ден-ненан марзо ма оьшу.

– И хьоьстуш лела йиш-м яцара сан. Тоьар хьаха дара ас цунна яа, мала, тIеюха латтийча.

– Тоьар дац хьуна, дукхаяхарг. Тоьар дац. Буо ма ду иза, да-нана, йиш-ваша доцуш. Хьо йоцург тIетовжа, къахета стаг воцуш, верас воцуш. Бусалба динехь мел деза дийцина хаьий хьуна буобере хьажар, иза кхиор. Жимма сатохахь, хьайна ялсамане йоккхур ю-кх ахь. Сатохахьа. Собаре хилахьа. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), ши пIелг а лаьцна, баьхна-кх: «Буоберан дола динарг къематдийнахь ялсаманехь, иштта хIара ши пIелг вовшашна юххехь санна, суна юххехь хир ву». Мел доккха хIума ду иза. Мел боккха къинхетам бу иза. Нагахь санна, вайн Элчанна ( Делера салам-маршалла хуьлда цунна), юххехь ялсаманехь хила лууш делахь, буобер хьаста, цуьнан догъэца деза вай. Цуьнан нана яцахь – нана хилахь, да вацахь – Да хилахь, боху вайга Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).

Хьайгара къинхетам дIабаьлла, дог чIагIделла хьал делахь, бер хьастахьа, цунан бIаьрхи дIадаккхахьа, караэцахьа – дог дешар ду хьан, къинхетам буссур бу хьан даг чу, берана оццул оьшуш болу. Цхьана асхьаба вайн Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла хилла: «Шен дог ма чIогIа чIагIделла-кх, къинхетам дIабаьлла-кх шегара, ша хIун дан деза-те?». «Буоберана коьртах куьг а хьакха , къехочунна сагIийна яа хIума а луо», – аьлла, жоп делла цунна Делера салам-маршалла хиларо. И хьадис Хурайрас дийцинчарах ду.

Цунна боху ас, хьастахьа и йоI, догъэцахьа цуьнан. Гур ду-кх хьуна хьайн дахар хийцалуш. Тахана кхоьлина ю хьо. Сингаттамо хьаьшна ю хьан дог-ойла. Сингаттаме ю хьан хIусам, ков-керт. Самукъа а, ирс а, беркат а деддачух тер ду кхузара. ДIабаккхахьа хьайн даг чуьра бала, — дийцира ас, цуьнан бIаьргаш чохь къинхетамца суй лоьхуш. Иза суна хаа а белира.

– Бер ша самдаьлча, дела а доьлуш, шен нанна тIехьоду хьуна. Иза чохь ца хилча дена тIехьоду хьуна. И шиъ ду хьуна оцу беран дуьне. И шиъ доцург цунна кхин хIумма а ца го хьуна, и шиъ доцург цунна кхин хIумма а эша а ца оьшу хьуна. Гиний хьуна  буоберан бIаьргаш? Балий, сингаттамий боцург царна чохь кхин хIумма а ца хуьлу хьуна. Хьажлахь…

Хетарехь, хIинца соьга ладугIуш а яцара и зуда. Суна ца евзачу ойланаша йийсаре лаьцнера иза. Цуьнан бIаьргаш соьга хьуьйсуш дацара. Цхьанхьа есалле догIаделлачохь севцнера уьш. БIаьргаш тIунделлера. Беснеш тIехула охьалеша дуьйладеллера бIаьрхиш. Со суо волччохь латта а вуьтуш, сихха суна букъ берзийна, цхьана доккхачу дикане сатесча санна, йоI йижина йолчу чу хьаьдира. Къайлаелира.

Цо ден дерг даго хьоьхуш хиллехь а, ган лиира. Цунна тIаьххье вахана неIарх чу хьаьжира со. Елха а йоьлхуш, йоьIан коьртах эссала куьг хьоькхуш яра иза. Ткъа йоI-м, маликаша  гIенаха хьоьстуш, йоьлуш Iара.

Арахь а цIеххьана маьлхан догIа доладелира. ЭхI! Ма хаза хуьлу-кх дуьне-Iалам маьлхан догIа догIуш.