Общество

Къоман дуьхьа араваьлла вара иза…

«Советан Ιедална дика накъост хир вара цунах, и тΙевирзича, олий, иза Владикавказе веача, леррина кечам а бина къамел дан со вахча, ас мел дина къамел дΙа а дойий, сан ерриге ойланца со шех теша а вой бен, чуьра ара ца волуьйтура цо».

«Билггал, бакъдолуш, Делера цхьа ницкъ болуш стаг вара иза».

(Коренев Дмитрий Степанович, Терски областан «Народная власть» цΙе йолуш революцин шерашкахь хиллачу газетан редактор. (Владикавказ). Историк волчу Натаев Сайпуддица цуьнан хиллачу къамелан кийсак).

ГΙеметта хΙоьттинчу хенахь цо долийна даккхий мехала гΙуллакхаш юкъах а дохуш, Ιедало дΙавигира и башха стаг Митаев Iела. Амма бисина цуьнан хьехамаш, цуьнан весеташ вай дехачу деношка кхаьчна. Цо лехнарг, цо сатийсинарг цхьаалла яра хΙусамехь, юьртахь, кΙоштΙахь, махкахь. Цо кхойкхура Далла гΙуллакх даре, къоман гΙиллакхашна тешаме хиларе. Цо вай лардира мунепакъаша дуьйцучарах тешарх, царна вешан дегнаш дΙаделларх, синош дохкарх.

Ишттачу хьолехь Ιелин таро яра кΙелхьаравала некъ лаха: хьалхара – долуш долчу Ιедална тΙеверзар, иза шех теша а деш; шолг1а – махкара дΙавахар, цхьамогΙа политикаша иза дина ма-хиллара; кхоалг1а – Ιедална дуьхьал гΙаттам айар, гΙазот кхайкхош, нохчий герзаца арабахар.

Амма царах цхьа а некъ къобал ца бира шайха. ХΙунда? Большевикийн Ιедалан сийдацар дукха дика девзинера Митаевна, цунна тΙеверзар бусалба динах дΙакъастар санна дара, ткъа моттаргΙанаш лелор Ιелица догΙуш дацара; махкара дΙаваха а, ша резавоций хьалххе дΙахаийтинера цо, нохчийн халкъ доцчохь шен дахар ца гора цунна. Амма оцу боьхачу Iедало вала а, вола а ца вуьтура иза…

1924-чу шеран март бутт болалуш, шен халкъ ша бахьанехь хьийза ца дойтуш, Iедалан кара вахара иза… Оцу тIе кхачале дукха некъаш а дира цо…,  делахь а хIинца вай ала гIертарг кхин ду…

…Цкъа эвтархо Солтханан Халад а, Жимачу АтагIара Юнус а (халкъалахь вевзаш хилла муо болу Юнус олуш)  набахте Ростов шахьара Iелина тIаьхьа вахана волуш, Халада хаьттинера цуьнга:

– Ιела, хьуна ма-хаъара, меца хΙуманаш ю хΙара большевикаш, алссам ахча делча, хьо дΙахоьцур вацара-те хΙокхара? Нохчаша иза гулдийр ма дара, хьаьнга мичахь, хIун дийца деза ахь тхоьга хаийтичхьана.

– Къахьега а ца оьшу, Халад, – жоп делира Ιелас, – шаьш мел меца белахь а, шайна мел дукха даьхни делча а, хоьцур вацара со кхара хIинца дIа. Аш-м и боху, – кхидIа а элира Iелас, –  хIинца вай тIехь лаьттачу дуьненан бухахь (вукха агIор – М.З.) Ιамарк пачхьалкх ю-кха, оцу пачхьалкхан дерриге а деши-дети шайна делча а, араволуьйтур вацара со хIокхара. Ца вевзачийн карара вели со, вевзачийн кара ваха со, эрна ду, Халад, эрна ду, – аьлла жоп делира Iелас. – Амма, бакъду, – тIетуьйхира юха, жимма соцунгIа а хилла, – со парте ваьлча (компарти – М.З.), Донал сехьара мохк (Юго-Восточни округ – иштта олуш хилла хIетахь вайнаха – М.З.)  схьа а луш, паччахь  хIоттавора со хIокхара. Юнуса сихха хаьттинера:

– Ва Iела, мегар дацара и тIаккха?

– Мегар дац, Юнус, мегар дац, вайна мегар дац, – элира Iелас, – багахь дIааьлла даьлча, дагтIе тухуш мухIар ду…

Тхан дас Джунайда сих-сиха дуьйцура Халадан, Юнусан хIетахь Iелица хилла и къамел. Эххар ас хаьттира сайн дагахь къийлинарг:

– ХIунда аьлла-те Iелас оццул тIечIагIдеш и мегар дац? Цул а гIоле дацара цунна оцу аьттонех пайда а эцна, шен дахар а, цул тIаьхьа дуккха а нехан дахар а лардинехь?

Джунайда иштта элира соьга:

– Вели а (Iела), цуьнан да Iовда а эвлаяаш ма хилла, шайна тIаьхьа бозуш эзарнаш муридаш а болуш.  Нагахь цо и динехь, муьлххачу хенахь а тIехтохам хир бара хIума ала гIертачеран, шайх муха хуьлу коммунист а волуш, шен халкъ хIаллакдечу Iедална коьртехь а волуш, аьлла. Оцу Делан мостагIашца цхьаьна  дIавахалур вацара и, я и цуьнан некъ а бацара, халкъах катоха кечделла дара хIетахь Iедал. Ткъа Iелин шен дуьхьа цхьа а хIума дацара,  шен халкъан дуьхьа, Делан некъа тIехь и нисдан араваьлла лелаш вара иза, – аьлла…  Суна и нийса а хийтира.

Ιелин дешнаша дика гойту, ша боккхуш берг хΙун ког бу юьхьанца дуьйна цунна хууш хилла хилар. Амма, тΙаккха а, шен халкъан цхьа тΙадам цΙий ца Ιанош, мунепакъийн керавахара иза. Цуьнан векал ву ша бохуш, халкъ дуучех вацара Митаев Iела, цуьнан векал ша вуй а хууш, Делан дуьхьа, шен халкъан  дуьхьа вала резаверг вара иза, шен халкъ хьеха а хΙунда до, кхечу къаьмнийн векалийн цΙийн цхьа тΙадам Ιанор бу цо аьлла, бохуш хезна меттиг яц цкъа а, цхьана а меттехь а. Масала, Теркайистехь нохчийн ярташна ха деш болчу хенахь кхойкхий балабора цо гΙалагΙазкхийн эпсарш, шен чΙагΙонаш, герз гойтура царна. Уьш кхерор дацара иза, мелхо а ларбар дара. ХΙумма а сонта боцу гΙалагΙазкхий дика кхеташ а хилла хир бу оцу тактиках.

«МостагIчуьнца а мегар дац тешнабехкаца тIом бан», – олура Iелас. Дахаран оцу халчу муьрехь дукха меттигаш яьхкинера, оцу кепара тIелатар дан кечбелла болчу тIемалошна Iелас дуьхьало еш, царна и бакъо ца луш, мел чIогIа и аьтто болуш нисделлехь а.                                                                                                                                                                   

Заурбеков Мас1уд