ХАТТАРШ А, ЖОЬПАШ А — ШАРИІАТЦА
Доьзалхо кхиош долчу дена-нанна, доккха хилча, и бер муьтIахь доьзалхо хилийта, ийманехь, махкана пайдехь хилийта хIун дан деза?
Шайн доьзалхо дуьнен тIе ваьлча, дас-нанас шайн дахар хийца деза. И доьзалхо церан гергарлонна бина шад бу. И доьзалхо кхиа воьлча, дас а, нанас а вовшашца болу барт гайта беза, царна масал хилийта. Дас-нанас вовшийн сий деш ца хилча, беро цу шиннан амал схьаоьцур ю.
Бер доккха хуьлуш нахана юкъадала доладелча, цо хIун леладо-те, самукъа муха доккху-те, шайн бераца чувогIург мила ву-те олуш, къайлах-къулах Iуналла деш, терго латто еза.
Къинхетаме волчу Дала, оцу кеппара тидам а беш, доьзал кхиор лойла вайна, ийманехь, махкана а пайдехь болуш!
ЦIийнда вала а велла, бай кхобуш Iаш ю ша. Оьшучу хьажош оцу берашна луш долу пенси ду шен, кхин тIедогIуш рицкъ ца хиларе терра. И ахча иштта дайа мегар дуй?
Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу хенахь тIемашкахь гIазот доккхуш дуккха а нах бойуш хилла. Церан доьзал зудчо, дедас, девашас кхаба безаш хьелаш хIоьттича, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) церан къаьсттина яахIума хила еза аьлла сацам бина хилла бусалба динехь.
Иза халчу даьлча, гергарнаш, ша-ша волуш, иза тIеэцарна дуьхьал хилла. Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Делан лаамца бен вистхилла вац. Дала цуьнга юха а омра даийтина, доьзалан хьашташна эшам ца беш, царна догIуш долу рицкъ эдийна лело мегар ду аьлла. Цул тIаьхьа паргIато яьлла бай лелорехь долчу гIуллакхна.
Шен цIийндена муьтIахь хила гIерташ ю ша. Амма иза де-буьйса доккхуш балхахь хуьлу. Цуьнгара пурба доцуш, ша араяла мегар дуй?
Чуьра араяларна цIийнден пурба хила деза бохург-иза оцу цIийнден лаамашна кIел и зуда саца еза бохург ду. Мегар ду, цIийнден шеко йолчу новкъа ца лелчахьана, оцу цIийндас, ша цIахь а воцуш, хьо араялахь мегар дац аьлла, бехкам бина хьал дацахь.
Иссазза цIе а тесна йитина хьо аьлла, ша шен зуда йитинера. Цул тIаьхьа масийтта шо даьлча, иза юхаялийна ша, бакъду, кхечанхьа кхин маре яхана яц иза. Цунах лаций алахьара боху.
ШариIатехь бакъо йоцург ду цо динарг. Иза юхаялаяле хьалха хатта дезара. Ша оьхазваханчохь исс а, масийтта а цIе тосий юьту зуда, зудчунна кхоъ бен цIе таса йиш яц. Оцу кхааннах кхоъ а цхьана меттехь теснехь, кхоъ а южур ю. ТIаккха юхаяло мегар ду аьлла, цIа ялийна волчо ша лур ду цунах жоп. Ма дийла эвхьаза! Зуда йита ма йита, дов даьллехь, вовшех къастий садаIа, ойлае, дохкодовлий хьовса. Ша иза юхаялийначул тIаьхьа хетта ца дезара цо иза. ХIинца хIунда хоьтту? Иза юхаялаяле хьалха хууш волчу Iелимстагах дагавала везара.
Беран да велла, нана кхечанхьа маре яхана. И бер кхабар денанна тIехь ду я ненанна тIехь ду?
Iаьрбийн къоман санна вайн тайпанаш дегахула ду. Доьзалш ненан тайпана ма ца хуьлу, ден тайпана хуьлу. Нагахь санна ненанас, хIара доьзал шега кхабийтахьара аш аьлла дехча, и магош жоп луш гIиллакх хилла вайн, хIунда аьлча, ненанана алсамо къинхетаме ю.
Бакъду, доьзал ненанас кхабахь а, царна напха хилийтар дехошна тIехь ду-бераш церан ду.
Нагахь санна, царна юкъахь муьлхачо кхаба деза бераш аьлла къовсам баьллехь, ден агIо толор ю. И къовсам ца балийтар, берех къинхетам бар, царна там хилийтар ду-кха вайн,баккхийчеран декхар.
Хаттаршна жоьпаш делла
КЪКФО-н Iелимнехан кхеташонан куьйгалхочо — Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас