Разное

Бусалба наха дуьненан lилманехь йитина лар

Ботаника а,

фармацевтика а

Боккхачу лерамца ботаник а, фармацевт а санна вевзаш хилла Ибн Байтер (1190-1248). Шен книги тIехь 1400 дарбанан ораматаш, бецаш билгалъяхна цо. Цу хьаьрмахь и 1илманан болх уггар коьртачех лоруш хилла.

 Инженери

Оптикин бухбиллархочо Ибн Хейсама (965-1051) шен «Сурт хIотторан книга» (книга изображений) цIе йолчу книгица тIеIаткъам бина Iилманчашна Роджерна Бэконна а (1214-1294), Кеплерна а  (1571-1630), иштта Леонардо Да Винчина а (1452-1519). Ялх бIе шарахь Iилманехь коьрта лоруш хилла и книга. Куьзганин горга (сферически) серло юхатохаран механизм цуьнан цIарца ю «Аль-Хазинин проблема» (Проблема Аль-Хазина). (И цIе йоккхуш хилла Европехь Ибн Хейсаман).

 ***

Ибн Фирнанас цIе йолчу Iилманчас 880 шарахь дуьххьара тIома йолуш йолчу аппарат санна болу гIирс вовшахтесна. Цунна коьчаллина цо чорда (плотный) кIади, олхазарийн  месаш лелийна. И аппарат дуккха хIаваэхь Iаш а, лаьтта яйн охьаюьссуш а хилла. Малхбузехь дуьххьара аппарат тIомаяккхар 1903 шарахь хилла.

***

Дуьххьара кехат деш йолу фабрика Багдадехь 794 шарахь

Ибн Фазлос йина. И тайпа  фабрика йина 800 шарахь Египтехь, 950 шарахь Андалусехь (Испанин къилбехь). Европехь и тайпа фабрикаш тIаьхьо юьйлаелла: Византехь-1100, Сицилехь -1102, Германехь-1228, Англехь -1309 шерашкахь.

Зоологи

Ахкаройн дуьненна биллгал долу хаарш делла Дамири (1349-1405) цIе йолчу Iилманчас шен «Хаятул-Хаван» аьлла болчу балхаца. Цу балхаца зоологи Iилма санна дуккха а кхиийна цо.

Х. Агаев