Пророки и посланники

Адам-пайхамар

(Делера салам хуьлда цунна)

Веза-Сийлахьчу Дала боху Сийлахьчу Къуръана чохь: «Хьан Дала маликашка аьлла хан хьахае ахь: «Баккъала а, лаьтта тIехь халиф (белхаш дIакхоьхьуш верг) кхолла воллу Со». Цара элира тIаккха: «Ахь кхуллу оцу тIехь бохамаш бийр берг, цIий Iенор дерг, тхо Хьуна хастам барца тасбихь деш ма ду (субхьа́налло́хIи ва бихьамдихIи, – олуш), Хьо цIанвеш а ма ду (Хьоьца там боцчух)». Цо (Дала) элира: «Суна хаьа шуна цахуург».

        «Аль-Бакъарат», 30.

Iамран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «Адам-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) кхоллале ши эзар шо хьалха кхоьллина хилла жинаш; уьш вовшийн цIий Iено дуьйладелча, Дала маликийн эскар дахийтина царна тIе, цара уьш хIордан гIайренашка лаьхкина». Маликаша шаьш Деле аьлларг адамашца хьагI лаьцна ца аьлла, оцу жинаша сана адамаша а бохамаш барна кхоьруш, аьлла.

Массо кепара беснаш долу латта а даийтина, тайп-тайпана хишца хьен а хьийна, Адаман (Делера салам хуьлда цунна) куц хIоттийна Дала.

Цуьнан кхоллар кхочуш а дина, Дала цунна чу са далийча, Адама(Делера салам хуьлда цунна) хьоршам туьйхира. Уллехь долчу маликаша цуьнга элира: «Альхьамдулилла́хI (АллахIана хастам бу) ала». Адама (Делера салам хуьлда цунна) иза аьлча, Веза-Сийлахьчу Дала элира: «Рохьимака роббука (Хьан Дала къинхетам бойла хьох)», – аьлла. ТIаккха Дала Адаме (Делера салам хуьлда цунна) омра дира, уллехь долчу маликашка салам ло, цара хьайна бечу лераме ладогIа, аьлла. Адама (Делера салам хуьлда цунна) цаьрга: «Ассала́му Iалайкум», – аьлла, салам делира. Маликаша цуьнгара салам схьаийцира: «Ва Iалайкассала́му ва рохьматулло́хI», – аьлла. ТIаккха Дала Адаме (Делера салам хуьлда цунна) элира: «Ахь а, хьан тIаьхьено а вовшашна юккъехь бан беза лерам бу иза».

Цул тIаьхьа Дала маликашка омра дира, Адамна (Делера салам хуьлда цунна) лерамбеш сужда де, аьлла. Веза-Сийлахьчу Дала боху Сийдолчу Къуръана чохь: «Дерриге а маликаш суждане дахара, Иблис доцург, цо куралла йира, и керсталла динчарах хилира. Цо (Дала)элира:«ХIай Иблис, Ас кхоьллинчунна сужда дарх хьо юхатоьхнарг хIун ду, курадаьлла хьо я хьуо лакхара хета хьуна?»Цо (Иблисо) элира:«Со цул (Адамал) дика ду. Ахь со цIарах кхоьллина, иза поппарх кхоьллина». Цо (Дала) элира: «Арадала цу (ялсамани) чуьра. Баккъал а, хьо (тIулгаш детташ) эккхийна ду. Баккъала а, хьуна Сан неIалт ду бекхаман де даллац».«Цо (Иблисо) элира: «Суна хан лохьа, уьш (нах) юхаденбийр болу де тIекхаччалц (къематде тIекхаччалц хIаллак ца деш дитахь со)». Цо (Дала) элира: «Баккъал а, хьо хьайна хан еллачарах ду, билгалйинчу хенан дийне кхаччалц». Цо (Иблисо) элира: «Хьан возаллех дуй буу ас, уьш берриге а тилоза Iийр ма дац со, царах Хьан цIена леш боцурш». Цо (Дала) элира: «Баккъал а, бакъдерг олу Ас, жоьжахати юзаза Iийр ма вац Со хьох а, царах хьуна тIаьхьа мел хIоьттинчух а». «Сод», 73-85.

Дала Адамна (Делера салам хуьлда цунна) ерриге а хIуманийн цIераш хаийтира, Шен маликашна а ца хууш йолу. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цо (Дала) Iамийра Адамна ерриге а хIуманийн цIераш, тIаккха гайтира уьш маликашна. Цо элира: «Аш суна йийца хIокху хIуманийн цIераш, шаьш бакълуьйш делахь. Цара (маликаша) элира: «Хьоьца там боцчух цIена ву Хьо, тхо хууш ма дац Ахь тхуна хаийтинарг бен. Баккъал а, Хьо ву-кх Хууш верг а, массо хIума нийса деш верг а». «Аль-Бакъарат», 31-32.

Адам (Делера салам хуьлда цунна) ялсамани чохь сагатлуш лелаш хилла,оцу чохь шеца цхьа а ца хиларна. Цхьана дийнахь набарха ваьлча, шен коьртехь хиъна Iаш зуда (Хьава) карийра цунна, Дала цуьнан аьрру пIенданах Ша кхоьллина йолу. Ялсамани чохь мел долу даар Дала цаьршинна хьанал дира, цхьа стом боцург. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха элира: «ХIай Адам, вехаш Iе хьо а, хьан зуда (Хьава) а ялсамани чохь, ашшимма даа цу чуьра шорта (рицкъа), шаьшшинна луъучу меттехь, амма шуьшиъ герга ма хила хIоккху диттана, зулам динчарах хир ду шуьшиъ тIаккха». «Аль-Бакъарат», 35.

Иблисо (шайтIано) Iехийра и шиъ, цо дуй биира,ша цаьршинна хьехар деш ду, аьлла. ТIаккха Дала ма баа аьлла стом биира цаьршимма, и бахьанехь ялсамани чуьра арадаьккхира и шиъ. Дала Адамна (Делера салам хуьлда цунна) дагатесира тоба даран дешнаш, тIаккха Адама (Делера салам хуьлда цунна) элира: «Тхан Дела, оха зулам дина тхайн догIмашна, Ахь тхуна геч ца дахь, тхох къинхетам ца бахь, баккъал а, тхо хир ду эшначарах».«Аль-АIраф», 23.

Дала цаьршиннан тоба къобалдира, лаьтта тIехь цаьршинна даха меттиг а билгалйира Цо.Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха элира: «Оцу (ялсамани) чуьра охьадисса шу дерриге а, Соьгара нийсо шуьга кхачахь, Сан нийсонна тIаьхьабаьзначарна кхерам хир бац, я гIайгIане а хир бац уьш (эхартахь)». «Аль-Бакъарат», 38.

Дала цунна дуьненан дахарехь оьшуш йолу говзалла Iамийра. Адам-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) эзар шарахь вехира дуьненчохь, цуьнан доьзала хилира: 20 кIанттий, 20 йоIIий. Царах хьалхара доьзалхо Къабил вара. ХьагI лаьцна шен ваша ХIабил вийра цо. Адам-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна), цуьнан доьзало еш йолу Iамал – Дела цхьаъвеш, Далла гергавуьгуш йолу (гIурба дер) Iамал яра. Къабил ялта кхиош вара, ткъа ХIабил жа кхобуш вара. ХIабила, Далла герга хуьлуш, гIурба дийра, шен жа юкъара уггаре гIоли болу уьстагI хаьржина, ткъа Къабила шен ялтанах уггаре а ледарниг гIурбанна хаьржира. ЦIена ниййат долчу ХIабилан гIурба Дала къобалдира, сутара волчу Къабилан гIурба къобал ца деш дитира. И бахьанехь Къабила хьагI а лаьцна, шен ваша ХIабил вийра. Дала Адаман (Делера салам хуьлда цунна) дог хьостуш, беркате доьзалхо велира цунна, Шис цIе йолуш. Дала цунах пайхамар вира, цуьнга 50 жайна а доссийра. Адам-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дIакхелхинчул тIаьхьа нахана тIехь нийсонца куьйгалла дира цо. Цара ян еза Iамал билгалйира цо, заманан хьесап дар а (де-буьйса дагардар) Iамийра.

ХIокху вай дийцинчух

схьалаца дезарг

1. Ша цхьа хIума дале хьалха, сийдолчарах дагавалар дика хилар.

2.Субхьа́налло́хIи ва бихьамдихIи – деза тасбихь хилар, Дала Шен маликашна хаьржина долу.

3. Хьоршам тоьхначо «Альхьамдулилла́хI (АллахIана хастам бу)» алар, иза хезначо «Йархьамукалло́хI (Дала къинхетам бойла хьох)» алар, – бусалба нехан декхар хилар.

4. Бусалба нахана юккъехь болу лерам «Ассала́му Iалайкум», – аьлла, салам даларца хилар.

5. Салам схьаоьцуш верг «Ва Iалайкумус-сала́му ва рохьматулло́хI», – аьлла соввалар – мела хиларехь деза хилар.

6. Дала адамаш даздина хилар — вайн да Адам (Делера салам хуьлда цунна) Ша кхолларца, маликашка цунна сужда дайтарца.

7. Адамийн уггар а воккха мостагI – Иблис (шайтIа) хилар.

8. Куралла – Далла цаезна амал хилар, и бахьанехь Иблис (шайтIа) Дала Шен къинхетамах генадаьккхина хилар а.

9. Шегара къа даьллачо, дохко а ваьлла, Деле шена гечдар доьхуш тоба дича, Дала цунна гечдеш хилар.

10. Iамал къобал хиларан коьрта бехкам – цIена ниййат долуш, Делан дуьхьа и ян езаш хилар.

11. ХьагI лацар – адам тилош, иза зулам дарна тIедуьгуш некъ хилар.

           Магомедов Рихьминин Сулиман