Хаттарш а, жоьпаш а – шариIатца
ЦIийндас чIогIа оьхазваханчу хьолехь а волуш, зудчуьнга йитина аьлча, и зуда йиталуш юй?
Вовшашна къинтера а девлла, самукъа даьллачу меттехь юьтуш яц зуда. Оьхазваханчу меттехь бен зуда йитар хуьлуш а дац, оьхазвахана волуш и зуда йитича, и зуда йиталуш ю. Оьхазвахана вара, я вацара аьлла, оцу тайпана некъаш дац цу белхан. Цундела, оьхазвахча, меллаша букъ тохий, дIа а хьовзий, ша кхидIа хIун дийр дара-те аьлла, ойла ян еза стага, ламаз эца деза. Вайн дегIаца лелаш долчу шайтIанна оцу вайн цIийцIа лелар а делла Дала. Шийлачу хица ламаз а эцна, и стаг ойла ян ваьлча, цIий шелдо цо, цIий лелаш долу пхенаш шелдо цо, тIаккха ойла ян воьлча, ойла метта йогIур ю цуьнан, зуда юьтучул а цайитар гIолехь хетар ду цунна. Цундела и лаха деза, амма оьхазвахана волуш а, стага зуда йитарх, и йиталуш ю.
ЦIийнда вала а велла, ши бер долуш ша йисича, цул тIаьхьа маре яхана зуда. И ши бер шайн долчаьргахь, шайн цIахь дитина цо. Цул тIаьхьа дукха а хан зама яьлла, и бераш даккхий ду, и шайн нана хьалха маре яханера бохуш, бераш нене дист а ца хуьлуш, цуьнан дола ца деш, шайх и нана хьоьгуьйтуш бу. Цуьнах лаций алахьа боху.
Вахар хала ду, дерриг там-товр деш дац, доьзалш тергал бар доцуш, ас-со къовсий, цIийнада а, хIусамнана а вовшах долий меттиг хуьлу, тIакхха цхьаьна дахар ца хуьлуш, и шиъ къаьста. Зуда кхечанхьа маре йоьдуш хуьлу, стага зуда ялош нисло. Велла йуьсий, бераш кхаба гIерташ йоллу зуда, юха а шена зен хирдолчу некъах ларяран дуьхьа маре яхана меттиг хуьлу. Иштта оцу берашна эшамаш дуккха а хуьлу, и эшамаш царна хиллехь а, нана йолчуьра дIа ца йолу нана, доьзалш оцу ненан болчуьра дIа а ца бовлу. Нагахь санна оцу доьзалан даьхни а долуш, кхиа а кхиъна, и доьзалхо хилча, доьзалхо велча, цуьнан даьхни шарет дечу хенахь, кхечанхьа марехь елахь а, оцу нанна цуьнах ирс догIур долуш ду. Цо гойту, царна юккъера ненан гергарло дIадолуш цахилар. Уьш кхетаме а, хьекъал долуш а болчу нахах дагабовлахьара, ненаца ийгIина Iачул а. Дена-нанна суьдахо хилла Iен бакъо яц доьзалхочун, нана реза хуьлу агIо лаха еза доьзалхочо. Тоххара ма ца лехна цо со резавар аьлла хетар ду доьзалхочунна, цуьнан хьекъал тIекхуьур дац, хаза Iеламстагах дага а ваьлла, динехь муха ду-те шен лелар аьлла ойла йича, меттахIуттур вара доьзалхо. Тесна йита бакъо яц, тIеттIа даха а деза, гIиллакх хIотто а деза. Цкъа а дIаер йоцу марзо ю доьзалхочунна а, нанна а юкъахь ерг. Цундела хаза юкъаметтиг лаха еза. Церан сий ма дац дайинарг, шариIатехь шен бакъо йолуш некъ бу цо бинарг, и доьзалш а, нана а вовшийн ца хилча ца бовлу.
ХIусамнана шен цIийнда чуваьлча, хьалагIатта езий?
Доьзалехь марзо хиларе терра, марзо сов ер ю церан. ЦIийнда лийрича, шайн сий лахло моьтуш болу зударий хьекъална эшна бу. Вайн зударшна хаа дезара цIийнда лийрича бен, шайн сий лакхадер доций. Вайна дуккха а халкъийн шайн-шайн гIиллакхаш гина, бусулба нехан гIиллакхаш вайн гIиллакхашца ца догIуш дайна вайна. Бусулба дин Iаьрбашна шайна, нохчашна шайна, туркошна шайна доссийна дац. Моссо а махкахь Iаш болчу нехан гIиллакхашца , амалашца нисдан йиш а йолуш, Дала шегахь шорто йолуш даийтина ду бусулба дин. Дин дохош доцу вайн мехкан гIиллакхаш, амалш – уьш ерриге а динехь магийна ю, дин дохош деана доцу хIума – и дин ду. ХIунда? Оцу динехь ду вовшашийн лерам бар. ЦIийнаден лерам беш хIусамнана хьалагIоттуш хилча, цо шен беш болчу лераман хам а бийр бу оцу цIийнадас. Юкъаметтиг хазлур ю церан, Iер-дахар хаза хир ду церан. Иштта лерам хIусамнанас латтийча, доьзалан хир бу шайн деца лерам, ненан сий лакха дер ду доьзална хьалха. Шен цIийнадех эла веш и зуда елахь, оцу шен доьзалнан эла хилла дIахIуттур ю иза. Шен цIийнадех лай веш и зуда елахь, шен доьзало сий дойур ду цуьнан. Бусулба дино санна бакъонаш цхьана а дино ца елла. Болх бан декхар йоцуш, тIедуха хIума, яахIума – моссо а хIуманца Iуналла а, дола а цIийндас дан дезаш ю зуда. Оццул йоккха паргIато елла дIахIоттийна дино хIусумнана. ЦIийнден сий дийр дац ша сийлахь йолчу зудчо бен. Шен хIусумда сийсазвеш зуда елахь, цо шен доьзална вон масал гойту. Кхано баккхий хилча, оцу доьзало шайн да тергал ма ца во, оцу нанас виннарг ма ву хIинца царна хьалха верг. ЦIа латтош ерг, хIусумнана йолу дела, оцу хIусамненехь хьалха хила езаш ю оьздангалла, цуьнца шен хIусам серла йоккхур ю цо, беркат доуьйтур ду цо, ийманехь доьзал кхиор бу цо. Кхечу халкъан гIиллакхаш юккъе тийса гIерта ца деза, шен халкъан хазачу гIиллакхех пайдаэца беза.
Хаттаршна жоьпаш делла
КЪКФО-н Iелимнехан кхеташонан куьйгалхочо
Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас.