Делан дашна кхоччуш тIедерзахь, вай ирсе дийр долуш ма ву АллахI!
Хастам бу, Шен лайна Сийлахь Къуръан доссийначу АллахIана. АллахIера салам-салават хуьлда и Делан дош – Къуръан – шен уммате дIакхачорна тIехь ша дIакхалххалц къахьегначу элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, АллахIера Нур а, билгал жайна а (Къуръан) деъна шуьга. Цуьнца маьршачу новкъа нисбо АллахIа Ша резаван къахьоьгуш берш. Шен лаамца боданашкара серлоне боху Цо уьш, нийсачу новкъа а хIиттабо» («Аль-Маидат», 15-16).Тахана вай, ма-хуьллу, Везачу АллахIан Сийлахь Дош – Къуръан деша а, цунах кхета а, цуьнан омранаш кхочушдан а, цо дихкинчух лардала а дезаш ду. Дуьненан бахамашна тIаьхьа бевлла лелачу вайнаха дицдина, Дала вайна даийтина долу СовгIат – Сийлахь Къуръан. Цу Делан Дешан кхоччуш хама бина, сий дина, цунна вай тIедерзахь, вай ирсе дийр долуш ма ву АллахI. Вайн халкъан барт хуьлу, цуьнан сий айдо хIума лахар ду коьртаниг таханлерчу дийнахь. Ткъа Къуръанна тIедерзарал коьрта, мехала хIума карор дац цхьана а халкъана. ХаттIабан кIанта Iумара (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) элира, аьлла: «Баккъал а, Веза-Сийлахьчу Дала хIокху Къуръанца хийла къам лакхадоккху, кхидерш лах а до» (Муслим).Маккахь ша боккхучу халчу муьрехь Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен сахьаб волу МусIаб бин Iумайр (Дела реза хуьлда цунна) вахийтира Мединатерчу нахана Къуръан довзийта, царна и дIахьеха. Оцу шарахь Мединатан бахархойн (ансарийн) цIенойх цхьа а цIа ца дисира шена чохь доьшуш Делан Калам (Къуръан) доцуш. Сийлахьчу Къуръано Дела а, Элча а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везаран шовкъ-марзо йиллира ансарийн дегнаш чу. Маккара хIижрат дина вогIу иза везаш тIеийцира ансараша, цунна тешаме накъостий хилира царах. Оцу Мединатахь когахIоьттира бусалба пачхьалкх.Вайн Къуръанна тIедерзар Iилманан новкъахь хила дезаш ду. Имам ГIазалис (Дала къинхетам бойла цунах) ма-аллара, Iилма, Iибадат ши жовхIар ду. Цу шина жовхIарна тIаьхьаваза везаш ву хIора бусалба стаг. Iилма (цу шина жовхIарх) дезаниг ду. Iилма хен хилча, Iибадат цунна тIера стом бу. Сий, ларам хенан бу, делахь а адамна пайда хенан стоьмех хуьлу.ШариIатехь болу Къуръанан кхетам – АллахIа Джабраил-маликехула (Делера салам хуьлда цунна) Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) доссийна, Iаьрбийн маттахь долуш, дешар Iибадат долу Делан дош ду.Веза-Сийлахьчу Дала Лавхьул-Махьфуз кхоьллина, цу тIе доссийна Къуръан, цу тIера дуьненан стиглахь йолчу Байтул-Iизза шех олучу меттиге тIедоссийна. Цу тIера, АллахIа Ша хаьржина волчу Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) цIенчу даг чу диллина Сийлахь Къуръан.Джабраил-малико (Делера салам хуьлда цунна) шена ма-дешшара доьшуш хилла Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Къуръан шен асхьабашна (Дела реза хуьлда царна).Дала Шен хьикматца, цхьаьнаметта ца доссош, 23 шеран заман чохь доссийна Къуръан. ХIора доьссина аят дагахь Iамош, Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оцу аятан маьIна хьоьхуьйтуш хилла асхьабаша (Дела реза хуьлда царна). ХIора мархин баттахь Джабраил-маликаца (Делера салам хуьлда цунна) Къуръан дагахь доьшуш, карладоккхуш хилла Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Ша дIакхелхачу шеран мархин баттахь Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шозза карладаьккхина Къуръан. Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дIакхелхинчул тIаьхьа, Йамамат тIамехь Къуръан дагахь хууш волу 70 асхьаб дIакхелхина.Iумар бин ХаттIаб дагаваьлла Абу Бакар Сыддикъах (Дела реза хуьлда цаьршинна), Къуръанан сураташ цхьана жайне дерзийча дика хир ма дара вайна, аьлла. Абу Бакар Сыддикъан омранца, Зайд бин Сабит коьртехь волчу асхьабийн тобано (Дела реза хуьлда царна) деша а доьшуш, цхьана жайни тIе дIаяздина Къуръан. Дуьххьара цхьаьнатоьхна долу Къуръан Абу Бакар Сыддикъехь (Дела реза хуьлда цунна) лаьттина, и дIаваьлча – Iумарехь (Дела реза хуьлда цунна) хилла, цул тIаьхьа Iумаран йоI Хьафсат (Дела реза хуьлда цу шинна) йолчохь лардина.Заманца бусалба пачхьалкх шоръелла. Тайп-тайпана къаьмнаш бусалба дине дирзича, Къуръан дешарна тIехь гIалаташ дан буьйлабелира нах. ТIаккха Iусман бин Iаффана, Зайд бин Сабит коьртехь волчу асхьабийн лерринчу тобане Хьафсатечу Къуръан тIера ворхI Къуръан яздайтира (Дела реза хуьлда царна массарна). Къуръанан жайнаш пачхьалкхан массо маьIIе: Макка, Куфа-гIала, Басре, Шема-махка, Йемене, Бахьрайне дIасадахьийтира Iусмана (Дела реза хуьлда цунна). ВорхIалгIа Къуръан шегахь дитира Iусмана (Дела реза хуьлда цунна).Цул тIаьхьа, пачхьалкхехь яздеш долу Къуръан ша даийтинчу Къуръанна тIера ша ма-дарра схьаяздина хила дезар хоуьйтуш, Iусмана (Дела реза хуьлда цунна) омра дира нахе, шайгара Къуръанан аяташ тIехь долу массо кехат, дечиг… ягае аьлла. И дина ца Iаш, Iусмана (Дела реза хуьлда цунна), хIора Къуръанца, Къуръан дагахь хууш, девзаш волу Iеламстаг вахийтира, нахана иза нийса деша 1амо.Къуръанан Iилма боккха хIорд бу, и нийса деша Iамор цу Iилманан кIорге йовзаран новкъахь дуьххьарлера гIулч бен яц. ШолгIа гIулч – Къуръанах кхетар, тафсир хаар ю; кхоалгIаниг – Къуръанан омранаш кхочушдар; йоьалгIаниг – Къуръан нахана дIахьехар.Къуръан нийса деша Iаморан Iилма Iеламнаха Делан Элчанера (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) схьаэцна, шайна юкъара зIе ца хадуьйтуш, вайн деношка схьакхачийна. Делан дош харц хила йиш яц. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, Оха боссийна и хьехам (Къуръан). Баккъал а, Оха и Iалашбийр а бу» («Аль-Хьижр», 9).Къуръан нийса деша, цуьнан хIора элп ша даккха дезачуьра даккхар, цу элпан сибаташ лардар, саца везачохь сацар Iамочу Iилманах тажвид олу. Тажвид Iилманан хьукма хIун ду аьлла хаьттича, вай ала деза: тажвидан ши агIо ю: 1) тажвидан бакъонаш дагахь хаар; иза шех кифаят олу фарз (цхьаболчарна хиъча, бисинчарна тIерадолуш долу) ду; 2) оцу бакъонашца Къуръан маь1на галдерадоцучу кепара нийса дешар; иза важиб ду (тIехь ду) Къуръан доьшуш волчунна хIоранна.Къуръан нийса дешар важиб хиларан делил (бух) Къуръанан аят ду. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь Къуръан дешалахь, мукъам хазбеш, хIора дош къостуьйтуш» («Аль-Муззаммил», 4). Сийлахь Къуръан дешар схьаэцна хила дезаш ду Делан Элчанера (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьйна шайн силсилца (зIенаца) Къуръан деша Iамош схьабогIучу Iеламнахера. Лераме вежарий! Делан къинхетамца, тIаьхьарчу шерашкахь бусалба пачхьалкхашкахь жигараллица дIахьош бу Къуръан нийса деша Iаморан болх. Тахана оцу балхана тидам тIебахийта беза вайн махкара дешначу наха а. Iусмана (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шух уггар а дика верг – шена Къуръан Iамийна, цул тIаьхьа иза дIахьехнарг ву» (Бухари).Цундела вайх хIора декхар ву Къуръан деша Iамо, шена Iеминарг дIахьеха. Къуръан нахана юккъе даржоран балха тIехь вай къахьега деза.Тхо тешна ду, Къуръан хьуьжаршкахь, институтехь Iамийна ца Iаш, маьждигашкахь я леррина цу балхана дIайиллинчу меттигашкахь Iамо деза аьлла. Шемара дешначу стага Абу Салмана ма-аллара, «вай хIокху дуьненахь кIеззиг ваьшна хало еш, жимма къахьегчахьана, вайна АллахIа кечдинарг доккха СовгIат дай, вайна Дала лур ерг-м ялсамани яй!»Я АллахI, Хьайн Сийлахьчу Къуръанца тхан дегнаш тодехьа, дийнахь, буса и дешар лохьа тхуна! ХIай Везан Дела, Къуръанца нисдехьа тхо, гIодехьа тхуна! Кешнаш чохь тхо тхаьш дисча, царна чу Къуръанан Нур даржадай, тхан кхерар, сингаттам дIаэцахьа, къематдийнахь цуьнца шапаIат делахь тхуна, хастам бу Хьуна, я АллахI!
Илесов Арби