Некъахочун ламаз
Хастам бу Iаламийн Да волчу АллахIана. АллахI-Делера салам-маршалла хуьлда, Iаламех къинхетам беш Дала Ша ваийтина волчу Делан Элчанна, цуьнан доьзална, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна.
Ламаз — бусалба динехь уггар дезачу Iибадатех ду. ДеланЭлчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Массо хIуманан корта — Ислам дин ду, цуьнан бIогIам — ламаз ду, Делан некъахь къахьегар – иза цуьнан бухь бу».
Сийлахь Лекхачу АллахIа Мухьаммад пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ворхI стигаланал лакха ваьккхина, омра дина цуьнга, ламаз де аьлла.
Ламаз тIера долалур ду къематдийнахь адаман Iамалийн хьесап дар. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Къематдийнахь адаман Iамалех хьалха хьесапдийр дерг ламаз ду. И нийса хилахь, цуьнан йисина Iамалш нийса хир ю, гал хилахь, йисина Iамалш гал хир ю». Цундела пхийттара ваьлла бусалба стаг ламазах хьалхавуьтуш вац, и дийна а, кхетамехь а волуш.
Адам цхьана хьолехь ца лаьтта даима: къанло, цамогуш хуьлу…Делахь а,Къинхетамечу АллахIа боху: «АллахIа бусалба динехь, шу гатдеш, хало тIейиллина яц шуна» («Хьаж», 78).
ЦIена, Лекха волчу АллахIа Шен динехь адамна гатто хирйолу, я иза халчу хьоле хIоттор долу хIума тIе ца диллина. Нагахь санна шен Iибадатехь адамна сов хало хилахь, Дала Шен лена цхьацца дайдарш магийна, и Iибадат дан цунна тIех хала ца деш, къобалдархьама. Цундела, ламазехь ира ца хIотталучунна охьахиъна дан бакъо ю ламаз, хиъна Iалуш вацахь, вижинчохь (коьртаца ишарш еш) ламаз дан магош ду цунна.
Новкъа ваьлла, гена дIасавахар а ду халонан цхьа дакъа. Некъо стаг дукхах йолчу паргIатонех воккху (шен хенахь вижар-гIаттарх, даар-маларх, ламаз эцарх…), муьлххачу кепара иза водахь, хIуъу бахьана хилла водахь. Цундела Лекхчу АллахIа некъахочунна дайдина ламаз дар.
Некъахочун ламаз муха хуьлу?
Къинхетамечу АллахIа некъахочунна ламазехь ши хIума магийна (ши бакъо елла).
Хьалхарниг: ракаIатийн дукхалла эшор (цунах «дацдар» олу).
ШолгIаниг: некъахочун ламазах паргIатволу хан алсам хилийтархьама, ши ламаз вовшашна тIеоьзна, цхьана хенахь дар (цунах «ши ламаз тIеттIаозар», «гулдар» олу).
Ламазаш дацдан, гулдан магоран бехкамаш
а) Воьдучу некъан бохаллин барам (цхьана агIор) 81 км я цул сов хилар.
б) Ша воьду меттиг билгалйина хилар.
ШариIатехь стаг некъахо ца лору, цо ша воьду меттиг билгалйина яцахь.
в) ДIасавахаран Iалашо Дела реза воцчу хIуманна (къаьркъа дохка я эца вахар, хIума лачкъо вахар, и.дI.кх.) цахилар.
Ламаз дацдан магар Дала вайна елла аьттонна бакъо ю. Цундела цу бакъонах Iесалла хьакхаялийта мегаш дац. Амма Дала магийначу Iалашонца новкъа ваьллачу стагера Iесалла ялахь, цунна ламаз дацдар, тIеттIаозар дихкина дац.
81 км сов некъ сахьтехь бича а дацдан мегаш ду ламаз. Некъ лаьттахула я хIорда тIехь бича а башхалла яц. Бехкам бу, воьду меттиг билгалъяр, цига кхача Iалашо хилар. Тилавелла лелаш волчунна мегаш дац ламаз дацдан, мел дукха цо некъ бинехь а.
Новкъа волуш, ас дацдийр ду я гулдийр ду аьлла нийят дар – бехкам бац. Масала, араволуш дацдийр дац, гулдийр дац аьлла новкъа ваьлла, амма новкъахь дагадеана цунна ламазаш дацдан, гулдан – мегаш ду цунна ламазаш дацдан, гулдан.
Воьдучу метте шина новкъахула кхачалуш волуш, беха некъ (81 километрал сов) леци цо, и некъ атта, шера, кхерамза бу аьлла – дацдан, тIеттIаоза (гулдан) мегаш ду цо. Амма Iузарло (бехказло) йоцуш (деккъа и ламаз дацдархьма) бехачу новкъа ваханехь, дацдан мегар дац.
Араволуш, дикачу хIуманна (хьанал хIуманна) ваьлла, некъахь хьарам хIуманна нийят кхолладелехь, дацдан, гулдан мегар дац ламаз. Хьарам хIуманна новкъа ваьлла, новкъахь тоба а дина, дикачу хIуманна нийят хийцаделлехь, оцу меттера 81 км йолор ю цо, цул тIаьхьа дацдан я гулдархьама.
Ламаз дацдар муха хуьлу?
Ламаз дацдаран маьIна кху тайпана ду: 4 ракаIат (делкъа, малхбуза, пхьуьйра) долу ламазаш, дацдина, 2-на ракаIатца дар.
Ткъа маьркIажа ламаз дацдан мегар дац, 3 ракаIатехь дийр ду иза.
Делан Элчано (Делера салам-салават хуьлда цунна) аьлла: «И (ламаз дацдар) сагIа ду, Дала шуна делла, аш къобалде Делан сагIа».
Ламаз дацдар – бакъо ю. Тидам бан беза, ламазаш дацдан магор санна, некъахачунна и ламазаш, кхоччуш, 4 ракаIатца дан магийна хиларан а.
122 км я сов некъ бан валлахь, ламаз дацдар дикох ду, амма некъ 81 км я цул сов, амма 122 километрал кIезиг белахь, ламаз кхоччуш 4 ракаIатца дар бегIийла ду.
Новкъахь цхьадолу ламазаш дацдан мегаш ду стагана, кхидерш, шена лууъурш, кхоччуш дан мегаш ду. Ламаз шен–шен хенахь дацдеш дар дикох лоруш ду некъахочунна. Делахь а, дацдеш, тIеттIаузуш дан а бакъо ю некъахочун шен ламазаш. Иштта суннатламаз дар мелехь ду некъахочунна, ша ламазаш дацдеш велахь а. Марха кхабар гIолехь ду некъахочунна, цIахь волчул сов ницкъ хуьлуш бацахь.
Ламаз дацдар нийса хиларан бехкамаш1. Стаг новкъаваьлла хилар, дацдина ламаз цо новкъахь волуш дар.
Ламазан хан хиллачул тIаьхьа, ламаз ца деш, иза новкъа валахь, цо новкъахь и ламаз дацдан мегар ду. Стага, ша новкъахь волуш ламазан хан тIекхаьчча, и ламаз цIа кхаччалц дIататтахь, ламаз дацдан мегар дац, хIунда аьлча цIа кхаьчча иза некъахо воцу дела.
2. Стаг ша вехачу меттигана (юрт, шахьар) гонаха бинчу пенна (дозанна) аравалар; пен бина доза дацахь, вехачу меттиган гIишлошна юкъара дехьавалар.
Юьртара (гIалара) араваьлла мел воцу, и юрт мел йоккха елахь, некъахо ца лору стаг. Некъан бохалла (81 км) шен чуьра араволуш ягарйийр яц, юьртан дозанера араваларца ягарйийр ю. Нах чохь Iаш боцуш, дIатийсина гIишлош, бошмаш, ялта дуьйн аренаш юьртан дозанна юкъа ца йогIу (ламаз дацдан магарехь); царна тIехвалар бехкам бац. Юьртан латта ду аьлла, тоьхна доза а долуш, амма цу тIехь йина гIишлош яцахь, и латта юрт ца лору. Амма гIишлош ярхьама дакъошна гонах керт йинехь, оцу керташна тIехваьлча бен юьртара араваьлла ца лору стаг. Стаг цIа вогIуш, некъахо ларалуччу дозане кхаьчча, цуьнан некъ чекхболу.3. Некъахочун нийят воьдучу меттехь диъ де доккхур ду аьлла цахилар.
Оцу деа денна юкъа ца догIу некъахо дIакхаьчна де, иза цIа ван новкъа волу де.
Нагахь санна цуьнан нийят ша кхаьчначу меттахь диъ де я кхин сов денош даха хилахь, иза цу меттигера вахархо ларалуш ву, цундела ша дIакхьаьчначу меттехь цо ламаз дацдан ца мега. Делахь а цуьнан бакъо ю, ша ваха араваьллачу метте воьдуш, вогIуш ламаз дацдан.
Ша сецначу меттехь диъ де даккха нийят доцуш, цигахь диъ де даккха нийят кхолладеллехь, цо и нийят дарца некъахо волчуьра дIаволу иза. ДIакхаьчна де, цIа ван новкъаволу де ца догIу оцу деа денна юккъе. Дийнахь дIакхаьчнехь, и де лорур дац; де-буьйса (сутки) маьркIажа хена тIера дIадолалур ду. Буьйсанна дIакхаьчнехь, Iуьйренан ханнатIера дIадолалур ду де-буьйса. Малхбуза хенахь дIакхаьчнехь, де-буьйса маьркIажа хенахь дуьйна дIадолалур ду. Масала, пIераскан дийнахь дIакхаьчнехь, и де лорур дац деа денна юкъахь, маьркIажа хенахь дуьйна лорур ду. Шоьтан дийнахь маьркIажа хан хилча — цхьа де-буьйса, кIирандийнахь маьркIажа хан хилча — ши де-буьйса, оршотан дийнахь маьркIажа хан хилча — кхо де-буьйса. Шинарин дийнахь маьркIажа хан хилале дIаваха нийят долуш велахь, некъахо (мусафир) ву иза – ламазаш дацдан, тIеттIаоза бакъо йолуш, амма вацахь, оцу меттара вахархо (мукъим) хуьлу иза; некъ хедаш бу цуьнан цига дIакхачарца – ламазаш дацдан а, тIеттIаоза а бакъо яц цуьнан.
Нагахь санна цуьнан нийят деа дийнал кIезиг хан яккха делахь, цо ламазаш ша цIа кхаччалц дацдеш, тIеттIаузуш дан мегаш ду. Амма ша цигахь мел соцур ву ца хаахь, масала, цхьа гIуллакх эцна вахана, и маца чакхдер ду ца хаьа цунна, и гIуллакх муьлхачу сохьтехь чекхдала тарлуш ду а ца хаьа, оцу хьолехь цу метте дIакхаьчна де, цIа вогIу де доцург, кхин 18 дийнахь ламазаш дацдан, тIеттIаоза бакъо ю цуьнан.
Ша ваханчохь деа дийнал сов Iийр вуй цунна хаахь, амма мел хьелур ву ца хаахь, масала, дIакхаьчначохь цуьнга эли, хьан гIуллакх цхьана кIирнах чакхдер дац. И хаа ма хиъинехь, некъ хедаш бу цуьнан. Ламазаш дацдан, тIеттIаоза мегар дац цо – дуьззина, деа ракаIатехь дийр ду цо ламазаш. Ткъа ша некъ беш волуш (вогIуш-воьдуш), ламаз дацдан, тIеттIоза бакъо ю цуьнан.4. Некъахо воцчунна тIаьхьа ламаз цадехкар.
Некъахочо ламаз некъахо воцчунна тIаьхьа дихкинехь, цо шен ламаз дацдан мегар дац, цунна иза дуьззина дар важиб ду. Некъахочунна магийна, бухахь бехаш болчарна хьалхаваьлла, дацдеш ламаз дан. Суннат ду цунна, ша дацдина ши ракаIат ламаз дина ваьлча, ламаз дерзоран салам делла, тIаьхьахIиттинчарна хьалхара дIа а волуш, шайн ламаз кхочушде, со некъахо ву, алар.
«Ши ламаз тIеттIаозар» муха ду?
Бухарис далийначу хьадисехь ду, Iаббасан кIанта (Дела реза хуьлда цаьршинна) элира, аьлла: «Делан Элчано (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) делкъа ламаз а, малхбуза ламаз а тIеттIаузура ша некъахь волуш, иштта тIеттIаузура цо маьркIажа а, пхьуьйра а ламазаш».
Муслима далийна Iаббасан кIентан (Дела реза хуьлда цаьршинна) хьадис: «Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) ламаз цхьаьнатуьйхира шаьш Табук-гIазотехь долуш. Делкъа, малхбуза ламазаш цхьаьнатуьйхира цо, юха маьркIажа, пхьуьйра ламазаш цхьаьнатуьйхира».
Джабиран кIанта СаIида (Дала къинхетам бойла цунах), элира: «Ас Iаббасан кIанте (Дела реза хуьлда цаьршинна) хаьттира, хIунда дора цо и ламазаш иштта, аьлла. Цо жоп делира: «Элчанна шен умматна хало ян ца лаарна».
Ши ламаз тIеттIаозар декъалуш хиларх
Ши ламаз тIеттIаозаран ши кеп ю:
а) Хьалхаоьзна цхьанатохар – делкъа ламаз динчул тIаьхьа цу ханна тIеоьзна малхбузаниг а дар; иштта маьркIажа ламазна тIеоьзна пхьуьйра ламаз дан магар.
б) ТIаьхьаоьзна цхьаьнатохар – иза, шен хан тIекхаьчна яьлла ламаз дан ца деш, и ламаз тIаьхьадогIучу ламазе дIататтар, тIаккха и ший ламаз цхьана хенахь дархьама. Масала, малхбуза ламазций делкъа ламаз, я пхьуьйра ламазций маьркIажа ламаз дар.
ТIеттIаоза магийна долу ламазаш
Хьалха вай хьаха ма-дарра, тIеттIаоза мега: делкъа ламаз малхбуза ламазца, маьркIажа ламаз пхьуьйра ламазца, шайна бегIийла дерриг тIаьхьа-хьалха тоттуш. Iуьйра ламаз цхьана а ламазна тIеузур дац, иштта мегар дац маьркIажа ламаз, малхбуза ламаз а тIеттIаоза. ТIаьхьатеттина я хьалхатеттина тIеттIаоьзначу ламазашна хIиттийна бехкамаш бу, царна тIехь терго ян еза.
Хьалхатеттина тIеттIаоьзна дечу ламазан бехкамаш1. Шина ламазна юккъехь хьалхе-тIаьхье ларъяр.
Шина ламазах дуьххьара, шен бакъйолу хан тIекхаьчнарг дийр ду. Масала, делкъа ламазна тIеоьзна малхбуза ламаз дан валлахь, хьалха шен хан тIекхаьчна долу делкъа ламаз дина (2 ракаIат), салам делча, тIаккха малхбуза ламаз дийр ду (2 ракаIат). Цо малхбуза ламаз хьалха дина, цунна тIаьхьа делкъа ламаз дахь, малхбуза ламаз лоруш хир дац цуьнан. МаьркIажа ламазна пхьуьйра ламаз тIеоьзнехь, хьалха 3 ракаIат маьркIажа ламаз дина, цул тIаьхьа пхьуьйра ламаз дийр ду (2 ракаIат).2. ТIеоьзна ламаз даран нийят хьалхара ламаз дина валале дар.
Масала, ша малхбуза ламаз делкъа ламазана тIеоьзна дан валлахь, ша делкъа ламаз дихкинчул тIаьхьа я и дина валале даг чохь тIеоьзна ламаз дан нийят хила деза цуьнан. Амма суннатехь ду, ша хьалхара ламаз (вайн масалехь, делкъа ламаз ду иза) доьхкуш, «АллахIу Акбар» олучу хенахь, малхбуза ламаз делкъа ламазна тIеоза нийят хилар. Нийят дуьххьарлера ламаз долалуш хила деза, делахь а мегаш ду дуьххьарлера ламаз тIехь волуш дан а. ГIолениг ду, масала, делкъа ламаз дIадоьхкучу хенахь цунна тIеоьзна малхбуза ламаз дийр ду, аьлла нийят дар. Духхьарлера ламаз дIадоьхкуш нийят ца динехь, амма и ламаз деш волуш цуьнан малхбуза ламаз тIеоза дагахь нийят кхолладеллехь, кхачам бу.
Ламазашна нийят иштта дийр ду: «Ас нийят ди, фарз делкъа ламаз дацдеш – шеца малхбуза ламаз гулдеш – дан, Делан дуьхьа, АллахIу Акбар». И аьлла ламаз доьхкушшехь, ша малхбуза ламаз хIокху делкъа ламазна тIеоьзна дийр ду аьлла нийят хила деза. Делкъа ламаз (2 ракаIатехь долу) дина ваьлча, сихха хьалагIаьттина малхбуза ламаз дийр ду, хIара нийят деш: «Ас нийят ди, делкъа ламазна тIеоьзна дацдина фарз малхбуза ламаз дан, Делан дуьхьа», аьлла. 3. Шина ламазна юккъе хан ца йолийтар.
Дуьххьарлерчу ламазан салам ша маделлинехь, тасбихь я суннат ламаз ца деш, тIеузуш долу ламаз сихха дийр ду. Цу шина ламазна юккъе дайн 2 ракаIат ламаз деш йолучул хан ялийта ца мега. Икъомат даран хан, ламаз эцаран хан, тайаммум даран хан магийна ю цу шина ламазна юккъехь. Амма Iузарло (бехказло) йолуш я йоцуш, цу шина ламазна юкъа дукха хан йолийтахь, ламаз тIеозар духуш ду, и тIеоьзна ламаз, шен бакъйолу хан тIехIоьттича дар тIехь (ваджиб) ду цунна.
Тайаммум динчун бакъо ю ламазаш тIетIаоза. Тайаммумца цхьа ламаз бен дан мегаш дац, шолгIа ламазна тайаммум деш цо ялийтинчу кIеззигчу хено зен дийр дац ши ламаз тIеттIаозарна.
Ший а ламаз (хьалхатеттина гулдина ши ламаз) дина ваьллачул тIаьхьа, хьалхарчу ламазан цхьа рукна («Фатихьат», рукуI…) йитина хилар гучудалахь, и ший а ламаз доьхна ду. И ший а ламаз юхадан деза цо, шена лаахь гулдеш (тIаьхьатеттина я тIеоьзна), шена лаахь, шен-шен хенахь. Амма шолгIачу ламазехь салам деллачул тIаьхьа рукна йисина хилар билгалдаьллехь, оцу юкъа дукха хан йоьлла яцахь (дайн ши ракаIат ламаз далла йолу хан), хьалагIаьттина, йисина рукна кхочушйина, сужда сахIва (вицавалран ши сужда дийр ду). Юкъа дукха хан йоьллехь, и шолгIа ламаз доьхна ду цуьнан, шен хенахь дан деза цо и. Муьлхачу ламазехь рукна йитина ца хаахь, тIаккха хIора ламаз шен-шен хеначохь дийр ду.4. ШолгIа ламаз доьхкучу хенахь стаг новкъахь хилар.
ТIаьхьатеттина тIеттIаоьзна дечу ламазан бехкамаш1. ТIаьхьатеттина ламаз дан нийят оцу ламазан бакъйолчу хенахь дина хилар.
Масала, делкъа ламаз малхбуза ламазе тIаьхьататтар. Делкъа ламазан хан хиллачул тIаьхьа, и тилале – и делкъа ламаз малхбуза ламазца тIаьхьатеттина дан нийят дина вацахь, делкъа ламаз тилийтарна къа ду цунна, и доькхуш дан деза цо.
ТIаьхьатеттина делкъа ламаз доьхкуш нийят иштта дийр ду: «Ас нийят ди, фарз малхбуза ламазна тIететтина дацдина фарз делкъа ламаз дан, Делан дуьхьа».
Цул тIаьхьа малхбуза ламаз дийр ду, иштта нийят деш: «Ас нийят ди, фарз малхбуза ламаз дацдина дан, Делан дуьхьа». ТIаьхьатеттина маьркIажа ламаз доьхкуш нийят иштта дийр ду: «Ас нийят ди, фарз пхьуьйра ламазна тIететтина кхаа ракаIатца фарз маьркIажа ламаз дан, Делан дуьхьа». Цул тIаьхьа пхьуьйра ламаз дийр ду, иштта нийят деш: «Ас нийят ди, фарз пхьуьйра ламаз дацдина дан, Делан дуьхьа».2. ТIаьхьатеттина ламаз бакъйолчу хенан ламазца дечу заман чохь и стаг новкъахь хилар.
ТIаьхьатеттина ламаз я бакъйолу хенан ламаз тIаьхьа-хьалха даран хIоттийна бехкам бац. Шена луъучу ламазца дIаволалур ву иза. ТIаьхьатеттина тIеттIаоьзна дечу шина ламазна юккъе хан ца йолийтар суннат ду, чIагIдина тIедиллина (важиб) дац.
Масала, делкъа ламаз малхбуза хене дIатоттуш делахь, важиб дац ламазийн рогIалла ларъяр, амма суннат ду дIатеттина долу делкъа ламаз (маьркIажа ламаз) хьалха дар. Делкъа ламазан хан дIаялале (и делкъа ламаз даллал хан йиссалц йолу хан) и делкъа ламаз малхбуза ламазца дийр ду аьлла нийят хила деза, иштта маьркIажа ламаз тилале, пхьуьйра ламазца гулдина дийр ду аьлла, нийят хила деза. Нагахь санна ламаз дIататта нийят ца деш, делкъа ламаз тилийтинехь, къа хуьлу, и ламаз доькхуш дийр ду.
Делкъа ламазна тIеоьзна малхбуза ламаз дина, делкъа хан дIаялале цIакхаьчнехь – малхбуза ламаз юхадан ца деза. Делкъа ламаз малхбуза ламазе дIатеттина дина, и ший а ламаз динчул тIаьхьа… малхбуза ламазан хан дIаялале цIакхаьчна – ший а ламаз къобал ду (юхадан ца деза цхьа а).
Масала, цIерпоштахь Москва ваха ваьлла стаг. Цига, лоьра тIе, могашалла таллийта Iалашо йолуш воьдуш ву иза, цхьана дийнахь-буса Москвара юхаверза дагахь а ву. Iуьйра ламаз цIахь дина, ткъа цIерпоштахь волуш делкъа ламазан хан хиллехь, и цIерпошт ша вехачу юьртара (гIалара) араяьллачул тIаьхьа, цуьнан йиш ю – хьалха, дацдина (2 ракаIатехь) делкъа ламаз дина, салам делла, цул тIаьхьа дацдина (2 ракаIатехь) малхбуза ламаз дан. Делкъа ламазан нийят иштта дан мегар ду: «Ас нийят ди, фарз делкъа ламаз дацдина, Делан дуьхьа дан», – аьлла.
Ша и нийят деш, я и ламаз дина валале – малхбуза ламаз оцу делкъа ламазна тIеоьзна дацдина дан нийят хила а деза цуьнан. Малхбуза ламазан нийят иштта дан мегар ду: «Ас нийят ди, фарз малхбуза ламаз дацдина, делкъа ламазна тIеоьзна, Делан дуьхьа дан», – аьлла. Терго ян еза, оцу шина ламазах хьалха, шен бакъйолчу хена чохь ден ламаз (кхузахь — делкъа ламаз) дан дезаш хиларан.
Иштта бакъо ю цуьнан, шен аьттоне хьаьжжина, делкъа ламаз малхбуза хене дIатеттина, и ший а ламаз дацдеш (2 ракаIатца) тIеттIаоьзна дан. ТIаьхьатеттинчу ламазан нийят иштта дан мегар ду: «Ас нийят ди, фарз делкъа ламаз, дацдина, малхбуза ламазе теттина, Делан дуьхьа дан», – аьлла. Терго ян еза, ша тIаьхьатеттина ламаз (кхузахь — делкъа ламаз ду и) кхечуьнца (кхузахь — малхбуза ламазца) дан нийят оцу тIаьхьатоттучу ламазан хенахь дан дезаш хиларан.
Вайн хьолехь, делкъа ламазан хан хилча (делкъа ламаз хан дIаялале), Делан дуьхьа и фарз делкъа ламаз малхбуза ламазан хене тIаьхьатеттина дацдина дийр ду-кх ас аьлла, нийят хила деза. Москвахь лоьро дарбадар деа дийнал кIезиг хилахь, Москвахь а шен ламазаш дац а деш, тIеттIа а узуш дан бакъо ю цуьнан. Оцу деа денна юкъа ца догIу и Москва дIакхаьчна а, цIаван новкъаволу а ши де.
Амма цомгашчуьнга хьаьжначу лоьро, хьуна дарба ден хан кIиране ер ю алахь, Москвара вахархо лору цунах шарIо, цундела цуьнан бакъо яц ламазаш дацдан, тIеттIаоза. Амма лоьро ша бен болу талламаш кхана чекхбевр бу бохуш, дукхазза кханенаш йохкуш Москвахь саца дезахь, 18 дийнахь ламазаш дацдан а, тIеттIаоза а бакъо ю цуьнан, хIунда аьлча оцу стагана ца хаьа, билггал шен гIуллакх чекх маца долу.
ХIокху кеппара хир ду маьркIажа, пхьуьйра ламазаш тIеттIаозар а. Бакъду, маьркIажа ламаз дацдан мегар дац, кхоччуш 3 ракаIатехь дийр ду иза. Имама ламаз дацдийр ду, аьлла хеташ, дацдеш ламаз дан нийят дина цунна тIаьхьахIоьттина, имам некъахоо цахилар билгалдалахь, тIаьхьахIоьттинчо кхоччуш (дац ца деш) дийр ду ламаз.
Ламазна хьалхаваьлларг некъахо вуй хаахь, цо дацдахь — дацдийр ду, кхоччуш дахь — кхоччуш дийр ду олий, до нийят. Имама и дацдахь, тIаьхьахIоьттинчо а дацдийр ду ламаз, амма кхоччуш дахь – кхоччуш дийр ду ламаз.
Ламаз дацдеш верг, вицвелла, кхоалгIачу ракаIате хьалгIаьттинехь – охьахуур ву, вицваларан сужда (шозза суждане вахар) дина, ламаз дерзоран салам лур ду. Нагахь санна кхоалгIачу ракаIатана вицвелла, хьалавеана, цигахь 4 ракаIат дан дагадеанехь – юха охьахиъна, цигара хьалавеана кхоалгIачу ракаIатера кхидIа ламаз кхочушдийр ду цо.
Дала некъахочунна бина аьтто бу, цунна ламазаш дацдан, тIеттIаоза магор. Стаг шеконехь хила мегар дац, ша новкъахь ламазаш дацдича, тIеттIаоьзча шен Iамал-Iибадат къобал хир дуй-те бохуш. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «АллахIана дика хета, Шен лено Ша чIагIдина тIедехкина омранаш кхочушдарх терра, Шен дайдарш (аьттонна елла бакъонаш) кхочушдича».
Везчу Дала Ша реза волу Iибадат дан ийман, собар, хьуьнар лойла вайна!
АллахIа Шен къинхетамах ма дохийла вай!