Сподвижники

Абу Аюб аль-Ансари (Дела реза хуьлда цунна)

Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уггаре а тешамечу ансарех цхьаъ хилла Абу Аюб аль-Ансари. Цуьнан юьззина цIе иштта хилла: Халид ибн Зайд ибн Къулайб. Иза Бану ан-Наджар тайпанах хилла. Вуьшта, Абу Аюб олий, йоккхуш хилла цуьнан цIе. Бусалбанийн дуьненахь дика евзаш ю и цIе. Иза боккха сий-ларам барца йоккху Малхбалехь а, Малхбузехь а. Иза ма ву иза, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Маккара ХIижрат деш Мединате схьавеача, уггаре а хьалха шен хIусамехь иза веза хьаша вина тIеэцнарг. Цунах долу къамел хазанза хир дац шу а. Делахь а, карладаккха, ца хуучунна иза хаийта лаам бу вайн.
Мединате схьакхаьчча, Мухьаммад-Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чIогIа везаш тIеийцира бахархоша. Массо а цуьнга хьаьжначохь виссинера. Церан бIаьргашкахь иза везаран марзо хаалора. Мединатерчу бахархоша шайн дегнаш схьадиллинера Мухьаммадана (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Царна чIогIа везавеллера иза.
Делахь а, АллахIан Геланча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) юьхьанца Мединатана уллерчу Куба юьртахь Iийра. Цигахь дуьххьарлера маьждиг а дира. Цигахь кIеззиг хан яьккхинчул тIаьхьа, иза Мединат йолчу агIор дIаволавелира. Дукха хан ялале цунна дуьхьал баьхкира Ясрибан (Мединатан) тхьамданаш. Царах хIора а вара Мухьаммад-Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ша волчохь социйла лууш, цунна хьошалла дан лууш, ша цуьнан боккха сий-ларам беш хилар дIагайта лууш. Юх-юха а, некъ боьхкуш цунна дуьхьал буьйлура уьш, эмкалшца некъ дIа а лоьцуш. Цара дехарш дора: «Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тхо долчохь сацахьара хьо, хьайца цхьаьна болчаьрца массаьрца а, гIирсашца а. Оха чIагIо йо-кха хьуна, хьо массо а хIуманах ларван, хьуна цхьа а кхерам ца хилийта».
Цаьрга массаьрга а Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кIеда-мерза олура: «Сан эмкал паргIат дIаяха йиталаш, Делан лаамца йоьдуш ю шуна иза». Эмкал хьалхахьа дIайоьдуш яра. Цхьанна а ца хаьара иза мичахь соцур ю. Урх дIа а хецна, шен лаамехь йитина ма яра иза. Адамаш цунна тIаьхьа хIиттина догIура. Иза шен цIенна тIехъяьлларг гIайгIане хуьлура. Цуьнан лулахочуьнгахь иза шен цIенна хьалха сацаре сатийсам кхоллалора.
Амма эмкал соцуш яцара. Адамаш а дара цунна тIаьхьа хIиттина догIуш. Иза саца ирсе хинверг мила ву хаа лууш, кийранаш батталуш бара церан, дегнаш, схьалелха гIерташ санна, детталуш дара. Эххар а, эмкал Абу Аюб аль-Ансарин цIенна хьалха йолчу майданахь сецира… Делахь а, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цу тIера охьа ца воьссира. ТIаккха, эмкал жимма хьалхахьа дIа а йолаелла, юха а ша хьалха сецна хиллачу метте схьаеара.
Цуьнга хьоьжуш Iаш волчу Абу Аюб аль-Ансарин дог хазахетарх дуьзира. Иза Мухьаммад-Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIехьаьдира: «Марша вогIийла хьо», – бохуш. Дуьненан ерриге а хазна и йолуш санна, Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ларча шен цIа чу яьхьира цо. Юха веза хьаша а шен хIусаме валийра.
Абу Аюбан цIа цхьа гIат а, чардакхан чоь (мансарда) а йолуш дара. Шен хIуманех сихха чардакхан чоь цIанйира цо. Делахь а, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьалхарчу гIат тIехь Iан лиира. Цуьнан лаамна тIетайра Абу Аюб. Цу тIехь цунна бегIийла хилийта, совнаха хIума дIасаяьккхира цо.
Буьйса а йоьлла, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дIавижа метта ваьлча, цIийнан дай чардакхан чоь йолчу хьалабевлира. Шена тIаьхьара неI дIакъевлина валале, хIусамнене а хьаьжна, мохь хьаькхира цо: «Ва, делла довла вай! Ма эхь ду вай динарг! Вай лакхахь а долуш, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайл лахахь муха хир ву?! Даллий, цунний юкъахь вай хилча муха хир ду?! ХIахI, дIадели дерриге а. Вай дакъаза девли!». Доьхна, шаьшшимма хIун дийр ду ца хууш, чIогIа кхераделла хьаьвзира Абу Аюб а, цуьнан хIусамнана а. Шаьшшимма хIун дан деза ца хаьара цу шинна. Доьхна хьийзачуьра жимма меттадеача, и шиъ Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нийсса тIехула хир доцчу дехьа делира, чардакхан чоьнехула байн ког боккхуш дIасадоьдура и шиъ.
Iуьйранна Абу Аюба Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «АллахIаца чIагIо йо ас, сийсара сахиллалц набарна бIаьргаш дIахьаббина ма дац тхойшиъ, я со а, я Умму Аюб а». «ХIунда? ХIун хиллера?» – хаьттира Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Абу Аюба элира: «Сан синкхетам ца хиллера хьо цIа чохь лахахь а, со лакхахь а хиларан. Со волавелча, хьуна тIе ченаш эга тарлора, цул сов, со хьуний, хьоьга кхочучу Делан хаамний юккъе хIоьттинера. Цунах кхетча, синтем боьхна, дан дезарг ца хууш сахуьланга девлира тхо. Цунна синтем беш Мухьаммада элира: «И бахьанехь хьайн са ма гатдехьа. Суна лахахь атта а, бегIийла а ду. Дуккха адамаш тIеэца дезар ду сан».
Абу Аюба дийцина хилла: «Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаамна тIетайна Iийра со, цхьана шийлачу буьйсанна хи чохь долу кхаба йоххалц. Цу чуьра хи Iенира, чардакхан чоьнах ах тIадош. Сан а, хIусамненан а дIадуьйшучу хенахь тIетосуш лелош цхьа шаршу яра. Цуьнца хи схьалахьо хIоьттира тхойшиъ, иза Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIекхачарна кхоьруш. Iуьйранна ас цуьнга элира: «Сайн дел а, ненал а хьоме ву суна хьо! Суна данне а товш дац хьол лакхахь хилар, хьо сол лахахь а волуш». Ас шена кхабанах дерг дийцича, иза, эххар а резахилира чардакхан чоьнна чуваха. Со а, сан хIусамнана а хьалхарчу гIат тIе охьадоьссира».
Абу Аюбан цIа чохь ворхI баттахь гергга Iийра Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Оцу юкъанна цIенна хьалхарчу майданахь, эмкал сецна хиллачу меттехь, маьждиг а, цунах хоьттина чохь Iан цIа а дина делира. Цул тIаьхьа оцу цIа чу дIакхелхира Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, цуьнан хIусамнаной а. Пайхамарх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Абу Аюбан лулахо хилира. Дика лулалла дара иза, массо а да шех хьоьгур волуш.
Шен сил а дукхавезавеллера Абу Аюбана вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Иштта, Мухьаммадана а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Абу Аюб а везавеллера чIогIа дукха. Цо шен шолгIа цIа лорура Абу Аюбаниг. Вовшашна чIогIа тIера а вара и шиъ.
Шен дерриге а дахар Абу Аюба бусалба динан гIуллакхна дIаделира. Майра тIемало вара иза. Цо дакъа ца лоцуш бусалбанийн цхьа а тIом ца хилла Мухьаммад-Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оьмарехь а, цул тIаьхьа – Муавин заманашкахь а. Нагахь санна иза цхьана тасадаларна юкъахь воцуш хьал хиллехь, хаа дара, иза кхечанхьа цхьана тасадаларехь дакъалоцуш вуй.
Цо тIаьххьара а дакъалаьцнарг Константинополь яккхарехьа бина тIом бу. Оцу тIамехь эскарна коьртехь вара цуьнан кIант Язид. Цу хенахь дезткъа шаре гIоьртина воккха стаг хилла Абу Аюб. ХIетте а тIаме ваханера иза. Делахь а, тIом болабелла дукха хан ялале, чIогIа цомгаш хилира иза. И бахьанехь тасадаларшна юкъаравала дийзира. Цуьнгара хьал хаа веанчу цуьнан кIанта Язида хаьттира: «Сан да, Абу Аюб, соьга дан лууш цхьа а дехар дуй хьан?». Цо элира: «Соьгара салам-маршалла ло бусалбанашка-бIаьхошка. Цаьрга ала: «Абу Аюба весет до шуьга: майрра мостагIчун махкахула дIагIо, ша шайца дIа а вига, Константинополан пенашна хьалха дIа а волла», – боху алий. И весет дина ваьлча, хIара харцдуьне дитира Абу Аюб аль-Ансарис.
Бусалбанийн бIаьхоша кхочушдира цуьнан весет. Цара майрра тIелетарш дира мостагIашна. Константинополе дIакхаьчча, цуьнан пенашна хьалха каш а даьккхина, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ансар, тешаме доттагI Абу Аюб оцу каш чу дIавоьллира. Дала къинхетам бойла цунах. Деккъа цхьаъ дара цунна лууш дерга. Иза дара – «АллахIан цIена дин даржош, тIеман турпалчу говран букъа тIехь волуш, шахIид хилар».

Д. Хасанов