Муса-Пайхамаре Товрат доссор (Делера салам хуьлда цунна)
Мисарахь волчу хенахь Мусас (Делера салам хуьлда цунна) Исраилан берашка кхайкхам бира, ша царна Калам дохьуш вогIург хиларан а, цо царна шариIатехь даха Iамориг хиларан а, хьанал-хьарам къасто Iамориг хиларан а хьокъехь. ФирIун хIаллакьхиллачул а, цуьнан Iазапах хьалхабевллачул а тIаьхьа, Исраилан (Израилан) тIаьхьенаша Пайхамаре дийхира шайна и Калам гайтар. Мусас (Делера салам хуьлда цунна) Деле дийхира, церан дехар кхочушдеш, Калам доссор. АллахIера хаам хилира цуьнга, 30 дийнахь марха кхабар а, цул тIаьхьа, дегI хих даккхар а, цIена духар тIедухар а, юха Т1ура Сайнаъ лома тIевар а тIедуьллуш. Шена тIедиллинарг дерриге а кхочуш а дина, лома ваха новкъавелира иза. Цига дIакхаьчча, шен (бага) цергаш сивакаца цIанйира цо, Лекха а, Сийлахь а волчунна хьалха хIуттучу хенахь шен багара, марха долчун багара йогIуш хуьлу хьожа ца яийта. Маликашна, и хьожа IатIаран (мисканан) хьожанал хазахеташ долчу, ца дезаделира иза. ТIаккха Дала (вахью) хаам бира Мусага (Делера салам хуьлда цунна) кхин а итт дийнахь-бусий марха кхабар тIедожош. ХIунда аьлча, марха долчун багара йогIу хьожа мисканчул хаза ю. Мусас (Делера салам хуьлда цунна) марха дийнахь а, буьйсанна а кхобуш хилла хиларна, Къуръанехь буьйсанаш бен ца хьахийна, марханан дозанаш билгалдахархьама. Кхеташ ма ду марха дийнахь бен кхобуш цахилар. Дийнахь а, буьйсанна а марха кхабарх дерг аьлча, иза дихкина ду пайхамарш боцучарна массарна а. АллахIа магийна дерг а, доцург а хаа хьекъал а, кхетам а лойла вайна.
И итт де чекхдаьллачул тIаьхьа, Муса (Делера салам хуьлда цунна) ламаз а эцна, цIена бедарш тIе а юьйхина, новкъавелира. Т1ура Сайнаъ ломахь Делаца къамел хилира цуьнан. Шеца къамел дайтарца и сийлахь вира Цо. Муса Дала Шена герга валийча, кхузткъе итт пардонах цхьаъ бен ца дуьтуш, Пайхамаран дог дуьненан хIуманех цIанделира. Ша кхоьллина волу шен Эла ган лиира цунна. Цу хьокъехь дехар дира цо Лекхаволчуьнга. Дала цуьнга лалур дац иза элира. «Мадьянан лаьмнех уггаре а лекха болчу Забир ломе хьажахьа. Нагахь санна оцу ломо шена Со гар лахь, хьан йиш хир ю Со ган», – элира Дала. Шайх цхьаьнга Лекханиг хьожург хилар хиъначу лаьмнаша куралла йира, царах хIоранна а моттаделлера АллахIа ша хоржур бу. Беккъа цхьа Забир бар-кха кхерабелла, охьатаьIна: «Оццул доккха сий хIун диначунна деш ду сан?», – аьлла. Иза гинчу АллахIа вукха лаьмнел а лекха бира иза. (Дозаллаш, кураллаш езачарна хьехам а, бIаьрла масал а ду иза – авт.)
Дала хаам бира Забир ломе: «Со гича лалур дуй хьоьга?», – аьлла. Лам кхерабелла, бегийна, атабелла дIабахара, Делера хезначу хабаро Iадийна. Мусан (Делера салам хуьлда цунна) бIаьргашна а гуш хилира и Iаламат.
Анаса дийцинчу Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисехь билгалдоккхуш ду Забир лам ялх дакъа хилла дIабахана хилар. Царах ялх лам хилира: Ухьуд, Варкъан, Разва лаьмнаш Мединате схьадеара, Хьира, Савр, Сабир лаьмнаш – Макка.
Боьхна, баьржина дIабоьдуш болу лам гича, Муса (Делера салам хуьлда цунна) кхетамах велира. Иза еарин де а, Мухьаррам беттан 9-гIа де а дара. Дала юха чу садаийтира Мусана (Делера салам хуьлда цунна). Меттавеача (денвелча), цо элира: «Со тийши, Хьо гар лалур дац соьга». Цул тIаьхьа Лекха а, Сийлахь а волчунна боккха хастам беш, хьаставелира иза.
АллахIа цул тIаьхьа Жабраил-маликана тIедиллира Джаннат Iадне дахар а, цигахь дитт охьатохар а, царах кехат (скрижали) дар а. Жабраил-малико дитт охьатуьйхира, цунах исс кехат даьккхира, хIора а Муса пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) дол хир долуш, дахалла а, шоралла а. Юха Жабраил-малико, Делан лаамца Сидрат аль-Мантуха дитта тIера исс га даьккхира. Царах нур хилира, нуьрах – пелагаш хилира. Цаьрца яздира Товрат. Мусана (Делера салам хуьлда цунна) хезаш яра церан гIар, цунна хаьара Везачу а, Сийлахьчу а АллахIан пелагаш яздеш юй. Дерриге а яздина даьлча, кехаташ Мусага (Делера салам хуьлда цунна) дIаделира. ПIераскан де дара иза, и де цхьаьна нисделира гIурбанан Iийдаца. Муса (Делера салам хуьлда цунна) кхетамах ваьллачул тIаьхьа деанчу дийнахь, дерриге а дуьне къагийна дара Лекхачун ницкъаца нуьрах кхоьллинчу пелагаша товрат яздеш.
ШариIат тIеяздина долу кехаташ схьа а эцна, Мусас (Делера салам хуьлда цунна), цаьрга а хьаьжна, кхачалур боцу хастам бира Далла: «ХIай АллахI, ма боккха сий-ларам би Ахь сан!». Дала цуьнга элира: «Ас хьо адамашна юкъара хаьржина пайхамараллин декхарш кхочушдайта, Сайн Кост, Сайн Къамел цаьрга дIакхачадайта. Иза ларделахь, цу тIера дIаса ма таIалахь. Хаставелахь Мухьаммад, иза везарца хIара дуьне диталахь. Мусас (Делера салам хуьлда цунна), цецволуш, хаьттира: «Мила ву-те и Мухьаммад, и везарца со кхалха везаш верг?». Везачо дийцира цунна Хьаьбибан дозаллех а, иза массарал вазвина хиларх а лаьцна: «Иза Ахьмад ву. Цуьнан цIе Iарша тIе дIаязйина латтанаш а, стигланаш а кхоллале эзар шо хьалха. Суна уггаре а дукхавезаш, Айса мел кхоьллинчу массо а хIуманал сийлахь лоруш ву Сан иза. ТIаккха Мусас (Делера салам хуьлда цунна) хаьттира: «Нагахь санна Ахь Мухьаммад-Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) массарал а сийлахь кхоьллина хилча, сан умматал Хьуна деза уммат дуй-те хьуна?».
«Айса кхоьллинчарна хьалха Со Лекха а, Сийлахь а хиларе терра, цуьнан уммат а деза ду Суна кхечу умматашна хьалха», – иштта дара АллахIан жоп. Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматах адамаш ган лиира Мусана (Делера салам хуьлда цунна). «Уьш гур дац хьуна», – элира Дала. Юха хаьттира: «Церан къамел хаза лаьий хьуна». «Лаьа», – элира Мусас (Делера салам хуьлда цунна). ТIаккха Дала кхайкхар дира: «ХIай, Мухьаммадан уммат!». Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматах долчу синоша жоп делира: «Лаббайка (Тхо Хьуна хьалха ду-кх, омра дехьа)», – аьлла. Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уммате Дала хаза кхаъ баьккхира, Шен оцу уммате болу къинхетам оьгIазлонал хьалха баьлла хиларх а, гечдар таIзарал хьалхадаьлла хиларх а. Оцу дерригенах а лаьцна дуьйцуш ду Ибн Iаббаса дийцинчу хьадисехь.
Мусас (Делера салам хуьлда цунна) ша Т1ура Сайнъ лома воьдуш, ХIаронна тIедиллира Исраилан халкъана тIехь куьйгалла дар. Ша ткъе итт де даьлча схьавогIур ву а элира. Марханаш (кхабар) шовзткъанга кхаччалц алсамдаьхна хиларна, ша аьллачу дийнахь схьавогIийла ца хилла Мусан (Делера салам хуьлда цунна). Иза схьаван хьеваларх пайда а эцна, уьш дашочу цIухьарна сужуд дан буьйлабелира.
Исраилан тIаьхьенашна юкъахь хилла Муса Зафар цIе йолуш шалхонча. Ша Ислам тIеэцна суьрташ хIиттош хилла цо. Самиратан цIийнах (тайпанах) хиларна Самири цIе тиллина а хилла цунна. ФирIунах кхоьруш, Бану Исраилан тайпанах болчу зударша дуьнен чу девлла бераш геннарчу хьехаш чохь дIалечкъош хилла, таIзаран зама дIаяллалц. Оцу берашка хьажар а, царна Iуналла дар а, уьш кхетор а Дала маликашна тIедиллина хилла. Историкаша тоьшалла дарехь оцу берех цхьаъ хилла Муса Зафар. Иза къотIалгIа вина хилла. Иза Жабраил-малико кхиийна хилла. Цунна хууш хилла Жабраил тIехиъна лелачу дийнатан бергаш хьакхаелла хIума денлуш юй.
Муса (Делера салам хуьлда цунна) шен хеннахь схьа ца веача, ийман ледара дерш цунна лен буьйлабелла, цо шен дош кхочуш ца дина бохуш. Самирина девзина говр хаьхкина догIу Жабраил. Цо говран берг хьакхаеллачуьра латта схьаэцна. Исраилан бераш Iехорхьама, адамашкара дашон хIуманаш схьа а лахьийна, уьш цIара тIехь лала а йина, царах дашон эса дина. Цуьнан бага тесна Самирис Жабраилан говран берг хьакхаелла латта. Оцу сохьта эса денделла, Iеха хIоьттина. Дерриге а халкъ, ялх бIе эзар стаг, шийтта эзар стаг воцург, оцу эсанна сужуд дан волавелла. «ХIара ву шун а, Мусан а дела, – аьлла Самирис эсанна тIе пIелг а хьажош. – Муса Лекхаверг лаха вахана. Иза тила а велла, юхаван ца хууш висина. ХIара ву-кх дела, шуьца къамел деш, Мусаца дина ма хилла дара. Дитта тIехьара схьахезнера цунна аз».
Тилавеллачу Самирис иштта тешийнера Исраилан халкъ дашочу эсанна сужуд дан дезаш хиларх. ХIарон уьш кхето гIиртина хиллера. Амма Исраилан тIаьхьенаша цуьнга ла ца доьгIна. «Нагахь санна Муса схьа ца вагIахь, оха дуьтур дац эсанна сужуд дар», – аьллера цара. ХIаронна хиира цаьрца къийсар эрна дуй. ЦIеначу динах дIа ца хьаьвзинчаьрца цхьаьна Iан сацам бира цо.
АллахIа Мусана (Делера салам хуьлда цунна) дийцира хIара Т1ура Сайнаъ ломахь Iаш воллушехь, цуьнан халкъ Iехаш долчу дашочу эсанна сужуд дан доладелла хиларх лаьцна. «Сан Дела, и муха хир ду? Хьан дендина иза?», – цецвелира Муса (Делера салам хуьлда цунна). «Ас», – жоп делира Сийлахь волчо. Юха кхетийра Ша иза церан дегнаш динах дIахьаьвзина хиларна дина хиларх.
Муса (Делера салам хуьлда цунна) Товрат а дохьуш, шен уммат долчу схьавеара тIех оьгIазе а, гIайгIане а волуш. Эсанна гонаха хелхадуьйлуш адамаш гича, дукха холчу хIоьттина, цо шен ваша ХIарон маж а лаьцна, дIасатуьйхира: «ХIара адамаш совца хIунда ца дина ахь, уьш тиларчу боьлхуш хьайна гича?». «ДIахецахьа со», – дийхира ХIарона. Дийцира цара шега ладоьгIна цахиларх, ша бохург дина цахиларх лаьцна.
Самирина тIехьаьдира Муса (Делера салам хуьлда цунна): «ХIара хIун ду ахь динарг», – бехк баьккхира цо цуьнга. Вукхо даре дира ша иза шайтIано Iехийна дина аьлла. …АллахIаца шен халкъан хьокъехь къамел хиллачул тIаьхьа, Мусас (Делера салам хуьлда цунна), эсана урс хьаькхира, цул тIаьхьа дагийра, юкъ Нил хи чу кхоьссира. Адамашка цу чуьра хи малийтира цо. И мелча, къила эгначеран яххьаш мажъелира, балдаш Iаржделира, мекхаша дешин бос ийцира. Иштта билгалбевлира эсана сужуд динарш. И билгалонаш гучуевллачул тIаьхьий бен дохко ца бевлира уьш шаьш диначунна.
Мусас (Делера салам хуьлда цунна) сацам бира Самири вен. Амма Делера вахью деара иза вер доьхкуш, хIунда аьлча, комаьрша стаг вара Самири. ТIаккха Мусас (Делера салам хуьлда цунна) неIалт элира цунна, шен халкъа юккъера дIаэккхийра. Адамашна дихкира цунна герга дахар, цуьнца къамел дар. Иштта, наха дIатесна волу Самири акхавелира. Делах тешаре юха ца воьрзуш, кхалха а кхелхира.
Исраилан бераш шаьш эсана Iамал ярна дохко девлира. Цара Деле шайна гечдар дийхира. Церан доIина Дала жоп делира. Иза чIогIа хазахийтира Мусана (Делера салам хуьлда цунна). Товрат схьа а эцна, халкъана хьехам бан волавелира иза. Цу тIехь дерг шайна хезча, Делера Калам да шайна баьхна хилла йолу Исраилан тIаьхьенаш, Товрата тIехь дерг кхочушдарна дуьхьалхилира. Тхоьга кхочушдалур дац цу тIехь дуьйцуш дерг, тхо цуьнан бакъенашца дахалур дац, бохура цара.
АллахIа Жабраил-малик дахийтира царна. Делан лаамца шен тIемашца Т1ур лам хьалаайбира цо. Халкъе дIахьедира: «Нагахь санна аш Калам тIе ца эцахь, хIара лам тIебоьжна, хьаьшна дIадохур ду шу», – аьлла. Шайна иштта кхерам тесча, кхин дан хIума а ца хилла, Исраилан бераша сужуд дира. Оцу хьолехь а церан хьаьжнаш кхоччуш лаьттах хьакхаделла дацара, цхьана бIаьргаца уьш хьуьйсура шайна Лам тIебужу я ца бужу. Оцу хьолехь бен Мусан (Делера салам хуьлда цунна) пайхамаралла тIе ца ийцира цара.
Шайх СаIид-Эфенди аль-Чиркави
Зорбане кечйинарг – С.Хасанов