Основы поклонения

Таравийхь-ламаз

Kashmiri Muslims offer prayers inside the Jamia Masjid, or Grand Mosque, on the first Friday of Ramadan in Srinagar, India, Friday, Sept. 5, 2008. Muslims all over the world are observing the holy month of Ramadan, abstaining from consuming food and drinks from dawn to dusk. (AP Photo/Dar Yasin)

Таравийхь-ламаз, къаьсттина Рамадан баттахь деш долу, буьйсанан ламаз ду.
Маьждигехь жамаIатца дар гIоле ду иза, ша цхьамма цIахь дича а хуьлу.
Иза деза суннат хилар гойтуш ду Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дина хилар а, диначунна ял йийцина хилар а.
Бухарис а, Муслима а Абу-ХIурайратера ду аьлла дийцина Элчанан хьадис, цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Рамадан баттахь, уьш дан дезаш хилар бакъдеш волуш, даггара Делан дуьхьа (таравийхь-ламазаш деш) лаьттинарг – цунна гечдийр ду хьалха динчу къиношна».
Асхьабаша, хIора ши ламаз мосазза ди, садоIуш хилла дела, таравийхьан (садаIаран) ламаз аьлла цIе яхана цунна.
Цуьнан хан – пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа, Iуьйра ламазан хан тIекхаччалц ерг ю.
Барамах дерг аьлча – вайн махкахь лелош дерг цхьайтта ракаIат ду: шишша ракаIат долу диъ ламаз а, уьш дерзош деш долу витран кхо ракаIат а.

ЛАМАЗ ДАРАН КЕП

Пхьуьйра ламаз а, цул тIаьхьа долу шиъ ракаIат суннат ламаз а дина, тасбихь, доIа дина ваьлча, кхана кхаба дезачу мархин нийят дийр ду: «Ас нийят ди кхана хIокху шеран Рамадан беттан фарз-марха Делан дуьхьа кхаба», – аьлла. ТIаккха хIора ламазана хьалха имама: Ассалату жамиIахI, – олуш, массара а: ла хьавла ва ла къуввата илла биллахIи, АллахIумма салли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин ва саллим, АллахIумма инна насъалукал-жанната ва наIузу бика минан-нари, эр ду, т1аккха нийят дина, таравийхь-ламаз доьхкур ду: «Ас нийят ди таравийхь ши ракаIат суннат ламаз (имам волчу хьолехь, я имамана тIаьхьа хIоьттина) Далла дан, АллахIу Акбар», – аьлла.
Иштта таравийхьан диъ ламаз (бархI ракаIат) дийр ду.
ХIора ши ламаз мосазза ди: СубхьаналлахIи, вал-хьамду лиллахIи, ва ла илахIа иллаллахIу, валлахIу Акбару, СубхьаналлахIи Iадада халкъихIи, ва ридаа нафсихIи, ва зината IаршихIи, ва мидада калиматихIи, – эр ду.
ТIаккха витру-ламазаш дийр ду: «Ас нийят ди витран ши ракаIат суннат ламаз Далла дан», – аьлла доьхкур ду хьалхарниг. ШолгIаниг: «Ас нийят ди витран цхьа ракаIат суннат ламаз Далла дан», – аьлла доьхкур ду.
Цул тIаьхьа хIара тасбихь дийр ду: «Субхьаналь-Маликиль-Къуддуси, Субхьаналь-Маликиль-Къуддуси, Субхьан-АллахIиль-Маликиль-Къуддуси, Суббухьун, Къуддусун, Раббуна ва Раббуль-малаикати вар-рухьи. Субхьана ман таIаззаза биль-къудрати вал-бакъаи, ва къахIараль-Iибада биль-мавти валь-фанаи, Субхьана Раббика Раббиль-Iиззати Iамма ясифуна, ва саламун Iалаль-мурсалийна, валь-хьамду лиллахIи Раббиль-Iаламийна».
ТIаккха доIа дийр ду: «Аль-хьамду лиллахIи Раббиль-Iаламийна вас-салату вас-саламу Iала расулиллахIи. АллахIумма заййинна бизинатиль-иймани, ва шаррифна бишарафатиль-хIидаяти валь-Iирфани, ва акримна бисыями шахIри Рамадана, варзукъналь-жанната валь-гIуфрана, ва такъаббаль минна таравийхьана я Субхьану, вастажиб дуIана я Хьаннану, бифадлика ва жудика я Маннану, бирахьматика я Архьамар-Рахьимийна. АллахIумма салли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин ва саллам» (ТIаккха фатихьат доьшур ду).

КЪУНУТ-ДОIА

Рамадан беттан шолгIачу декъехь, витран цхьа ракаIат долчу ламазехь, рукуIера хьаланисвелча, къунут-доIа дешар суннат ду. Нахалахь «МахIдин» доIа аьлла девзаш ду иза: «АллахIуммахIдини(на) фийман хIадайта, ва Iафини(на) фийман Iафайта, ва таваллани(на) фийман таваллайта, ва барик ли (лана) фийма аIтIайта, ва къини(на) шарра ма къадайта, фа иннака такъды ва ла юкъда Iалайка, ва иннахIу ла язиллу ман валайта, ва ла яIиззу ман Iадайта, табаракта Раббана ва таIалайта. Фалакаль-хьамду Iала ма къадайта, ва лакаш-шукру Iала ма хIадайта, (н)астагIфирука ва (н)атубу илайка. Ва саллаллахIу Iала саййидина Мухьаммадинин-набиййиль-уммиййи ва Iала алихIи ва сахьбихIи ва саллама».
Нахе ламаз дойтуш хьалха ваьллачо (имама), хIара доIа хезаш а, лакхахь вай йиначу билгалонашца дукхаллин терахь лардеш а доьшур ду. ТIаьхьахIиттинчара (маъмумаша), юьххьера дуьйна, доIан дешнаш чекхдовллалц, хезаш амин эр ду, имамо АллахI хасточехь, цо эрриг эр ду меллаша.
ХIара доIа доьшуш куьйгаш хьалаайдийр ду, чекхдаьлча, куьйгаш юьхь тIе ца хьокхуш, сужуде гIур ву.

Муртазаев Сайдмохьмад