Вайн мехкан дарбане хиш
Дуьненан букътухийлехь цIий лела пхенаш санна, даьржина ду дарбане хиш. Вайн махкахь долу дерриге а хиш дIалерича, кхо эзар цхьа бIе дезткъе берхIийтта хи ду аьлла статистикин чот ю. Шовданийн барам билггал ала хууш дац. ХIора шовданан шен-шен чам, химин дакъалгаш, чIогIалла, кIадалла ю. Баккхийчарна-м девзара уьш, Iаламах хоттабелла баьхна дела. Дийнахь сарралц хьуьнхахь, ламчохь, аренца, чIожехь дерг толлуш, мукъаIаран минот евзина яц царна. Цхьа лан-м дара сан, кхин кхо ланний, говррий елахьара аьллачунна а дайна, оцу хин цIе хаарна говза дара вай, цунна тIаьхьа тIедогIург девзаш нах белахьара. Делахь а, хууш верг леха лоьхуш, дIа ца яздича, ца довлу вай. Цу Iалашонца Ваштара олучу хин дикалла йовзийта аьлла, кхечира тхо Шуьйтан кIошта. Кху хин схьадаларх дерг аьлча, Нуй-дукъ олучу ломан басара а, иштта Барзи-ара-ламчуьра а ду и, Шелачу-хин-аре олучу меттера. Цигара схьахецаделча, къилбаседехьа таьIаш, ЗазаргӀане хи а, Булкхан хи а оьций, малхбузехьа доьрзий, Шара-Органах кхета, аьрру агIор Улус-Керт а юьтуш. Кху хин дикалла халкъалахь йисна, аьхкано дукха адам хуьлу цу хих пайдаоьцуш.
Малх боларна дарба етташура ю, IиндагI доларна дарба доцуш ду, олур-кха баккхийчара. ХIинца санна аьттонаш боцучу хенахь, юьртан бажа болабалале, Iуьйрре гIовттий, хи тIе боьлхура, и хи Iуьйрре лаца. Сарале и хьаьара. ТIаккха цунах дезар дан аьтто хуьлура. Баккхийчара даима олуш хезна ду вайна, кхаа тIулгех чекхдаьлла хи цIена хуьлу олий. И молуш хилла, цхьацца хьаштана хьажош а хилла. Бешана а, карсолаш дохуш, тIедалош хилла. Тамашийна дерг хIун ду, оцу тайпана даьржина хи муьйлушшехь, зоьртала, онда, хилла хьалхалера нах, айпе а боцуш.
БIаьстенан хенан хIоттамо дагахь доццург дохьу. ХIинцца малх хьожу, сахьт далале догIа доху. Тхо Шуьйтара охьакхачале Шалажехь догIа догIуш дара. «Шелонна хIун хаьа, хьан дечиг чекхдаьллий» олуш нохчийн цхьа кица ду-кх. Цунна а дайна, догIанна хIун хаьа, тхо хIун Iалашо йолуш арадевлла. Валарг олучу хих долу дарба талла Шалаже даьхкира тхо. «Тахана кхаьрзина хIоаш кхана буьйр болчу уьстагIал тоьлу-кх аьлла, кху юьртарчу бахархойх дагадовлуш хIума дира оха. Валарг хи а, КIайн Шалажа а олуш, ши хи ду кху юьртахула чекхдолуш, шиннах а башха пайда боллу. Валарган башхалла – цкъа а тIе ца кхета я лах ца ло, цхьана эшшарехь ю хинан юьстахалла. ТIехьаьжча, татоллал бен дацахь а, айма а йоккхий, аьхкено адамо шена дарба лоху кхуьнца.
КIайчу Шалажана уллехь башха латта ду, масех бос болуш. Цунна тIедоьлхийла ца хилира тхан. Машенца ваха некъ бацара, догIанехула гIаш гIойла дацара. Дала мукъ лахь, зама аьхкенга ластийтина, и меттиг йовза хьовсар ду вай. Халкъан дарбанийн говзанчаша Iаламат мехала лоруш ду лаьттаца уьйр-марзо хилар. Поппаран беркато юхаметтахIоттадо адамийн дегахьаьрмин хIуо, нагахь иза муьлххачу а бахьаница цхьа зен хилла делахь. Цара дийцарехь, латто, хударго санна, цамгарш чу а узу, дарба ара а тотту олу.
Вайн хиш хьуьнан Iехах дуьзна ду. Тайп-тайпана стоьмаш, гIаш лайно, догIанаша дахкадой, царех болу пайда хино шена чуузу. Жимма гонахарчу Iаламан терго ян Iемичахьана. Массо а цамгарна дарба когаш кIелахь ду, вай хьеша а хьоьшуш. Кхин цхьа хи а ду оха шуна довзийта билгалдина. Иза Роьшна ду.
Мацах, вайн къам цIера даккхале, баккхийчара олуш дара, дегIана аьхна а, могашалла Iалашъеш а хи ду и, олий. Шарахь шозза мукъане лийчар дика ду цу чохь.
Советан заманера схьа Нохчийчуьрачу хиш тIехь ехкина садаIаран меттигаш, пионерийн лагерш лаьттина хьакхлагIаш хIинца а йолуш ю. Роьшни чохь а ю уьш. Хетарехь, вайн махкара дарбане туризм схьаелла онда гIортор ю и санна йолу меттигаш. Леха а ца езаш, ткъе итт шо хьалха дуьйна билгалъяьхна ю уьш. Ламанан кIажехь Iуьллучу юьртан исбаьхьалло а, Iаламан хазалло а, синпаргIато йохьур ю, ткъа дарбане хиш а гIоле йийр ю.
Махкахой, хетарехь, боккха ца хилахь, гIеххьа пайда хила там бу тахана шуна дIадовзийтиначу хих. Лазархо тIевига а, шаьш тIедаха а башха гена меттигаш яц. Вахча а, делкъахь юхавоьрзур волуш ду. Цу юьртарчу нахах дага а довлуш, Iачунна дика ма хаьий меттигера хьал. Дала мукъ лахь, вайн хиш дарбане ду, молуш дерш, луьйчуш дерш, деккъа уьш гуш а хуьлу дагна хьаам. Шайн девзаш дерш аш тхоьга дийцича, вай уьш алссам нахана дIакхайкхор дара. Хьанна хаьа, дагахь доцчух бахьана хIуттуш хуьлу-кх. Цхьанна мукъане а гIоле хилча, боккха Делан къинхетам бу-кх и! Дала ша лоьхучу дарбанна тIенисвойла массо а бусалба стаг!
Садаева Р.