Основы поклонения

Дела цхьаъвар

мечеть КаабаВорхΙ стигал а, ворхΙ латта а, царна чохь мел долу хΙума а кхоьллинчу, йоккхачу Ιаршан Да волчу АллахΙана хастам бу. Къинхетаме, гечдеш, тоба къобалдеш, ницкъ боккха болу, таΙзар чΙогΙа далуш Дела ву Иза.
Вай Далла хастам бо, Веза-Воккха ву Иза, Цо вайна деллачу ниΙматашна, вай, дог тешна, тоьшалла до АллахΙ воцург кхин Дела цахиларна, Иза Ша Цхьаъ хиллачу хьолехь, Шен цхьа а накъост воцуш, лаьттахь а, стиглахь а Шен хьукма (кхел) лелаш волу. Иштта вай тоьшалла до вайн эла Мухьаммад, Цуьнан тΙехдика лай а, элча а хиларна, бакъо гучуяккха, халкъ нийсачу новкъа даккха ваийтина волу, пайхамаршлахь тΙаьххьарниг хила Дала хаьржина, Цо массарал а толийна волу. Ла илахΙа иллаллахΙ – АллахΙ воцург кхин Дела вац.
Веза Дела, къинхетам белахь, маьрщонехь соваваккхалахь тхан эла Мухьаммад, шен Делан возаллех кхиъна верг, шен сийлаллин даржехь къа ларлуш долчух, хьалха диначунна а, тΙаьхьа диначунна а Ахь шена гечдина верг, Делера салават, салам хуьлда цунна а, цуьнан доьзална а, асхьабашна а, цуьнан гергарчарна а, цуьнан тобанна а, Дела цхьаъ варца, Цунна муьтΙахь хиларца, дика Ιамалш ярца фарзаш, суннаташ кхочушдарца царна тΙаьхьабозучарна а, Лекха волчух тешна, Цунна тΙетевжина болчарна а. Делах тешна болчарна, массо а хΙуманна тΙехь Цуьнца кхачо ма ю. «Ахь цаьрга (мушрикинашка) хаьттича, (хΙай Мухьаммад): «Хьан кхоьллина стигланаш а, латта а», – аьлла, цара эр ма ду: «Дала». Ахь ала: «Гой шуна, и аш «Дела» а витина, шайга кхойкхурш, Дала суна цхьа зен дан лиъча, цаьрга дΙадаккхалур дуй и Цуьнан зен, я Цунна сох къинхетам бан лиъча, цаьрга сацалур буй Цуьнан къинхетам?» Ахь ала: «Тоам бу суна АллахΙаца, Цунна тΙе тевжийла шаьш тΙетовжуш берш».
(Аз-Зумар сурат; 38-гΙа аят)
Ла илахΙа иллаллахΙ – АллахΙ воцург кхин Дела вац.
ХΙай нах: Шена цхьа а къийсархо воцург, Шех тера цхьа а воцург, Шех тера хΙумма а доцург мила ву?! Адам Шена муьтΙахь дерг, церан кортош Шена хьалха охьатаьΙаш верг, церан хьаьжаша Шена сужуд дийриг мила ву?! Ша хьахорах дегнашна синтем хуьлуш верг, стигланашкахь а, лаьттахь а мел волчо (малик, адам, жин), хΙаваэхь шайн тΙемаш дΙагΙаттийна лелаш долчу олхазарша а цхьаьна, Шена тасбихь дийриг мила ву?! Шуна хаа, баккъал а, Иза АллахΙ ву шуна, Ша стигал хьалаайина, латта дΙасадаржийна, цу тΙехь лаьмнаш доьгΙна, хиш лоьлуйтуш волу, ораматийн хΙуш а, диттийн легнаш а кхоьллина волу, дийна дерг деллачух схьадоккхуш (хуьлуьйтуш) волу, делларг дийначух схьадоккхуш волу, деллачул тΙаьхьа латта дендеш волу, Воккха ву АллахΙ-Дела.
Боккъал а шун Дела АллахΙ ву, муьтΙахь болчеран Ιибадатах Шена хила пайда а боцуш волу, керста нехан а, фасикъ нехан а Ιосаллех Шена хила зен а доцуш волу. Цуьнга шайна гечдар деха, дийнахь-бусий, дехарна жоп луш, тоба къобал деш ву Иза, Шеца нисвала а, къовсавала а цхьа а воцург ву Иза. Бусалбанна а, керстанна а, муьтΙахьволчунна а, Ιесаволчунна а, дерриге а Шен халкъана а рицкъа латтош, Комаьрша верг ву Иза.
ТΙаккха шуна хΙун хилла? Возалла, Сийлалла, Паччахьалла Шегахь долчу Делах кхера хΙунда ца кхоьру шу, аш ийман хΙунда ца дуьллу. Шу ненан кийрахь долуш, шун хьелаш хуьйцуш, шу кхиийнарг, кхоьллинарг ма ву Иза. Шуна тΙехь даха таро хилийта, лесташ доцуш латта ма дина Цо, цу лаьтта тΙехь хин татолаш ма дина, и латта сацош лаьмнаш ма доьгΙна, шина хΙорда юкъахь, теза а, дуьра а долу хиш цхьаьна ца эйта дуьхьало ма йина, АллахΙаца кхин Дела вуй тΙаккха?
Ла илахΙа иллаллахΙ – АллахΙ воцург кхин Дела вац.
ХΙай адам, хьо Веза-Сийлахь волчу Далла тΙе ца воьрзуьйтуш дерг, хьо Ιехош дерг хΙун ду? ХΙумма а доцучуьра хьо кхоьллинарг ма ву Иза, хьо хилийтина верг, хьуна чу са кхоьллинарг, хьо адаман суьрте верзийнарг, Шен къинхетамца хьо кхобуш верг, Шен дикаллица хьо кхиош верг, гΙайгΙабарца хьан Ιуналла деш верг ма ву Иза. ТΙаккха а хьо Цунна Ιеса хуьлу, хьуна догΙу таΙзар ца деш, Цо хьо тΙаьхьатуьтту. Ахь тоба дича, тоба къобал деш ма ву Иза, доΙа дича, жоп луш ма ву, Шега дехча, дехнарг луш ма ву, хьо халонгахь волуш, ахь Шега гΙо дехча, гΙо деш, хьо балех хьалхавоккхуш ма ву, цхьа ша хьо шена гергавеача, цхьа дол хьуна гергавогΙуш ма ву Иза, цхьа дол хьо Шена гергавеача, цхьа пхьагΙат (дΙасадаржийначу шина куьйган пΙелгийн юкъ) хьуна гергавогΙуш ма ву Иза. Хьо Шен неΙарехь сецча, ахь Шех тоам бича, хьуна кхачо еш ма ву Иза. Ахь Шега, я Рабби, я Рабби (ХΙай сан Дела) аьлла кхайкхича, хьуна гергахь ву Иза, хьан дехарна жоп луш, ахь Ша хьехийча, хьо виц ца во Цо.
Мила ву тΙаккха зен-зулам хиллачунна тΙера, цо доΙа дича, вон дΙаайдеш верг, мила ву лаьтта тΙехь шух сардалш бинарг.
АллахΙаца кхин Дела вуй тΙаккха?! Ла илахΙа иллаллахΙ – АллахΙ воцург кхин Дела вац.
ХΙай Делан лай, хьо Далла Ιеса муха хуьлу, ахь дийриг гуш, хезаш Иза хилча, кхечуьнга дехарца, хьо Цунах дΙа муха воьрзу, Шега деха аьлла Цо омра дина хилча, хьо сих ца велчахьана, Ша доΙина жоп лур ду аьлла Цо ваΙда дина хилча. Дерриге а хΙума Делан къинхетаме хьашт ду, Иза цхьаъ ву, цхьаьнга а хьашт воцург. Хьо доьхуш велахь, Деле деха, хьо гΙо лохуш велахь, Делера гΙо лаха, баккъал а, Иза комаьршо шорта йолуш, таΙзар чΙогΙа долуш ву хьуна. Хьуна хаалахь: цхьа тоба хьуна пайда бан гулъелча, Делан йозанехь долчуьнца бен цара хьуна пайда бийриг цахилар, уьш хьуна цхьа зен дан гулбелча, Дала хьуна хила яздинчуьнца бен цара хьуна зен дийриг цахилар. Адам кхоьллина верг, дийначул тΙаьхьа юха дендийр дерг мила ву, стиглара а, лаьттара а шуна рицкъа латтош верг мила ву? АллахΙаца цхьаьна кхин Дела вуй? Ла илахΙа иллаллахΙ – АллахΙ воцург кхин Дела вац.
АллахΙ воцчунна рукуΙ ма де, сужуд ма де, Цуьнан дуьхьа бен гΙурба а, хьакъийкъат а ма де, нузар (ваΙда) ма де, АллахΙана гергахьдолчуьнга бен дог ма даха, са а ма тийса, хьо Делах тоам беш велахь, Цо кхоьллина долчух цхьана а хΙуманах кхера а ма кхера, Цунна, Веза-Сийлахь ву Иза, бен хьеста а мало, Цуьнгахь бен хьан таваккал ма хилийта, Цуьнан неΙарера дΙа ма вала, Иза воцург вита, Цуьнгара лаха хьайна дика, хьайн болх берриге а Цуьнга билла. Паччахьалла дерриге а Шен карахь долуш ву хьуна Иза, Элчанан шафаΙат а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), эвлаяийн гΙо-орца а (Дела реза хуьлда царна) Шен пурбанца дерг ву хьуна Иза, дерриге а хΙуманна дола дийриг ву хьуна Иза, Цунна тΙехь дола дан вац хьуна цхьа а. Ла илахΙа иллаллахΙ – АллахΙ воцург кхин Дела вац.
Делан Элчано аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Лекха волчу Дала аьлла: «ХΙай Адаман воΙ, баккъал а ахь Соьгара дикане дог дохуш доΙа (дехар) дича, Ас гечдийр ду хьуна хьоьгара даьллачу хΙуманна, я Со гΙайгΙане вужур ма вац (Ас диначунна Соьга барт хатта цхьа ма вац), ХΙай Адаман воΙ, хьан къинош (стигалан, лаьттан юкъ юьзна) стигаларчу мархашка кхаьчча, цул тΙаьхьа ахь Соьга (даггара тоба дина) гечдар дехча, Ас гечдийр ду хьуна, я Со гΙайгΙане а вужур ма вац, ХΙай Адаман воΙ, хьо Суна дуьненнал къинош дохьуш веача, тΙаккха а хьо цхьана хΙуманах Соьца ширк (накъост лацар) дина воцуш, Суна дуьхьал кхетча, Соьгара цуьнан (дуьненан) барамехь гечдар хир ма ду хьуна».
(Ат-Тирмизий)
Иштта Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Лекха волчу Дала аьлла: «ХΙай Сан леш, зуламдар Сайна хьарамдина Ас (цхьанна а зуламдарх цΙена ву Со), зуламдар шуна а хьарам дина Ас, тΙаккха аш вовшашна зулам ма де, хΙай Сан леш, шу дерриге а тилла ма ду, Ас нисвина воцург, тΙаккха аш деха Соьга шаьш нисдар, Ас нисдийр ду шу, хΙай Сан леш, шу дерриге а мацалла хьоьгуш ма ду, Ас (Сайн къинхетамца рицкъа латтош) кхобуш воцург, тΙаккха аш Соьга деха кхабар, Ас кхобур ду шу, хΙай Сан леш, шу дерриге а дерзина ма ду, Ас дуьйхина воцург, тΙаккха аш Соьга деха духар, Ас духур ду шу…».
(Муслим)
Дешнех уггар лакхара дерг, бакъдерг, пайдехь а, хаза а дерг, пайдабар а, зендар а Шен карахь долчу Делан дош ду, Цо, Веза-Сийлахь ву Иза, аьлла: «Ахь Ιибадат ма де АллахΙ воцчунна, хьайна бан пайда я дан зен доцуш волчунна ахь и дахь, – тΙаккха, баккъал а, хьо хир ма ву (шаьш шайна зулам динчу) зуламхойх».
(«Юнус»;106)
«Хьо Дала цхьана бале лацахь, – вац Иза (Ша) бен и бала дΙаайбийриг, Цо хьуна дика дахь, – (вац и юхатухург Иза Ша бен). Иза массо хΙуманна ницкъ кхочуш ву».
(Аль-АнΙам;17)
Дала Ша цхьаъвечех, Мухьаммад пайхамар (Делера салам а, маршалла хуьлда цунна) бакъвечех, эвлаяаш (Дела реза хуьлда царна) къобалбечех дойла вай. Амин, вал-хьамду лиллахΙи Раббил-Ιаламин.

Муртазаев С.