Ислам

Иорданера хьеший — Даймахкахь!

IMG_9482ХIокху деношкахь Иорданера хьеший – Бено Iабдул-ГIапур а, Билто Юсуп-Хьаьжа а вара вевзаш волу Iеламстаг, СКФО-н Iеламнехан куьйгалхо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа волчохь хьошалгIахь.
Хьеший муха лара беза а, цаьрца гергарло муха лелон деза а дика хууш волчу Хож-Ахьмада-Хьаьжас шайн цIахь, хIусамехь тIеэцна, лерам бина ца Iаш, вайн мехкан хаза а, беркате а меттигаш, Iаламан хазалла гойтуш, тIаьхьарчу шерашкахь вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзан-Хьаьжас меттахIиттаяйтинчу дуккха а меттигашка бигира уьш.
Оцу дийнахь оха юхьарлаьцнера Веданан кIоштара Къоьзан Iам болчохь садаIа кечйинчу меттигашка хьовса дахар.
Хорачахь, вайн къоман турпалхочунна Зеламханна хIоттийна хIоллам болчохь цхьанакхийтира тхо. Кадыров Хож-Ахьмада хьешашна довзийтира обарган дахарера бакъдерш. Хьешашна тайнера Iеламстеган дийцар.
Зеламха ваьхна ХIХ-гIа бIешо чекхдолуш – ХХ-гIа бIешо долалуш, нохчийн къомана уггаре а хала беанчу цхьана муьрехь. Иттаннаш шерашкахь кхерам латтийна цо Россин паччахьан сардалашна (наместникашна), паччахьан эскаршна дуьхьал тIом беш, Кавказехь Россин Iедал дIахIуттийла ца лууш, Кавказ йозуш йоцу пачхьалкх хила лаам болуш.
Обарг Зеламхах, цуьнан дахарах лаьцна язйина ю дукха книгаш, даьхна а, дIаолуш а дукха иллеш ду. Зеламхин цIарца доьзна ду вайн дуккха а эвлаяаш махках баьхна, Калугехь шайн лаамехь боцуш дуккха а шерашкахь Iийна хилар. Уьш бу: Шайх Митаев Бамат-Гири-Хьаьжа, Шайх Белхороев БатIал-Хьаьжа, Гайсумов Соип-Молла, Шайх Мани, Шайх Чиммирза, Шайх Докка, Кана-Шайх, Iаьндара Мохьмад-Молла, Дагестанера Iумар-Хьаьжа. Царех Бамат-Гири-Хьаьжина а, БатIал-Хьаьжина а даймахка юхаберза кхоьллина ца хилла, I9I4-чу шерахь цигахь дIа а кхелхина, цIа валийна и ши эвлаяъ.
4444Зеламхан дуьненчохь йоккху зама кхачало I9I3-чу шарахь. Дагестанера таIзар дечу отрядо Шелахь вийра иза, цомгаш хилла шен гергарчу нахе ваханчохь, кIело а йина.
ХIоллам болчохь безамна суьрташ дехира оха хьешашца цхьаьна.
Цул тIаьхьа Къоьзан Iома тIе дахара тхо хьеший эцна.
I975-I980-чуй шерашкахь СССР-н пийсакашца гIикх (лодка) хахкаран спортан командаш Олимпийски ловзаршна кечам беш спортан база яра кхузахь. Амма, вайн махкахь чолхе хьал хIоьттинчу шерашкахь и база хIаллакйинера. ХIинца, тIаьххьарчу кхаа шарахь дукха хийцаелла дIахIоьттина. Спортан-туристийн «Къоьзан-Iам» комплекс ю шена юкъахь дуккха объекташ йолуш: 58 къаьсттина чоьнаш йолуш ХьешацIа, 40 стагана коттеджаш, иштта ВИП- коттеджаш, ресторан, спорткомплекс – I200 кв.м., гIикхин станции, иштта кхийолу объекташ. 20I7-чу шарахь дуьненаюкъара ловзарш хилира кхузахь, дакъалоцуш 8 пачхьалкхера спортсменаш болуш.
Оцу хазачу Iаламах беркате бIаьрг тоьхна охьахевшича, Хож-Ахьмад-Хьаьжа вистхилира хьешашка, цунна лиира церан хьежам бовза, шайна хеташ дерг цара дийцар, цул тIаьхьа газетадешархошна а церан къамел довзийта.
Иштта долийра цо шен къамел:
— Iабдул-ГIапур-Хьаьжа, Юсуп-Хьаьжа, тхуна боккха кхаъ хилла шу вайн Даймахка даьхкина, и доккха совгIат ду тхуна, «Ийманан шовда» аьлла йолчу сайн телепередачехь шу дукха хьохош ву со, хIунда хьахадо аьлча, аш а, шун дайша а хьахадойту дела. ШолгIа къарнехь (век, столетие) 20 шо сов даьлла, цхьа бIе ткъа шо сов хан ю шун кху махкара арадевлла, Дала рицкъанаш цигахь дина, хIижрат дина дахана. Оцу заманчохь вайн махкаца йолу зIе ца хаьдда шу цкъа а, тхо махках даьхна лелачу заманахь, тхоьгахь болу бала а, сингаттам а шайн дагах хьерчош. Цу заман чохь шун Iилманчаш цхьацца кхеташонашка нисбелча а, шу дай, девежарий, шу шаьш, даиманна тхуна тIехь леллайолу харцо, махках дахарца, сий дайа гIертарца, дин дIадаккха хьийзорца, иштта оцу Iедало тхуна тIехь бина ницкъ кхайкхо гIерташ, шайн ницкъ кхачаран барамехь тхан гIо дан гIиртина шун дай. Тхуна шу деза хилар цхьаъ и ду. ШолгIа, оцу шаьш кхаьчначу мехкашкахь, кхечу къаьмнашлахь тардала, цаьрца дIанисдала гIерташ, дукха хала, девнаш дохуш, тийсадала дезна шун дайн, цул тIаьхьа шайн дахаран-Iеран меттиг шоръян гIерта а дезна шун.
Шун баккхийнаш: шайх Мунир, 1абдулет1ип, 1абдул-Бакъи, 1ела бовзар хилла сан. Цаьргара хиъна суна аш лелийна и некъаш, лайна халонаш. Амма х1етте а шайн динах, бусалбаналлех цадухуш, вайн махкаца йолу з1е ларйина, нохчийн хаза г1иллакхаш лардина аш, уьш шайн чохь доьзалашна довзуьйтуш, буьйцуш берг ц1енна нохчийн мотт болуш, схьадаьхкина шу. Цул совнаха маьждигаш дина аш дуккха а, Заркъа шун дайша йиллина, Суэла шун дайша йиллина, Сухно а, Азаркъа а шун дайша ехкина ярташ ю. Х1инца тахана кхузара хьал ган а, довза а даймахка даьхкина шу, тхуна т1ехь бина ницкъ, хилларг-лелларг хууш ду шуна. Делан къинхетамца, Ахьмад-Хьаьжа а, Рамзан а бахьана долуш, церан беркатца, халкъ царна т1аьхьа а х1оьттина, царех теша а тешна, оцу балех тхо хьалха девлла.
1абдул-Г1апур, хьо мосуьттозза хилла кхузахь, х1ара мохк боьхна болчу хенахь а вайша цхьаьна дукхазза лелла цхьацца меттигашкахула, ярташкахула, г1ала гина вайшинна, Теркаца йолу ярташ а гина вайшинна, ламанца йолчу ярташкахь дукхазза нисвелла вайшиъ. Х1инца арахьара схьадаьхкина долчу шуна муха го-те тахана кхузара хьал? Цунах лаций алахьа ахь, 1абдул-Г1апур, — дийхира 1еламстага Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас.
— Бисмиллах1иррохьманиррохьими. Лераме Хож-Ахьмад-Хьаьжа, тхан дай кху махкара цига д1абахар а, цигахь цара лелийнарг а, цу заманчохь цигахь хилла хьал а ахь дика дийци, хьо цигахь дукхазза ахилла ву, хьуна тхан дай а бевзина.Дела реза хуьлда хьуна.
Х1ара мохк а, кхузахь лаьттинарш а дуьйцуш Делан кхоьле бирзина тхан дай. Тхан дешича вара Сайдар ц1е йолуш, валлах1и, хьалха кхузара шаьш д1адахале Беной-Веданахь шаьш 1ер цо дукха дуьйцуш схьалецна, юха даха-дахка маршо яьлла со ц1а веача, тхешан дайн ков-кертара х1ора сантиметр ма евзара суна… Дукха сатийсира цара даймахка, берриге а иштта сатуьйсуш болуш д1акхелхина уьш. Ткъа тхо, цара йовзийтина, шайн дийцаршкахь тхуна юьйцуш, езаялийтина Дег1аста езаш кхиъна. Х1ара т1аьххьара т1емаш кхузахь болуш, оцу телевизорш чохь и къематде схьагуш, кхин нохчий а, нохчийн мохк а бохург хир доцуш, чекх бевли-кх нохчий, кхин денлойла дан а дац-кха, бохуш дукха дилхина тхо. Делан къинхетамца, Ахьмад-Хьаьжа бахьана долуш нохчийн къам к1елхьара дели, Дала г1азот къобал дойла цуьнан. Цул т1аьхьа, шен мохк а безаш, къам а дезаш Рамзан вели вайна, Дала 1алашвойла иза! Масех шарахь, цхьа а х1ума хилла а доцуш санна, тобина д1ах1оттий вайн мохк. Валлах1и, г1енах а гур ду ца моьттинарг ма ду х1ара х1инца вайна схьагуш дерг, Делан къинхетам бу!
Кхуза ван ца лууш Иорданехь цхьа а нохчи вац, делахь а массо а х1уманан шен хан ю, Делан лаам бу! Даймохк аьлла бен Дег1аста хьахош а яц цхьана а нохчичо. Х1инца шу парг1ат мел хили а тхо парг1ат ду. Цхьа шо дара х1окху Юсупа соьга ша даймахка вигахьара боху. Делан къинхетамца, кхуьнан а аьтто хили кхуза ван, — дерзийра шен къамел 1абдул-Г1апура.
Шена хетарг алар дийхира Хож-Ахьмад-Хьаьжас Юсупе.
— Бисмиллах1иррохьманиррохьими, — олуш долийра Юсупа.- Со кхуза схьакхаьчча, буьйса д1аяьлла, шолг1ачу дийнахь соьга хаьттира, муха хета хьуна, аьлла. Ас элира:
— Со кемана т1ера охьа воьссина, дуьххьара ког боккхуш, ялсаманехь баьккхира ас, т1аккха буьйса а йоьлла, д1авуьжуш, х1инца-м сайн ц1а а кхаьчна, д1авуьжуш ву со, элира ас.
75 шо ду сан, тхан ненананас кхузара ярташ ишта яра, вуьшта яра, бохуш дуьйцуш, кхуза ван лаам ч1ог1а бара сан, х1инца и кхочуш хилла, Алхьамдулиллах1, Шукрулиллах1! Х1окху сан махкахь суна дезарг Дала дели. Вевза-везарг, ган лууш верг вериге а ги, кхача лууче кхечи.
Нохчий берриге а вовшийн гергара бу, цхьа ц1ий ду, цундела самукъа даьлла ву со. Къаьсттина, Хож-Ахьмад-Хьаьжа, тхо т1еэцнарг хьо хиларна, хьо санна волчу 1еламстагаца иштта уллера гергарло хилар Делан къинхетам бу, доккха ни1мат ду. Цигахь болу гергарнаш тешийта цхьаьна даьхна суьрташ хьур ду ас. Нагахь хьалха Нохчийчоь гена хеташ хиллехь, х1инца гена яц. Цхьана-шина дийнахь ваха-ван йиш а хилча, некъ маьрша а хилча, гена яц.
Къамел дерзош Хож-Ахмад-Хьаьжас билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Рамзан-Хьаьжас нохчийн халкъ дендарехьа берзийна беш боккха мехала болх хилар, нохчийн меттан де билгал а дина, пачхьалкхан т1ег1ант1ехь нохчийн мотт денбеш, ц1инбеш д1ах1отторехь йоккха мехалла йолуш болх хилар. Шен мохк а, шен халкъ а дезаш, лоруш, дерриге а диканиг цуьнан дуьхьа деш а волуш вайн мехкан Куьйгалхо хилар, вайх бина къинхетам хилар, даиманна а Далла хастамаш беш вай хила дезаш хилар билгалдаьккхира цо.
Цул т1аьхьа «Къоьзан-1ам» ц1е йолчу спортан-туристийн комплексан белхахоша оьздачу, яхь йолчу, г1иллакхех буьззина болчу кегийрхоша дика хьошалла дира, уггар тоьлла нохчийн кхача х1оттийра. Гуш дара, хьаша-да т1еэцар, церан лааме хьовсуш, лерам бар, олуш ма-хиллара, вайн варх1е а дайшкахь дуьйна ма хиллара, т1амарх доьлла, шайн сица долуш хилар, хьешашна томе мел дерг дан лаам болуш хилар, ког лаьттах ца кхеташ хьийзара кегийнах. Нохчаша даима а хьаша дика т1еоьцуш, лоруш хилла, ткъа генара веана хьаша кхин а чIогIа лоруш хилла. ХIунда аьлча, мехкан воцчу хьешана и лар ца веш, ледарло ялийтина, цхьа бохам т1екхачийтича, ерриге юьртана а эхь хилла. Ткъа х1инца, кхузахь, т1еэцнарш ч1ог1а лара безаш хьеший бара, цкъа делахь цхьана заман чохь вайн махкара боьхна д1абаханчу вайн дайн т1аьхьенах бара уьш, шолг1а – дуьненан массо а маь11ехь болчу нохчашна дика вевзаш волчу Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжин хьеший а бара. Иза хаьара кегийрхошна, цара ларйийриг Хож-Ахьмад-Хьаьжин ц1е хилла ца 1ара, шайн сица йолу оьздангалла яра, вайн къоман сий дара.
Цул т1аьхьа жама1атехь ламазаш а дина, юхабирзира хьеший а, Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан накъостий Ахмадов 1убайд, Ахматов 1адлан.
Цхьа ши де юкъадолийтина, хьешашца Шуьйта к1оштан Нихаларчу туристийн сада1аран базе бигира Хож-Ахьмад-Хьаьжас Иорданера хьеший. 1аламан хазалла ма-ярра йийца дешнаш карор доцуш исбаьхьа хазалла ю Нихалара чухчараш (водопады).Россин пачхьалкхан регионашкара дукха туристаш хуьлу кхузахь, кхузарчу 1аламан хазаллех цецбуьйлуш хуьлу уьш.
— Дуьненан ялсамани ю-кх х1ара, иштта берриге а х1ара нохчийн мохк, — бохуш инзарбуьйлура Иорданера хьеший, — Дийцарх дуьхе кхуьур воцуш, мел говза мотт болчунна а ма-дарра сурт х1отто хуур доцуш, д1адийца дешнаш карор доцуш, хазалла ю х1ара, – бохуш баккхийберца юх-юха дуьйцура цара.
Заурбеков Мас1уд