Къинойх цIанвеш, ялсамане ваха хьакъвеш йолу Iамалш
Хастам бу АллахIана. Цунна хастам а бо вай, Цуьнгара гIо а лоху вай, Цуьнга гечдар а доьху вай. АллахIаца вайн догIмийн вуочу гIиллакхех, вай еш йолчу вуочу Iамалех а ларло вай.
АллахIа Ша нисвинарг тило да ма вац, Цо тилийнарг нисван да ма вац. Ас тоьшалла до, АллахI воцург кхин дела вац аьлла, – Ша Цхьаъ волу, Шеца накъост а воцуш. Ас юха а тоьшалла до, Мухьаммад Цуьнан лай, Цуьнан Элча а ву аьлла.
Баккъала а, АллахIан къинхетам боккха бу, Шен хадийна чаккхе а йоцуш, я мел дукха адамех бича а гIеллур боцуш. Адаме шен дахарехь бала я хало кхаьчча, цунна а, Дала цунна тIебоссош болчу къинхетамна а юккъе пардо дулу, нагахь санна, и бала Делера буй а хиъна, оцу стага собарца са ца тохахь. И вай дийцинарг бакъдеш долу делил – хьашташ кхочушдар а, бала дIаайбар а доьхуш долчу доIанашца къинойх цIанвар доьхуш долу доIанаш хиттина хилар Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатехь вайна карадар ду. Оцу балхо чIагIдо, адам къинойх цIандалар а, Везчу Дала цуьнан хьашташ кхочушдар а вовшашца доьзна хилар, – аьтто хилар а, ницкъ болуш хилар а Деле гечдар дехарца хиларх терра. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Гечдар деха шайн Деле, баккъал а, Иза ву-кх дукха Гечдешверг. Цо стиглара шортта догIа доуьйтур ду шуна. Цо гIо дийр ду шуна даьхни, кIентий совбахарца, Цо хуьлуьйтур ю шуна бошмаш, хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш». «Нухь», 10-12. ХIара аят ду-кх вай дийцинчунна уггар дика тIенисвеш дерг.
Баккъал а, Дала адам зер, цунна тIе бала боссор адамо летийна къинош бахьана долуш ца хуьлу даима; иза кхаа декъе декъалуш ду:
1. Дала бала боссорца адам зийча, цо шега кхаьчна бала нахе балха ца бича, и бахьана долуш Дала гечдо оцу адамо летийначу къиношна.
2. Дала бала боссорца адам зийча, амма цо шега кхаьчна бала нахе балхийча, и бахьанехь оцу баланах Делера Iазап хуьлу цунна, ял хилар доцуш.
3. Дала ша балийца зер бахьанехь адам доккхадеш а, цуьнгахь диканиг гуш а хилча, иза хуьлу Далла гергахь и лай даржехь хьалаваккхар. ХIара хьал пайхамарийн а (Делера салам-маршалла хуьлда царна), церан верасаш болчу дика Iамал ечу Iеламнехан а дарж ду.
Цундела, коьртачех ду, Дала, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) билгалдина къинош нахана довзийтар, уьш летийначарна царах дIацIанбала некъ хьехар, иза доьзна ду и нах Делан къинхетаме догдохуш хилийтарца. Коьрта Iалашо иза а йолуш яздина хIара жайна.
АллахIа вай Шен къинхетаме кхойкху
Веза-Сийлахьчу Далла Шен леш дукхабезарца доьзна делилаш сийдолчу Къуръана чохь дуккха ду, дагарлур доцуш. Царех коьрта долчех ду къа латийначу Шен леша дина тоба Дала къобалдар, И царна къинтIера валар, Ша реза волу диканаш Цо царна далар, царна оьгIазваханчул тIаьхьа Цунна юха уьш дукхабезар. И дерриг чулоцуш ду-кх Делан дош.
1. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Шайн Деле гечдар деха аш, тIаккха Цуьнга тоба а де, Цо тоьхна хан тIекхаччалц (шу дIакхалххалц) зовкх хьоьгуьйтур ду шуьга, хIора дика Iамал ечунна (цуьнан Iамале хьаьжжина) дика бекхам бийр бу». «ХIуд», 3.
2. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Гечдар деха шайн Деле‚ баккъал а, Иза ву-кх дукха Гечдешверг. Цо стиглара шортта догIа доуьйтур ду шуна. Цо гIодийр ду шуна даьхни‚ кIентий совбахарца‚ Цо хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш». «Нухь», 10-12.
3. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Ша вуон хIума я шен дегIана зулам динарг, цул тIаьхьа Деле гечдар дехнарг, – цунна карор ду Дела гечдеш, къинхетам беш хилар». «Ан-Нисаъ», 110.
4. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Ахь ала: «ХIай шайн догIмаш зен дайинарш (къинош летийнарш), аш дог ма дилла Делан къинхетамах. Баккъал а, Дала гечдо дерриге а къиношна. Баккъал а, Иза тIех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву». «Аз-Зумар», 53.
5. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъал а, хьан Дела нахана гечдар дукха долуш Ву, уьш зулам деш болушшехь». «Ар-РаIд», 6.
6. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Баккъал а, АллахIана дукхабеза тоба деш берш, цIано еш берш». «Аль-Бакъарату», 222.
7. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «АллахIе тоба хIунда ца до цара, Цуьнга гечдар хIунда ца доьху? Баккъал а, АллахI гечдеш, къинхетам беш ма Ву». «Аль-Маида», 74.
8. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Аш тоба дахь, и шуна дика ду». «Ат-Тавбату», 3.
9. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Цуьнга (Деле) гечдар деха‚ тIаккха Цуьнга тоба де‚ баккъал а, сан Дела (къинхетам барца) гергахь, (доIина) жоп луш Ву». «ХIуд», 61.
10. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «АллахIе тоба де аш массара, хIай ийман диллина нах, – шаьш декъалхилархьама». «Ан-Нур», 31.
11. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Амма тоба а дина‚ ийман а диллина дика Iамал йинарг – иза ву декъалхиллачарех». «Ал-Къасас», 67.
12. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Иза ву Шен леша дина тоба къобалдеш‚ къиношна гечдеш, Иза хууш Ву аш дийриг». «Аш-Шура», 25.
13. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «ХIай ийман диллина нах, АллахIе бакъ-цIена тоба де аш». «Ат-Тахьрим», 8.
ХIокху аяташа билгалдо:
1. Веза-Сийлахь Дела къинхетамца, комаьршонца Шен леша дина тоба къобалдеш, церан къинош дIадохуш хилар.
2. Веза-Сийлахьчу Делан къинхетамах ду, тоба динчу стеган къинош диканашца Цо хийцар, оцу стага динчу тобанна дуьхьал бекхам беш.
3. Тоба дар, гечдар дехар адамна ницкъ, даьхни, бахам лучу бахьанех цхьаъ ду.
4. Веза-Сийлахь Дела ийман диллинчу нахана таIзар дар, чIир эцар дезаш вац, бакъду, тоба а дина, Шега воьрзучу леца къинхетаме, и дукхавезаш ву Иза.
5. Баккъал а, Делан оьгIазло юссуш яц шен тиларна чохь чIагIвеллачу керста стагана тIе бен.
6. Баккъал а, Дала Шена Iеса хиллачу адамашна Iамийна тоба даран дешнаш, и къобал хиларан белхаш. Веза-Сийлахьчу Дала аьлла: «Адама Iамийра шен Делера дешнаш, Цо цунна гечдира, баккъал а, Иза Ву гечдеш, къинхетаме». «Аль-Бакъарату», 37.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлдаа цунна) нийсачу новкъа нисдо вай.
Веза-Сийлахьчу Дала къинхетаме волчу Шен Элчане (Делера салам-маршалла хуьлдаа цунна) аьлла: «Оха хьо Элча вина вахийтина вац, Iаламах къинхетам бархьама а бен». «Аль-Анбияъ», 107.
Веза-Сийлахьчу Дала Шен Пайхамарх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьцна аьлла: «Баккъал а, шуьга веъна Элча‚ шух шайх а волуш‚ шуна хала хилларг шена дазлуш‚ шу нисдарна тIехь сутара а волуш‚ муъмин нахах доглозуш а‚ къинхетаме а волуш». «Ат-Тавбату», 128.
(Т1аьхье хир ю)
Iабдул-Къадир Аль-Арнаут
Зорбане кечйина Алиев Ахьмада