Основы поклонения

Валарна кечамбар

БисмиллахIиррохьманиррохьим

788Хастам бу Iаламийн Да Волчу АллахIана. АллахIера салам-салават хуьлда Iаламех къинхетам беш Дала ваийтина волчу вайн Элчанна Мухьаммадана, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна а.
Баккъал а, уггар нийса къамел – АллахIан жайна (Къуръан) ду, уггар дика нийсо – вайн эла волчу Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нийсо ю. КIезиг долуш кхачам беш дерг гIоле ду, дуккха а долуш кхачаме доцчул а. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, шуна хир ду аьлла чIагIо йинарг догIур долуш ду шуна‚ шун ницкъ кхочур ма бац и юхатоха». «Аль-АнIам». 134.
ХIокху дийцаран Iалашо валарна кечамбарх дерг хьахор ду, адам кхолларх, цуьнан дахарх дерг а хьахош. Кхузахь масийтта хаттар ду, хIора стага ша-шега ца хаьттича йиш йоцуш:
1. Вай кхоллале хьалха хIун хилла вай?
2. Мила ву вай кхоьллинарг?
3. Муьлхачу хIуманах кхоьллина ду вай?
4. Муьлхачу Iалашонна кхоьллина вай?
5. ТIаьххьара вайн доьрзу меттиг хIун ю?
Царех цхьадолчу хаттаршна жоп а луш, вай олу: «Баккъал а, вай дерриг а доцуш хилла, цуьнан маьIна – хIокху дахарехь вай дехаш я хьахош ца хилла. Мила ву тIаккха вай кхоьллинарг? – Веза-Сийлахь волу АллахI ву-кх. Стенах кхоьллина вай? – Хин тIадамах кхоьллина вай, цул тIаьхьа детта цIий хилла иза, цул тIаьхьа цкъа кхаллал жижиг хилла иза, цул тIаьхьа меженаш а хилла, вайгахь долу куц кхочуш а хилла вайн. Мила ву Iалам кхоьллинарг? – АллахI ву. Муьлхачу Iалашонна кхоьллина вай, хIокху дуьнен чу хIунда дахкийтина вай? – Вай дахкийтина АллахIана Iибадат дан. АллахIана Iибадат до вай бохучун маьIна хIун ду? – Цуьнан маьIна, АллахIана муьтIахь хуьлу вай, бохург ду. Вайн доьрзу меттиг хIун ю, цул тIаьхьа вай стенга гIур ду? Вай Далла Iибадат динехь я ца динехь, вай бусалба хиллехь я керста хиллехь, адаман доьрзу меттиг хIун ю? – Веза-Сийлахьчу Деле ю.

Веллачул тIаьхьа долу дахар
Веллачул тIаьхьа долчу дахаран юьхьиг валар ду, цул тIаьхьа каш ду. Хьо хьайн коша воьрзур ву, шен хан кхаьчча Къематан де хIуттур ду, хьо хьайн кошара гIаттор ву. ГIаттийначул тIаьхьа хьесапдар, мийзан терзана тIехь Iамалш озар, кхиболу белхаш а бу, хьо ялсамане я жоьжахате ваххалц. Иштта ду-кх воьрзучу меттиге кхачар, я жоьжахати чу я ялсамани чу вахарца. ХIун ду-те ялсамани чохь дерг? ХIун ду-те жоьжахати чохь дерг? Цигахь диъ хIума ду: даар, духар, малар, дахар. Ялсаманехь муха хир ду? Жоьжахати чохь муха хир ду?

Валар дуьненан дахаран чаккхе, эхартан юьхь ю
Вешан дийцар юьххьера долор ду вай, хIунда аьлча хIора хIуманан а шен юьхь йолу дела. ХIокху декъехь валарх лаьцна, цул тIаьхьа Къематан дийнах, цуьнан кегийчу, яккхийчу билгалонех лаьцна дуьйцур ду вай. Валар дуьненан дахаран чаккхе ю, хIунда аьлча валаро вайн дуьненан дахар хадош долу дела. Бакъду, иза эхартан юьхь ю, вай деллачул тIаьхьа даима лаьттар долчу дахаран хьалхе а ю. Эхарта дерзале хьалха набарш кхетча санна хуьлу вай, амма делча самадовлу вай, оцу хенахь маликаш гур ду вайна, тIаккха хIун хир ду? Амма Дела хьехорехь гIопал хиллачун хьал иштта хир дац, Дала лардойла вай цуьнан декъах, иза самавер вац шен коьртехь саоьцу малик долуш а бен. Валаро массо хIума шен метта дуьллу. Адаман са стигала хьала доьду, амма дегI лаьтте доьрзу. Оцу тIехь чаккхе юй-те оцу белхан? Яц. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Синош догIмех дIатоьхначу хенахь». «Ат-Таквир», 7. Цуьнан маьIна: Къематан дийнахь шен дегIах дIакхетар ду са, дуьнен чохь ма-хиллара. Оцу хенахь даьIахкаш тIе жижиг а доьгIна, хьалха санна дегI хир ду цунах. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оцу хенахь (шозлагIа зурман чу хIуп аьлча) уьш гIовттур бу (Къематан дийнан халоне) хьоьжуш а болуш». «Аз-Зумар», 68. ХIокху аяташа вайна гойту, дахаран чаккхе, эхартан юьхь валар хилар.

Валар – иза чохь са мел долчу хIуманан чаккхе ю
Вайн доьрзу меттиг хIун ю? Вай мича дIагIур ду? ТIаьххьара вай кхочур долу меттиг – иза Къематан де ду. Башхалла яц, вай хIинцца делча я дуккха даьхча, зуда а ялийна, вайн бераш, берийн бераш а вайна гинехь я зуда ялоза хиллехь а, бIешарахь я шина бIешарахь вай дуьнен чохь хан яьккхинехь а, цуьнан чаккхе валар ду. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, Оха адам (Адам-пайхамар) кхоьллина цIенчу поппарх. Цул тIаьхьа Оха иза (Адаман тIаьхье) хин тIадам хилийтина тешамечу меттигехь (ненан кийрахь). ТIаккха, тIадамах детта цIий кхоьллира Оха‚ деттачу цIийх кхоьллира Оха жижиган кийсак‚ жижиган кийсаках кхоьллира даьIахкаш‚ тIаккха даьIахкашна тIе жижиг дуьйгIира (диллира) Оха, тIаккха (цунна чу са а хецна) Оха кхиийра кхин кхоллар. Беркате Ву АллахI – уггар дика кхуллуш верг. ТIаккха‚ баккъал а, шу цул тIаьхьа лийр ду. ТIаккха‚ баккъал а, Къематан дийнахь шу дендийр ду». «Аль-Муъминун», 12-16.
Шеца там боцчух цIена ву-кх Дела, хьажахь хIокху чолхечу балхе. Кхин цхьа а дин дуй адамана шен кхоллар ма-дарра билгалдеш, тIаккха цунна Дала шена делла коьрта ниIмат довза а довза – и ниIмат бусалба волуш кхоллар ду.
Воьрзу меттиг Веза-Сийлахьчу Деле ма ю, кхечу аятехь деана ма-хиллара: «Хьан Деле ю воьрзу меттиг». «Ан-Нажм», 42.
Мичахь ю чаккхе, воьрзу меттиг? Веза-Сийлахьчу Деле ю-кх, Къуръана чохь Веза-Сийлахьчу Дала ма-аллара: «ХIай адам! Баккъал а, хьо къахьоьгуш ду, хьайн Далла дуьхьалкхетталц (дика я вон Iамал ярца), хьо Цунна дуьхьал кхетар ма ду (айхьа йинчу Iамална бекхам хир бу хьуна, я мел, я Iазап)». «Аль-Иншикъакъ», 6. Дерриг дахар къахьегар, кIадвалар ду. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, Оха адам кхоьллина хало хьоьгуш (шена чу са кхоьллинчу хенахь дуьйна ша даллалц)». «Аль-Балад», 4.

Дуьнен чохь даима вахар дац цхьаьннан
Веза-Сийлахьчу Дала хIокху дуьнен чохь даима вахар яздина дац цхьанна а; Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) велахь, маликаш делахь, жинаш делахь – цхьанна а хIокху дуьнен чохь даима вахар делла дац, массеран боьрзу меттиг валар ду, берриге лийр болуш бу. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Зурмана чу хIуп эр ду, тIаккха стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а велла охьавужур ву‚ Далла лиънарг воцург». «Аз-Зумар», 68.
Къематан де кхаччалц дийна хилларг а лийр ву оцу хенахь, зурмана чу хIуп эр долу Исрафил-малик а цхьаьна. Ша зурмана чу хIуп аьлла, дуьнен чохь мел долу хIума дIадаьллачул тIаьхьа дийна хир ду иза, тIаккха Веза-Сийлахьчу Дала Шен дош кхочушдеш долуьйтур ду иза. Цул тIаьхьа Веза-Сийлахьчу Дала дендийр ду иза, шозлагIа зурмана чу хIуп алийта. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оцу хенахь (шозлагIа зурман чу хIуп аьлча) уьш гIовттур бу, (Къематан дийнан халоне) хьоьжуш а болуш». «Аз-Зумар», 68.
Везчу Дала цхьанна а даима вахар делла дац, Веза-Сийлахьчу Дала ма-аллара: «Оха хьол хьалха а ца хилийтина адамана даима дахар. Ткъа хьо велча уьш гуттар лаьттар болуш бу-те?» «Аль-Анбияъ», 34. ХIокху аятан маьIна: хIай Мухьаммад, хьо а лийр волуш хилча, мила ву хьол тIаьхьа даима вехар верг?!
(Т1аьхье хир ю)

Вуждий Ганим

Зорбане кечйина Алиев Ахьмада