Основы поклонения

Некъа дIасавахаран бакъонаш ларъяр – стеган ийманах ду

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Некъа-дIасавахаранХастам бу Iаламийн да волчу АллахIана. АллахIера салам-салават хуьлда Iаламех къинхетам беш Дала Ша ваийтина волчу вайн Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзалшна, асхьабашна, царна тIаьхьа мел баьзначарна а.
Де дийне мел дели хазлуш бу вайн мохк. Адамийн дахаран хьелаш толуш ду. Иза гойту нехан долахь йолчу машенийн барам совбуьйлуш хиларо а.
Болх бан, дикане-вуоне дIасаваха дика аьтто бо машено, Iедало некъа дIасаваха хIиттийначу бакъонашца вай цаьрца дIасалелчахьана. (Хьалха заманахь стеган оцу тайпана дика накъост говр хилла). Мел халахеташ делахь а, некъа дIасалеларан бакъонаш цаларъяро зен-зулам до вайн адамашна. Хийла жима, воккха стаг лазаво, леш меттиг йогIу. Низам лар ца дечо шена, нахана вуон болх бо.
Везчу АллахIа боху вайга: «Аш шайн куьйгаш ма кхийдаде хIаллакьхиларе». «Аль-Бакъарат», 195. Новкъахь ларлуш воцчунна, некъан низам талхочунна Далла гергахь шена бекхам хир бац моттахь, иза гIалатваьлла ву. Дала боху вайга Элчанехула (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «ХIай сан лай, Со зулам деш вац, Ас шуна а хьарам дина иза. Вовшашна зулам ма дойла аш». (Муслим). Цундела ша машенахь новкъаволучу хIора стагана хаа деза, нахана зулам дар хьарам дуйла, цунах ша ларвала везаш вуйла.
Ибн Iумара (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Зуламах кхералаш, баккъалла, иза Къематан дийнан Iаьржа бода бу шуна». (Муслим).

Къаьстина кхераме ву, вахо малар мелла, машенахь араваьлларг. Дала хьарамдина долу и малар молий, шена а, нахана а зулам до оцу стага. Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дош харц хила йиш яц. Ибн Iаббаса (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьийхира, аьлла: «Къаьркъанна гена хила, баккъалла, иза массо вуочу хIуманан догIа ду». (Ибн МажахI)
Цкъа хьалха, иза маларна къа леташ ду цунна. Ибн Iумара (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «АллахIа неIалт аьлла къаьркъанна, иза молуш волчунна, иза дуттуш волчунна, иза оьцуш волчунна, иза духкуш волчунна, иза доккхуш волчунна, иза доккхуьйтуш волчунна, иза хьуш волчунна, иза доуьйтуш волчунна». (Абу Давуд)
ШолгIа, нахана зулам дарна къа хуьлу цунна, мелла волуш цуо шен машен цхьанна тIетохахь. Ткъа шариIатан бакъо хилла лелаш ду Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлларг: «Хьайна зен дар дац я нахана зен дар а дац (хьайна я нахана зен ма де, бохучу маьIнехь)». (Ибн МажахI).
Хаалахь, Дала хьайх къинхетам барг, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла хьуна: «Зина дечо зина дийр ма дац, иза ийманехь волуш; хIума лачкъочо лачкъор ма яц, иза ийманехь волуш; къаьркъа молучо мер ма дац, иза ийманехь волуш». (Бухари, Муслим).
Ойлаехьа, сан ваша, вехна волуш валар нислахь, АллахIна хьалха хIун аьлла хIуттур ву хьо?
Бусалба Iеламнехан хилла барт бу: «ХIора бусалба стагана некъа дIасалеларан бакъонаш ларъяр важиб ду (дича мела хир болуш, ца дича къа хир долуш)».
Машен лелорехь гучудолу иза лелош волчуьнгахь долу гIиллакх. Ткъа гIиллакх Далла гергахь деза лерина ду. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Суна шух уггар дукхавезарг, Къематан дийнахь суна уггар юххехь хинверг, – шух хаза гIиллакхаш дерш бу». (Тирмизи).
Суннат ду, ша араволуш – (Бисмилла́хIи. Таваккальту Iалалло́хIи, ва ла́ хьавла ва ла́ къуввата илла́ билла́хI) – алар. Ша машенна (кеманна) тIехууш, я и уьш лелош волчо хIара доIанаш дар дика ду:
– Бисмилла́хIи, альхьамду лилла́хIи. Субхьа́наллази́ саххоро лана́ хIа́за́ ва ма́ кунна́ лахIу мукърини́н. Ва инна́ ила́ роббина́ ламункъолибу́н.
– Альхьамду лилла́хIи, Альхьамду лилла́хIи, Альхьамду лилла́хIи, Алло́хIу акбару, Алло́хIу акбару, Алло́хIу акбару, субхьа́накалло́хIумма инни́ золамту нафси́ фагIфир ли́, фаиннахIу ла́ йагIфируззуну́ба илла́ Анта).

АллахIа массо зенах-зуламах Iалашвойла новкъа мел волуш верг!

Магомадов Сулим