Ламазан карах1аташ БисмиллахIиррахьманиррахьим

БисмиллахIиррахьманиррахьим

Хастам бу, Шен лайшна, муъмин нахана, фарз дина ламаз тIедиллинчу АллахIана. Делера салам-маршалла хуьлда и ламаз дар хьоьхуш, марздеш, Дала халкъашлахь вазвина ваийтинчу Мухьаммад–Пайхамарна, цуьнан охIланна, асхьабашна, царна тIаьхьа баьзначарна.
Ламаз уггаре а деза Iибадат ду бусалба динехь. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Массо хIуманан корта Ислам дин ду. Цуьнан бIогIам ламаз ду». (Тирмизис МаIаз ибн Джабалера далийна хьадис). Иштта Муслима далийначу хьадисехь ду: «Ламаз дитинарг куфр динарг ву», – аьлла.
Дала уггаре а хьалха тIедиллина Iибадат ду ламаз. Сийлахь-Лекхачу АллахIа Мухьаммад-Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ворхI стигалел лакха ваьккхина, Джабраил маликел Шена герга вигна, омра дина цунна, ламаз де аьлла. Къематдийнахь ламазна тIера долалур ду адаман Iамалийн хьесапдар. Элчано (Делера салам-салават хуьлийла цунна) аьлла: «Къематдийнахь адаман Iамалх хьалха хьесап дийр дерг ламаз ду. И нийса хилахь, йисина Iамалш нийса хир ю, гал хилахь, йисина Iамалш гал хир ю».
(ТIабранис далийна хьадис).

Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен умматана тIаьххьара дина весет ду ламаз. Абу Давуда Iелегара (Дела реза хуьлда цунна) далийначу хьадисехь деана хIара: «Ша дуьненчуьра дIаволуш цо элира: «Ламаз. Ламаз. Шайн куьйга кIелахь болу зударий».
Ламаз – иза Дала вайна делла совгIат ду. Кхоччуш Делах кхерарций, дан ма-дезза нийса вай и дахь, декъалхир ду вай, Дала мукъ лахь.
Халахеташ делахь, оцу езачу Iамалехь гIалаташ доху цхьаболчара. Ламазехь гIалатваьлларг, шена хуучо нисван веза. Имам Ахьмада аьлла: «Шуна хаалаш, нийса ламаз динчу стага шеца гIалаташца ламаз дойуш, имамал хьалха хьала-охьа теIаш ламаз дина волу стаг оцу гIалатех нис ца вахь, имамал хьалха лелхар ца дехкахь, хьекъалца хьехам ца бахь, ламаз нийса цадаран къа цуьнца доькъур ду цо».
Ламаз эцарехь, дарехь лардала деза коьрта гIалаташ хьахош, Делан дуьхьа долчу нийятца, бусалба нахана пайда хиларе догдохуш кечдина ду хIара жайна.
Ламаз карара долу бахьанаш
Ламаз карахь хилча бен дина ламаз къобал хир дац. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шун ламаз къобал хир дац, ламаз карара даьлча, аш ламаз юха эццалц».
(Малика далийна хьадис).

Ламаз карара долу
бахьанаш хIорш ду.

1. Шина меттехула хьатI, боьхалла, цIий, мох арабалар.
2. АгIорваьлча, наб кхетар.
Амма, хиъна волуш набкхетарх, ламаз духуш дац.
Анасера (Дела реза хуьлда цунна) деанчу хьадисехь ду: «Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабашна маьждигехь наб кхетара, цул тIаьхьа самабовлий, ламаз ца оьцуш ламазаш дора».
3. Хьекъалх валаро (тентаквалар, вахар, хьеравалар…).
4. Юкъахь пардо а доцуш, шариIатехь шена яло магийначу зудчун (йоьIан) дегIан меженах хьакхавалар.
5. Бехке меттигех куьйг я пIелгаш хьакхадалар.
Ламаз эцарехь карахIаташ
КарахIат олу, ца деш дитича мел (ял) хир болуш, кхочушдича къа хир доцчу массо хIуманах.
I. Ламаз оьцуш тIех хи дайар я сов чIогIа кхоадар.
2. Бакъахьара меже аьрру агIорчул тIаьхьа йилар.
3. Бехказло йоцуш (шело я кхин бахьана) гата а хьаькхна, меженаш якъор.
Бухарис, Муслима далийна хьадис, Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шена деана гата схьа ца ийцира аьлла.
4. Юьхьах хи тохар. Юьхьах хIумма а тоха мегаш дац, хи делахь а.
Юьхьах хIума тохар бахьанехь юьхьан сий дайар хуьлу.
5. Меже кхуззачул сов я кIезиг йилар.
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), кхузза меженаш юьлуш ламаз эцна, элира: «Ламаз иштта оьцу, хIокхул совваьлларг я эшийнарг бехке ву, зулам динарг ву».
6. Ша ламаз эцалуш воллушехь, ламаз оьцуш шена гIо дайтар.
ГIо дайтаро куралла дагчу йоссайо, ткъа Iибадатехь куралла мегаш яц.
7. Марха кхобуш верг делкъал тIаьхьа бага, мерчу хи кхарзарехь соввийлар.
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Марха доцчо лерина мерчу хи кхарзийла». (Абу Давудан хьадис).

Ламаз дохаран
бахьанаш
1. Ламазехь къамел дар.
Ши элп алар (шайн маьIна дацахь а) къамел ларалуш ду. Шеца маьIна делахь, цхьа элп а ларало къамел. Амма, вицвелла, 6 дашал сов ца волуш къамел дахь, ламаз ца духу.
2. Ламазан низам талхош, меженаш тIех дукха меттахъхьеяр.
Масала, цхьана ракаIатехь кхузза я цул сов меже меттахъхьаяр.
3. ДегIана я бедарна тIе нажжаз кхетар.
Ламазна тIехь волуш, сихха и боьхалла дIаяккхалахь, ламаз ца духу.
4. Iоврат гучудалар.
Нагахь санна, ца хууш гучудаьлла Iоврат сихха дIакъовлахь, ламаз духур дац.
5. Яар, малар.
Цергашна юкъара цуьрг лаамза кийра дахарх, ламаз ца духу. ХIума кхаллар лараран лахара доза – иза багахь башийначу шекаран бIелиган (кампетан) марзо кийра яхийтар.
6. Дуьххьара салам далале ламаз карара далар.
Амма шолгIа салам далале ламаз карара далахь, ламаз ца духу.
7. Йовхарш еттаро, веларо, велхаро, тийжаро дохадо ламаз, нагахь санна царна юкъахь ши элп алар хилахь. Амма шен лаамза йовхарш тохахь, велар иккхинехь, ламаз ца духу. Велакъажаро ламаз ца дохадо. Хьоршам тоьхначуьнга, Дала къинхетам бойла хьох аьлча, ламаз духу.
8. Нийят хийцар.
Нийят хийцар хуьлу, ламаз дихкинчул тIаьхьа ламаз хадо нийят дар. Ламаз хадор ду ша хьенех схьакхачахь аьлла, цунна дагадарца, ламаз духуш ду.
9. Къилба хийцар.
Шен лаамехь волуш, къибла хийцахь, дIа ма-вирззи, ламаз духу цуьнан. Цхьамма лаамза дIаверзийнехь, хье ца луш, сихха юхаверзахь, ламаз ца духу.
(Чаккхе хир ю)
Илесов Iаьрби

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна