Иштта бу-кх и дай-наной…

Цкъа цхьана заманахь кхиъна цхьа Iаж хилла. Оццу заманахь цхьа жима кIант а хилла кхуьуш. КIант хIора денна вогIура Iожа кIел ловза, цкъа Iожа буьххье хьалаволура и, юха Iежаш дууш, тIаккха Iожан IиндагIехь наб кхеташ Iара кIант. Дукха дезара кIантана и Iожан дитт, диттана кIант а везара.
Амма хан сихачу боларца йоьдура, воккха хуьлуш волу кIант хIинца кIеззиг лестара дитт долчу. Цхьана малх кхеттачу дийнахь дитт долчу веана кIант сингаттаме вара.
–Ловзий вайшиъ? – элира Iожо.
– Со хIинца бер дац хьоьца ловза. Суна хIинца кхин ловзоргаш еза, амма сан ахча дац уьш эца, – жоп делира кIанта.
– Бехк ма билла суна, соьгахь а дац ахча. Амма ахь сан Iежаш схьа а лахьийна, уьш дIадоьхкича, царах-м лур ду хьуна ахча.
И хьехар тайра кIантана, дукха сиха Iежаш а гулдина, дIахьаьдира и. Юха ца вогIуш хьевелира кIант, дитто сагатдора…
Дикка зама яьллачул тIаьхьа юхавеана кIант вевзар а вацара – стаг вара и.
Iожан хазахетаран доза дацара!
– Хьо юхавеа! ХIинца ловзий вайшиъ?!
– Ловза дог догIучохь вац со хIинца. Хан а кIеззиг ю. Доьзал кхаба деза, тхуна тхов кIело оьшу. Суна дан гIо хир дарий хьан?
– Бехк ма билла суна, цIа дац сан. Амма сан нуьцкъалчу генех хьайна цIа дан йиш-м ю хьан.
Цу хьехарх кхаъ хиллачу стага, Iожан генаш схьа а хедийна, дIадаьхьира.
И ирсе гуш, дитт ша а ирсе дара. Амма стаг юха а дуккха а ханна дIавахана хиллера. Iожо сагатдора цунна чIогIа, шен бала бийца стаг а воцуш…
Аьхкенан цхьана хазачу сарахь юха а гучувелира стаг. Хазахетаран шовкъехь дегадора дитт.
– Схьаволахьа, ловзу вайшиъ…
– ХIан-хIа, со хIица къанвелла, ловза ца лаьа суна. Цхьа жима хинкема а дина, генна дIагIур вара со, кху дахаран гIовгIанна генавала. Суна дан гIо дуй хьан?
– Сан гIодах де хьайна кема. Цу тIехь генарчу геналле дIа а гIой, ирсе а хила…
Цкъа цхьана хенахь зазано кхелина лаьттинчу Iожан гIодах шена кема а дина, дуккха а ханна къайлавелира стаг юха а.
Дуккха а шераш девллачул тIаьхьа, юха а схьа гучувелира и.
ГергавогIучу шен ширачу доттагIчух бIаьрг кхеттачу дитто элира:
– Бехк ма билла суна, сан кIант. Кхин цхьана а хIуманна тIехь хьуна дан гIо ца дисина-кх сан. И Iежаш хIинца дIадевлла-кх…
– ХIинца Iежашца бала бац сан, я уьш даа цергаш а ца йисина.
– Хьо хьалаволуш хилла гIад а дац, – элира Iожо.
– Со хIинца валалур а вацара цу тIехула хьала…къанвелла…
– ХIара дала гергадахана орамаш доцург, кхин хIумма а дац-кха, – гIийла декара Iожан аз.
– Суна хIинца эша а ма ца оьшу хIумма а, жимма садаIа меттиг хилчахьана…шераша кIадвина… – элира къоьжалле кхаьчначу цкъа мацах жима хиллачу кIанта.
– Охьалахлохьа…сан орамаш тоьар ду хьуна садаIа…охьалахлохьа…
Воккха стаг охьалахвелира, дитт делакъежира…цуьнан орамаш тIехула оьхурш бIаьрхиш хеталора…

P.S. Вайх хIораннах а лаьцна ду аьлла хетало хIара дийцар. Дитт – вайн да-нана ду. Ткъа вай – цу кIантах тера ду.
Иштта бу-кх и дай-наной…башха а дац, вай цаьрга хIуъу дехча а, вай ирсе гархьама цара шайн тIаьххьарниг а схьало…
Гочдинарг –
Петирова ПетIамат

https://instagram.com/gazeta_zori_islama

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна
www.ZORI-ISLAMA.com