ДOIA

Баккъал а цIенчу даггара хIара доIа де вайшимма, ас а, ахь а?! Сингаттам, гIайгIа, сагатдалар дIадоккху доIа ду ма ду хIара:
«Лá илáхIа иллаллóхIул-Iазымул-хьали́м, лá илáхIа иллаллóхIу роббул-Iаршил-Iази́м, лá илáхIа иллаллóхIу роббуссамáвáти ва роббул-арды ва роббул-Iаршил-кари́м. Йá хьаййу, йá къоййýму, ла́ ила́хIа илла́ анта, бирохьматика астагIи́с»
«АллахI воцург кхин дела вац, воккха а, эсала а ву Иза, АллахI воцург кхин дела вац, доккхачу Iаршан да ву Иза, АллахI воцург кхин дела вац, стигланийн Эла ву Иза, лаьттан а Эла ву Иза, сийлахьчу Iаршан да а ву Иза. ХIай дийна верг, хIай даим верг, Хьо воцург кхин дела вац, Хьан къинхетамца орца лоьху ас».
«АллóхIумма рохьматака аржý, фалá такилни́ илá нафси́ тIарфата Iайн, ва аслихь ли́ шаъни́ куллахI, лá илáхIа иллá Анта»
«Я АллахI! Хьан къинхетаме догдоху ас, ткъа со сайх воьзна ма вита Ахь, бIаьрга негIар тухучу юкъана а; сан дерриге а гIуллакхаш то а де Ахь, Хьо воцург кхин дела вац».
«АстагIфируллóхIаллази́ лá илáхIа иллá хIувал-хьаййал-къаййýма ва атýбу илайхI»
«АллахIе гечдар доьху ас, Ша воцург кхин дела воцуш волчу, дийна волчу, даим волуш волчу, Цуьнга тоба а до ас».
«Лá илáхIа иллá Анта, субхьáнака инни́ кунту миназзóлими́н»
«Хьо воцург кхин дела вац, кхачамбацарех цIена ву Хьо, бакъдолуш со зулам динчарех хилла-кх».
«АллóхIумма инни́ Iабдук, ибну Iабдик, ибну аматик, нáсыйати́ бийадик, мáдын фиййа хьукмук, Iадлун фиййа къодóук, асъалука бикуллисмин хIува лак, саммайта бихIи́ нафсак, ав анзалтахIý фи́ китáбик, ав IалламтахIý ахьадан мин халкъик, авистаъсарта бихIи́ фи́ Iилмил-гIойби Iиндак, ан тажъIалал-Къуръáна раби́Iа къалби́,ва нýра содри́, ва захIáба хIамми́, ва жалáа хьузни́»
«Я АллахI! Бакъдолуш, Хьан лай ву со, Хьан лайн кIант а ву со, Хьан лай йолчу (сайн ненан) кIант а ву со, сан болх Хьан керахь бу, Хьан хьукма суна тIехь лелаш а ду, Хьан кхиэл суна нийса а ю. Ас Хьан массо цIарца доьху Хьоьга, Ахь Айхьа Хьайна яьккхина йолчу, яйа Ахь Хьайн Жайни тIехь йоссийна йолчу, я Ахь Айхьа кхоьллинчу Хьайн кхолларх цхьанна Iамийна йолчу, я Ахь Хьайна гергахь Хьайн къайленехь сацийна йолчу, Къуръан сан деган бIаьсте яр, сан кийран нур иза дар, сан сингаттам дIаойъуш дерг иза дар, сан сагатдалар дIадоккхуш дерг иза дар».
«АллóхIумма инни́ аIýзу бика минал-хIамми вал-хьазан, валIажзи валкасал, вал-бухли вал-жубн, ва долаIид-дайни ва гIолабатир-рижáл»
«Я АллахI! Со ларло Хьоьца гIайгIанах, сингаттамах, кIелвисарх, малонах, сутараллех, осалаллех, декхаро сой лацарх, суна тIехь толам баккхарх а».
«ХьасбуналлóхIу ва ниIмал-ваки́л»
«АллахI кхачаме ву вайна, ма дика доладархо а ву-кх Иза».

1аид аль-Къарний

 

https://instagram.com/gazeta_zori_islama

Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна
www.ZORI-ISLAMA.com