Iовдин Iела

Галваьлларг емал ца вора цо, собарх воьхнарг дΙа ца тоттура цо, цхьаьнцца а инкарло яцара цуьнан, лохачул лекха ца хетара цунна ша, беркъа хилар сакхт ца лорура цо, хьекъална генавоцчух чекх са ца гора цунна, бахамо корта ца хьовзабора цуьнан, нехачуьнга са ца туьйсура цо. Шен лехамашца, боккхачу хΙора когаца цΙенна, Делан дуьхьа, бусалба динан дуьхьа, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шариΙат, тIарикъат дΙакхайкхоран дуьхьа, халкъ тодина дΙахΙоттор Ιалашо йолуш, халкъан дола дан араваьлла Делан Вели вара иза.

I923-гΙа шо. Январь беттан I6-гΙа де. Нохчийчу баьхкира большевикийн правительствон векалш: А.И. Микоян, К.Е. Ворошилов, С.М. Буденный, М.К. Левандовский. Хьалхарниг – Къилбаседа Кавказан краевой парторганизацин куьйгалхо, важа кхоъ – граждански тΙеман турпалхой, цΙен Эскаран уггаре а лакхара даржашкахь болу нах. Цул сов, Ворошилов а, Микоян а шайн дахаран тΙаьххьарчу шерашкахь, Конституцица нийса а догΙуш, советски пачхьалкхан куьйгалхой бара. Ларамза дацара иштта тоба кхуза яр – Нохчийчохь официальни кепара керла Ιедал кхайкхор яра церан Ιалашо. Оцу гΙуллакхна билгалъяккхина яра Хьалха-Марта.
А. Микояна дийцарехь (журнал «Юность», №3, I967 шо) I0 эзар стаг хилла Хьалха-Мартана гулвелла. Хетарехь, дийнна халкъан цΙарах дΙайолчу хенахь цуьнан хиламах боьзна болу сацам тΙеэца бакъо йолуш нах бу уьш, цундела шаьш арадаьккхина гΙуллакх къастор царах тешадо Москван векалша.
Цигахь дехха къамелаш дира Микояна а, Ворошиловс а, Буденныйс а, Левандовскийс а, Эльдарханов Таьштамира а. Кхета хала дац, хΙун чулацам болуш а, мел мерза а дара большевикийн Ιедало ламанхошна йохьучу «ялсаманех» лаьцна долу уьш. Латта, бусалба дин лело бакъо, шайна бегΙийла хетта Ιедал хΙотто йолу таро, йохка-эцар лело йолу шуьйра таронаш, нохчий эскарехь гΙуллакх дарх мукъа битар, герз лело йолу бакъо, шарΙан суд хила йолу бакъо, дешар Iамо ишколаш хила йолу бакъонаш…кхин а, кхин а мел дукха дара уьш.
Ма-дарра аьлча, кремлевски хьадалчашка ладоьгΙча, большевикел дика верас хиларе сатуьйсила яцара нохчийн, и Ιедал церан дуьхьа кхолладелла а, шен коьрта Ιалашо церан дахар зазадоккхуш дина дΙохΙоттор а лоруш дара.
…Гулбеллачара, резахуьлий, маьхьарий детташ тΙеоьцура Россин визитерийн хабарш. Туьйранахь санна дуьйцуш ду хIинца а гулбеллачех цхьамма дукха резахиларца аркъал лаьтта охьа а воьжна, ший а куьг а, ший а ког а айбина «Ва реза ву, дукха чIогIа реза ву!…» бохуш, мохь беттар.
Амма итт эзар стагана юкъахь вара оцу дуьйцучун маьΙна хΙун ду хууш, адам кхин цкъа а Ιехош хилар гуш верг. Шина а агΙорниш – нохчий а, тΙебаьхкина хьаькамаш а – вовшашна чΙогΙа реза хуьлуш иттех сохьтехь дахделла долу и цхьанакхетар чекхдолуш трибуни тΙе велира нохчийн духарца кечвелла, 40 шо кхачаза волу стаг. Иза Митаев Ιела вара. Iела вистхилийта везаш хилар схьакхайкхийча, и ца лууш берш а гучубевлира, царех уггаре коьртачех болу Iелимнах а бара. «Ма хилийта Iела вист, халкъан хилла лаьтташ барт бу, муьжгий тIеэца, и барт бохор бу цо», – аьлла мохьтоьхнарг а вара гIараваьлла Iелимстаг, цунна хаьара Iелин хьежар муха ду…
«И де тахана санна дагадогΙу суна, – бохуш дийцира соьга Курчалойн-Эвларчу вахархочо Хуцуруев Вис-Хьаьжас (Вис-Хьаьжа Кунта-Хьаьжин мурдех стаг вара, динчу къамелан видеозапись а йира ас – М.З.), – ханна дукха воккха вацахь а, хуьлуш долчух кхеташ вара со. Бакъду, баккхийчара говрийн дола дайтар Iалашо йолуш вигна вара со цига».
Ша цигахь дакъалоцуш ца хиллехь, дуьйцур доцу, дийца хуур доцу дикка хΙумнаш дийцира воккхачу стага. Дика дагадогΙура цунна баккхийчу хьешех цхьаьннан даккхий мекхаш а (кхеташ ма-хиллара, Буденный ву иза).
– Ιелас дийцинчух цхьа а хΙума дагадогΙий хьуна? – аьлла динчу хаттарна, Вис-Хьаьжас элира:
«Ой! Муха ца догΙу! Оцу майдана гулбелла болу нах цец а бохуш, хьаькамаш Ιада а беш, тΙедогΙуш долчу боьхачу Ιедалх лаьцна, цара лелон долчух, церан мекарлонех, лелон йолчу харцонех лаьцна дукха дийцира цо. Турпал-Ιела воцург, Ιовдин Ιела бен ваьхьар вацара иштта къамел дан!», – тIечIагIдеш дийцира Вис-Хьажас…
Вуьшта Жимчу АтагIарчу Зеврбиган Джунида (сан дас) сих-сиха дуьйцура и къамел. Джунидана иза дийцинера оцу съездехь хилла волчу схьавалар Шелара долуш волчу АслагIас. (АслагIа суна а дагавогIу, Маккарчу Мус-шайхин мурд вара иза, Жимчу АтагIахь вахар-Iер долуш, тхан гергара стаг а вара, сан ненан Маржанан йиша НеIмат (цул дукха жима елахь а, цуьнан хIусамнана яра).
–ХΙай Ιеламнах! ХΙай коьрта нах! ХIай мехкан тхьамданаш! ХΙай сан ден хенара нах! (Ιелас даима а иштта доладора шен къамел, адамаш дукха гулделлачохь, уьш ларарца), – аьлла дΙадолийра цо шен къамел, – Со ца воллу шун хΙинца хилла барт бохо (тΙебаьхкинчу хьаькамаша нохчашца бина барт – М.З.). Делахь а сайна гуш дерг шуьга дΙа ца хаийта йиш яц сан.
Оцу дешнашца шен аьрру куьг ойъу Ιелас:
– ХΙокху сан куьйган кераюкъ шайна гаре терра, хΙокху муьжгийн Ιедало тахана шайга дуьйцуш дерг го шуна, амма хIокху куьйган тIехуле шайна ца гаре терра (олуш, шен аьтто куьйган хьажо пIелг аьрро куьйган букъа тIе а тухуш), кхеран кхане ма ца го шуна, кхара лелон дерг ма ца хаьа шуна.
Меттан буьххьехь моз ду кхеран, меттан бухехь дΙовш ду кхеран, тахана аьлларг кхана хир дац, кхана аьлларг лама хир дац. Тахана шаьш бина цхьа сацам хилча, кхана и хийцича, ши шай шайна пайда хирг хилча, и хийца эхь хетар дац кхарна.
Цхьаьллиг-цхьаъ «хΙара ву» аьлла, вийца да волуш вац хΙорш, берриге а чалахь бина бу. Ишттачу нахера хΙун дика болх хир бу аьлла хета шуна, алийша, хIай Iелимнах?!
Наха суна бехк буьллу, ас гΙалгΙазкхашкахьа озабезам бо, бохуш. Суна хΙун бен яра Ιаьржа хьакха а, кΙайн хьакха а? ГΙалгΙазкхичо а хьакха юу, муьжгичо а хьакха юу. Делахь а, ворхΙ дега валлалц шайн вийца да волуш бу гΙалгΙазкхий, шайн динехь мах биний бен, зуда маре ца йохуьйту цара. Шайн дин лелош болчу цара вешан дин лело вай маьрша дуьтур дара. И башхалла ю ас лоьхург.
Шуна моьтту хир ду, хIокхара вай даха охьаховшор ду, вайна дуьненан даьхни схьатоттур ду! Ас ма элира ала ду шуна: шаьш чIагIделла ма девлла, вайх уггаре а коьрта ву мел бохург хIокхара дΙа ца лахьавахь, вайн когех-куьйгех буржалш ца деттахь, цΙийдинчу аьчгашна тΙе вай ца хийшадахь!
ВаллахΙи, БиллахΙи, ТаллахΙи, Делан езачу оцу кхаа цΙарца ас чΙагΙо ма йо шуна, со-м цхьа дегΙ бен дацара, шайн мехкан дай хир ма дац шу, шайн дохнан дай хир ма дац шу, доьзалан дай хир ма дац шу, шайн чуьрчу зударийн дай хир ма дац шу!»…
Анастас Ивановича дийцарехь, гочдархочун декхарш кхочушдеш вара Т. Эльдарханов, амма шеко яц, нохчийн мотт хууш берш хьаькамашна уллохь кхин а хилла хилар. Иза хууш волчу Таьштамара нийса дΙабовзийтина хир бу Митаев Ιелин къамелан чулацам. Кхета хала дац, хΙун ойла кхоьллина церан дегнашчохь Ιелин къамело. Яздинчух валалур вац. Дакъазбовла доьгΙна хилла нохчашна. Хиндерг куьзганахь санна гуш волчу Ιелас дина къамел тΙе ца ийцира кхеташоно. Дог доьхначу Iелас кхин тΙе а иштта дешнаш элира: «Сих ма ло вай, хIай нохчий, хΙорш болуш ма бу вайна лаахь – тΙеэца а, ца лаахь – ца эца а. Цкъа хьовса вай хΙокхара лулахошна хΙун дохьу?!».
Мел халахеташ делахь а, жоп доцуш дисира Ιелин вистхилар.
Большевикийн Iедал тIеэца лаам болуш, карзахе хьийзаш, оцу тобанна юкъахь волчу шина стаге (гулделлачу халкъан дукхахболчу векалша къобалвеш ши Iелимстаг вара и шиъ, амма автора, хууш долчу бахьнина, цIе ца йоккху цу шиннан), цу шиннан цIарца чардакха тIера дIа вистхилира Iела. «Хьанех! Уггаре а хьалха хьуна тIера дIаболор бу хьуна хIокхара шайн болх… «Минех»! Таханлера де хьуна дага маца догIур дуй? ХIинца-м тоьар дара суна хIара дуьненан даьхни, аьлла хьуна хеттачу хенахь, хьан уьйтIа стол а хIоттийна, цу тIе талмаж а хаийна, «хIара хIума хьан дуй?», бохуш хьоьга хьайгга даре а дойтуш, и даьхни дIа а доккхуш, хьо дIалоцучу дийнахь дагадогIур ду хьуна таханлера де, олуш, шен къамел дерзийра Iелас.
Цул тIаьхьа шен муридийн тобанца МартантIера дIавахара Iела.
АслагIас дийцарехь, Iелин тобанна тIехула, олхазарийн тоба яхара, уьш гена бовллалц, нах тIаьхьа а хьуьйсуш… Цхьаболчу наха «маликийн тоба яра иза…», – элира.
Тхан дас Джунида дуьйцура… Вайнах Сибрехара цIабирзинчул тIаьхьа Мескер-Эвлахь цхьана хIусамехь (хIусамден цIе дага ца йогIу суна – автор) зуькарехь дара шаьш, зуькар чекхдаьлла охьахевшина сагIех кхеташ Iаш, Джунида дийцинера оцу гуламах лаьцна а, Iелас дина къамел а. НеIарехь ладоьгIуш лаьтташ болчу нахах цхьамма (Касуев Нурдис). Джуниде элира: «Ахь мел дешначу Къуръанор и Iелимстаг лоцуш, талмаж хилларг со ма ву», – аьлла. Массо а цец а ваьлла, неIарехьа хьаьжира. «ХIай байттамал, хIай байттамал, бохуш, уьйтIахула дIасалелара воккха стаг, ас хаьттира цуьнга, воккха стаг, воха-м ца воьхна хьо, – аьлла. Воха-м ца воьхнера со, Iовдин Iелас бохург ца дина байттамал хилла-кх суна! Хьалххе хууш хилла-кх Iелина хIара де суна тIедогIур дуйла, бохуш, уьйтIахула дIасалелара и воккха стаг», – дийцира Нурдис.
1990 — чу шарахь хIара дийцар дийцира ас журналистана Уциев Абуна. Леррина ла а доьгIна, со дийцина а валийтина, Абус элира: «МасIуд, и ахь дийцина къамел суна а хезна, ма-дарра дуьйцу ахь , амма чекхдаллалц ца дуьйцу. Iелин тобанна тIехула олхазарийн тоба гина хилла оцу Iелимстагана а. Цул тIаьхьа воьддушехь, Эвтара Iела волчу вахана и, хьаьккхина чу а вахана, хьо къонах вуйла-м шеко йоцуш хууш вара ша, амма хьо эвлаяъ вуйла ца хаьра шена, хьан тобанна тIехула маликийн тоба гира шена, хьо къинтIера ца ваьккхича, Дела новкъахь шен чу вахана паргIатвала бакъо ца хиларна, хьо къинтIераваккха веъна ша, аьлла Iела къинтIера а ваьккхина, вахна и Iелимстаг цIа», – дийцира Абус.
Заурбеков МасIуд

 

 

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*