Iилманан дозалла

05c88b330acfba9e68f797b95c82ae47Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Дала Ша цхьанна дика дан лиъча, цунна динехь кхетам ло, нийса некъ хьоьху».
(Аль-Бухари, Муслим)
Иштта Делан салам хиларо аьлла: «Іеламнах пайхамарийн верасаш бу».
(Абу Давуд, ат-Тирмизи,
Ибн МажахІ, Ибн Хьиббан)
Хууш ма-хиллара, пайхамарийн даржал лекха дарж дац, и верасалла шега кхачаран сийлаллел йоккха сийлалла а яц.
Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Іеламстагана гечдар доьхуш ду стигланашкахь а, лаьттахь а мел дерг».
(Ибн МажахІ)
Стигланашкахь а, лаьттахь а долчу маликаша шена гечдар доьхуш волчун гІуллакхал лекханиг муьлха ду?!
Иштта Делан салам хиларо аьлла: «Баккъал а кхетамо сийлахь верг шен сийлаллехь соввоккху, лай паччахьийн тІегІане кхаччалц лекхавоккху».
(Абу НуІайм ва
гІайрухІу бисанадин заІиф)
Делан салам хиларо хІокху хьадисехь дуьненахь хуьлуш болу Іилманан стоьмаш хьахийна. Хууш ма-хиллара, эхарт дика а, гуттар лаьттар долуш а ду.
Иштта цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Мунепакъехь (шалхонча) хир йоцуш ши билгало ю: дикачу нехан сибат а, динехь болу кхетам а (фикъх1)».
(Ат-Тирмизи)
ХІокху заманахь цхьаболчу Іеламнаха шалхонаш лелайора алий, кху хьадисах шек ма валалахь – Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхузахь дуьйцуш долу фикъхІа (динан Іилма) хьуна моьттуш дерг дац хьуна. ФикъхІа бохучу дешан маьІна лахахь хьахийна ду хьуна. ФакъхІан (Іеламстаг, шарІдевзарг) уггар лахара дарж – эхарт дуьненал дика дуй хаар ду, и хаар даггара делахь, цуьнца нифакъах а (шалхо), рияах а (моттаргІа) хьалхавер ву иза.
Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Нахах уггар сийлахь верг ийманехь волу Іеламстаг ву, (нехан) шегахь хьашто хилча (царна) пайдехь волуш, хьашто ца хилча, (долчуьнца) шен дегІана тоам беш волу».
(Аль-БайхІакъи
бисанадин заІиф)
Иштта Делан салам хиларо аьлла: «Ийман Іора (дерзина) ду, цуьнан духар (Делах) кхерар ду, цуьнан къагар (хазалла) эхь-бехк долуш хилар ду, цуьнан стом – Іилма – (Дела вовзар) ду».
(Аль-Хьаким
бисанадин заІиф)
Делан салам хиларо аьлла: «Тайпа далар дай ма ду Іеламстаг валарал».
(Ат-ТІабрани,
Ибн Іабд-аль-Барр)
Иштта цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Адамаш дешин а, детин а маьІданаш (рудник) санна маьІданаш ду, царах жахІилиййатехь (боданан зама) дика хилларш Исламехь а дика бу, уьш динан Іилманах (шарІах) кхеттехь».
(Аль-Бухари, Муслим)
Цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна):
«Іеламнехан шекъа Къемат-дийнахь (Мийзан терзан тІехь) шахІидийн цІийца дІанисдийр ду».
(Ибн Іабд-аль-Барр
бисанадин заIиф)
Иштта цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сан умматера, шовзткъа хьадис Іамийнарг милла а велахь а, иза Къемат-дийнахь шарІдевзарг, Іелимстаг хилла, Веза-Сийлахь волчу Далла дуьхьал хІуттур ву».
(Ибн Іабд-аль-Барр
бисанадин заІиф)
Иштта цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Веза-Сийлахь волчу Делан дин Іамош верг Цо цуьнан сагатдеш мел долчух хьалхавоккху, цунна дагахь доццучуьра рицкъ а ло».
(Аль-Хатыб
бисанадин заІиф)
Иштта цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Дала, Веза-Сийлахь ву Иза, ИбрахІиме (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаам бина: ХІай ИбрахІим, Со дерриг хууш ву, массо дешнарг везаш ву».
(Ибн Іабд-аль-Барр)
Иштта цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Іеламстаг – лаьтта тІехь Делан (цІена ву Иза) векал ву».
(Ибн Іабд-аль-Барр
бисанадин заІиф)
Иштта цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ши тоба ю сан умматехь, уьш дика белахь, нах дика хир бу, уьш телхина белахь, нах телхина хир бу: уьш – паччахьаш а, Іелимнах а бу».
(Ибн Іабд аль-Барр,
Абу-НуІайм бисанадин заІиф)
Иштта цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Со Далла, Веза-Сийлахь ву Иза, герга вуьгуш долчу Іилманехь соввалар шена чохь доцу де суна деача, – оцу дийнахь малх схьакхетар суна беркате дац».
(Ат-ТІабрани, Абу НуІайм,
Ибн Іабд-аль-Барр бисанадин заІиф)

Муртазаев С.

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*