Iийса-Пайхамарх лаьцна (Делера салам хуьлда цунна)

Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Маликаша аьлла хан хьахае: «ХIай Марьям, баккъал а, Дала хаьржина хьо‚ Цо цIанйина хьо‚ Цо хьо хаьржина массо Iаламан зударел. ХIай Марьям‚ муьтIахь хила хьайн Далла‚ суждане а гIо‚ рукуIе боьлхучаьрца рукуIе а гIо (ламаз дечаьрца ламаз де)».
(«Алу-Iимран», 42-43)
Iийса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) нана Марьям Далла Iибадат дечу хенахь жима хилла, шен 15 шо бен доцуш. Дала Джабраил-малик (Делера салам хуьлда цунна) дахийтина и йолчу, хаза юьхь-сибат долчу стеган куьцахь. Цо цуьнга кхаъ баьккхина, хьуна цIена кIант вала ваийтина Делан геланча ву ша, аьлла. Джабраил-малико (Делера салам хуьлда цунна) Маръяман кучан чета Iаь тоьхна, цунах бахьана хIоьттина Маръям доьзалхочух хилла (боьрша стаг улло вахана а воцуш).
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Маликаша аьлла хан хьахае: «ХIай Маръям, баккъал а, Дала кхаъ боккху хьоьга Шегара Дашца, шен цIе Масихь йолуш, Маръяман кIант Iийса, ша дуьненахь а, эхартахь а сийдолуш хинверг, ша (Дала) гергабинчарах а хинверг. Нахе вистхир ву иза агана чохь а, гIеметта хIоьттича а (30 шо кхаьчча), дикачу нахах а хир ву иза. Цо (Маръяма) элира: «Сан Дела‚ муха хир ву сан кIант‚ сох стаг хьакхавелла а ца хилча?». Цо (Дала) элира: «Иштта Дала кхуллу Шена луург. Шена цхьа болх лиъча‚ Цо олу цуьнга: «Хила!» – тIаккха и хуьлу. Цо цунна (Iийсана) Iамор ду йоза‚ нийсо а‚ Товрат а‚ Инжил а».
(«Алу-Iимран», 45-48)
Цул тIаьхьа Вифлеем йолчу агIор дIаяхана и, новкъахь цунна доьзалхочух йолчунна хуьлуш долу лазарш хааделла. ТIаккха иза гIайгIане а йолуш, дакъаделлачу хурманан дитта кIел яхана, цигахь Iийса (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен чу а ваьлла.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Иза (Джабраил-малик) цуьнга кхайкхира цуьнан (хурманан дитта) кIелара: «Хьо гIайгIане ма хила, Хьан Дала хьуна бухахь (хин) татол хилийтина. Хьайна тIе ластаде хурманан диттан га, цо егор ю хьуна мадъелла тIеда хурманаш. Ахь яа, мала а мала, хьайн дог паргIат а даккха. Хьайна нахах цхьаъ гича, ахь ала: «Ас чIагIо йина Къинхетаме волчунна марха кхаба, тахана адаме йист хир йолуш ма яц со». ТIаккха и яхара цуьнца (Iийсаца) шен нах болчу, (шен карахь) ша и хьош, цара элира: «ХIай Маръям, ма тамашийна хIума деана ахь! ХIай ХIарунан йиша! Хьан да вуон стаг ма ца хилла, хьан нана ма ца хилла харц некъ лелош». Цо ишар йира цунна (Iийсана) тIе. Цара элира: «Тхо муха дистхир ду аганна чохь долчу бере?» Цо (Iийсас) элира: «Со Делан лай ву, Цо соьга жайна а делла, Цо сох пайхамар а вина. Цо со беркате а вина, со миччахь велахь. Цо соьга весет дина, ламаз де, закат ло, аьлла, – со дийна мел ву. Сайн нанна дика хила аьлла (весет дина соьга), Цо сох ца вина нахана ницкъбийриг а, дакъазаваьлларг а. Маршо ю суна со дуьнен чу ваьллачу дийнахь, со лийр волчу дийнахь а, со юха денвийр волчу дийнахь а!»
(«Марьям», 25-33)
Бакъду, наха къобал ца дина шайна гина Iаламат, цара аганчуьра бер дистхилар бозбуанчаллех ду, аьлла. Оцу заманахь марха кхабарна юкъадогIуш хилла вистцахилар а, яахIума цаяар а.
Цул тIаьхьа Iийсас (Делера салам хуьлда цунна) аьлла: «Баккъал а, АллахI – сан Дела а, шун Дела а ву, Цунна Iибадат де аш. ХIара бу нийса некъ».
(«Марьям», 36)
Вифлеем шахьарахь кхуьуш хилла Iийса (Делера салам хуьлда цунна). Ша аган чохь волуш вистхиллачул тIаьхьа, берашна мотт Iемачу хене валлалц вистхилла вац иза. Цул тIаьхьа Дала хьекъал а, говза мотт а белла цунна. Бакъду, цуьнгахь долу делилаш къобал ца дина жуьгташа, бехк боцчу Маръямана тIехь харц цIе а кхоьллина цара.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Цара керсталла дар бахьанехь, цара Марьямана тIехь чIогIа харц цIе кхуллуш аьлла долу дош бахьанехь а (неIалт аьлла царна).
(«Ан-Нисаъ», 156)
Iийса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) ворхI шо кхаьчча, цуьнан нанас Iилма Iамадайта дIавелла иза. Дала цунна тамашийна белхаш гойтуш хилла. Шеца ловзуш долчу берашна цо дуьйцуш хилла, церан наноша царна дIайиллинчу юучу хIуманах лаьцна. ТIаккха жуьгтий кхерабелла, и бер бахьанехь шайгара харцо гучуяларна а, шаьш даржах дохарна а. Къайлах Iийса (Делера салам хуьлда цунна) вен барт бина цара. Дала Маръямана дагатесна, шен кIантаца Иерусалиме дIаяха еза ша, аьлла.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Оха хилийтира Маръяман кIантах а, цуьнан ненах а делил. Оха и шиъ даха хаийра къайлах йолчу лекхачу меттехь, хьаладолуш шовда долуш».
(«Аль-Муъминун», 50)
Iийсан (Делера салам хуьлда цунна) гергарчу хьесапехь 30 шо кхаьчча, Дала цуьнга Инжил а, пайхамаралла а делла. ТIаккха Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Делан пурбанца шен халкъ дине кхайкха волавелла.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Царна тIаьххье Маръяман кIант Iийса вахийтира Оха, шел хьалха хилла долу Товрат бакъдеш. Оха цуьнга Инжил делира, шегахь нийса некъ а, нур а долуш, шел хьалха хилла Товрат ша бакъдеш долу, ша нийса некъ а, Делах кхоьруш болчарна хьехам а хилла долу».
(«Аль-Маидат», 46)
Дала хIора пайхамарна луш долу Iаламат – оцу заманахь бехачу нехан хьоле а, лазаме а хьаьжжина луш хилла. Iийса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) заманахь бIаьрса доцуш бераш дуьнен чу довлар а, лоьрашка дарба ца далуш йолу барс (проказа) олу цамгар а яьржина хилла. Оцу цамгарна дарба деш хилла Iийсас (Делера салам хуьлда цунна), Делан пурбанца. БIаьрса доцчун юьхьа тIе цо куьг хьаькхча, цуьнан бIаьрса меттах1уттуш хилла, барс цамгар йолчун дегIа тIе цо куьг хьаькхча, цуьнан цамгар дIайолуш хилла. Цул сов, веллачун коша тIе а вахана, цо доIа дича, Делан пурбанца велларг денлуш хилла.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «(Дала иза) Исраилан доьзалшка элча вина вохуьйтур ву. (Цо эр ду): «Баккъал а, со веана шуьга шун Делера билгалонца‚ ас поппарх кхуллур ду шуна хьозанан суьртех тераниг‚ цунна чу 1аь тухур ю ас – Делан пурбанца хьоза хир ду цунах‚ ас дарба дийр ду бIаьрса доцчунна а‚ барс (проказа) цамгар йолчунна а‚ белларш а денбийр бу ас, Делан пурбанца‚ ас дуьйцур ду шуна аша юучух а‚ аша шайн цIеношкахь дIаюьллуш йолчух а лаьцна. Баккъал а, оцу балхехь билгало ю шуна‚ шу Делах тешаш делахь».
(«Али-Iимран», 49)
И даккхий Iаламаташ, билгалонаш шайн бIаьрга гича а, кIезиг болчу наха бен ийман ца диллина цуьнга. Бакъду, царах дукхахберш шайн керсталлехь а, тиларна чохь а чIагIбелла. Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Исраилан доьзалшка вахийтина тIаьххьара пайхамар ву. Цхьана дийнахь хьехам беш, шел тIаьхьа вогIур волчу пайхамаран цIе а, цуьнан куьцаш а дуьйцуш, шен къоме кхаъ баьккхина цо.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Маръяман кIанта Iийсас аьлла хан хьахае: «ХIай Исраилан доьзалш! Баккъал а, со шуна ваийтина Делан Элча ву, сол хьалха хилла Товрат бакъдеш а, Ахьмад (Мухьаммад) цIе йолуш сол тIаьхьа вогIур волчу элчанца кхаъ боккхуш а».
(«Ас-Софф», 6)
Шена тIаьхьахIиттинчаьрга кхаа дийнахь марха кхаба, аьлла, омра дина хилла Iийса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна); шийтта стаг хилла уьш. Шаьш марханаш кхаьбна бевлча, цара цуьнга дехар дина, чохь даар долуш шун доссадехьа шайна стиглара, аьлла. Iийса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) царна хьехам бина, Дала шуна и ниIмат делча, аш дан ма-деззара шукра ца дарна кхоьру ша, аьлла. Цара и дехар ца дитича, ша ламаз дечу метте а вахана, Iийса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) Деле доIа дина, церан дехар кхочушдар доьхуш.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Хьаварийюнаша (Iийсана тIаьхьахIиттина апостолш) аьлла хан хьахае: «ХIай Маръяман кIант Iийса, хьан Делан ницкъ кхочур барий тхуна стиглара шун доссо?». Цо элира: «Делах кхера шу, шаьш ийман диллина делахь». Цара элира: «Тхуна лаьа цу чуьра хIума яа, тхайн дегнаш паргIатдаха а, хьо тхоьга бакълийна хилар тхуна хаа а, оцу тIехь тхо тоьшалла дечарах хила а». Маръяман кIанта Iийсас элира: «ХIай АллахI – тхан Дела, стиглара шун доссадехьа тхуна, дезде хир дара тхуна цунах – тхан хьалхарчарна а, тхан тIаьхьарчарна а хьоьгара билгало а хир яра. Тхуна рицкъа а лохьа, рицкъа лучарах уггаре а диканиг ма ву Хьо». Дала элира: «Ас доссор ду шуна и (даарх дуьззина шун). Цул тIаьхьа шух керсталла диначунна Ас чIогIа Iазап лур ду, Iаламехь Айса цхьанна ца а деллачу кепара».
(«Аль-Маидат», 112-115)
ТIаккха Везачу Дала стиглара шун доссийна царна, уьш цуьнга хьоьжуш а болуш. И герга мел хуьлу, Iийса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) Деле доьхуш хилла, Iазап ца доссош къинхетам боссабехьа цуьнца, бохуш. Iийсана (Делера салам хуьлда цунна) хьалхха и сецча, цунна тIе тесна гата дIадаьккхина цо, ша олуш: «БисмиллахIи хойриррозикъийн (рицкъа лучарах уггаре а диканиг Волчу АллахIан цIарца)». Оцу чохь ворхI чIара а, ворхI хьокхам а хилла. Iийса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) оцу чуьра даар даа, аьлла, шайга омра дича, цара жоп делла, ахь хьалха диъча бен дуур дац шаьш, аьлла. ТIаккха Iийсас (Делера салам хуьлда цунна) къечаьрга а, балехь болчаьрга а, цомгашчаьрга а омра дина, – цхьа эзар кхо бIе гергга хилла уьш. Цара и даар диъча, цомгаш берш тобелла, балехь берш паргIатбевлла, меца берш буьзна. Дала царна хIора дийнахь доссош хилла и шун, цара массара оцу чуьра даар дууш а хилла. Бакъду, шайна деллачу ниIматана шукра ца дина цара, и бахьанехь дIахадийна царах и дика. ТIаьхьий-хьалхий и даккхий Iаламаташ гучудевлча, жуьгтийн Iеламнах шайгара дарж дIадаларна кхерабелла. Мотт-эладита эцна, оцу заманахь волчу паччахьна тIе бахана уьш, Iийса (Делера салам хуьлда цунна) хьо даржах вохон гIерташ ву, аьлла. ТIаккха оцу паччахьа Iийса (Делера салам хуьлда цунна) схьалаца эскархой бахийтина.
(Чаккхе хир ю)

Магомедов С.

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*