Iийса-Пайхамарх лаьцна (Делера салам хуьлда цунна)

12744325_1550569905257787_2922052504289680080_n

(Чаккхе. Юьхь еша 13-чу лоьмарехь)

Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Iийсас шена цаьргара керсталла хааделча‚ элира: «Сан гIоьнчий муьлш бу Далла тIе боьдучу новкъахь?». Хьаварийюнаша (Iийсана тIаьхьахIиттина апостолш) элира: «Тхо ду Делан гIоьнчий‚ Делах тешна тхо‚ ахь тоьшалла де тхо муьтIахь дерш (бусулбанаш) ду‚ алий. Тхан Дела! Ахь доссийначух тешна-кх тхо‚ (Хьан) элчанна (Iийсана) тIаьхьахIиттина-кх тхо – Ахь дIаязде тхо тоьшалла диначаьрца».
(«Алу-Iимран», 52-53)
Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дин кхайкхо волавелла кхо шо даьллачул тIаьхьа, и вен барт бина жуьгташа. Везачу Далла Iийса (Делера салам хуьлда цунна) стигала хьалаваккха лиъначу хенахь, шен асхьабашна тIевахана иза. Вай хьалха ма-аллара, шийтта стаг хилла уьш. Цо цаьрга аьлла: «Мила ву шух сох тарвала реза хинверг, тIаккха иза сан меттана вуьйр волуш, сан даржехь а волуш соьца цхьаьна хир вара иза (ялсаманехь)?». Царна юккъера цхьа жима стаг хьалагIаьттина, амма Iийсас (Делера салам хуьлда цунна) иза охьахаийна, и массарел жима волу дела. Цул тIаьхьа юха а хаттар дина цо цаьрга, цхьа а реза ца хилла, и жима стаг воцург. ТIаккха Iийсас (Делера салам хуьлда цунна) цуьнга аьлла: «Хьо хир ву сох тера». Цуьнан куц а, юьхь-сибат а хийцаделла, иза Iийса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) куьце вирзина. Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) церан бIаьргашна а гуш, тховх долчу корехула хьалаваьккхина, стигала хьалавигна. Иза лоьхуш баьхкинчу жуьгташа цунах тера верг схьалаьцна, тIаккха иза вен а вийна, хьостамашца жIарах дIатоьхна. Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Дала стигала хьалавигначул тIаьхьа, кхаа декъе бекъабелла нах. Цхьана тобано иза Дела ву, вукха тобано – иза Делан кIант ву, аьлла. Оцу шина тобано керсталла дина. Дела цхьаъ веш болчу нехан тобано иза Делан лай а, Цуьнан элча а ву, аьлла.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Дала аьлла хан хьахае: «ХIай Iийса‚ Ас хьо дIакхалхор ву‚ Сайна тIе хьала а вуьгур ву‚ хьо дIацIанвийр а ву керсталла динчарах, хьуна тIаьхьахIиттинарш керсталла динчарна тIехула бийр бу Ас Къематде даллалц. ТIаккха Соьга ду шун дерзар‚ Ас кхиэл йийр ю шуна юккъехь‚ шун барт боьхна долчу хIуманна тIехь».
(«Алу-Iимран», 55)
И жима стаг Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) ву моьттуш шаьш вийначул тIаьхьа, шекбевлла жуьгтий. Цара вовшашка аьлла: «Вай вийнарг Iийса велахь – хIокхеран накъост мичахь ву, вай вийнарг хIокхеран накъост велахь – тIаккха Iийса мичахь ву?». Цуьнан бисина асхьабаш дийна битина цара, шаьш уьш байъича нах шайна дуьхьалбовларх кхийрина. Цул тIаьхьа, ши бIе шовзткъа шарахь, къайлах, Дела цхьаъ варан дине нах кхойкхуш лелла Iийса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) асхьабаш.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Церан: «Баккъалла а, оха вийна Масихь – Маръяман кIант Iийса, Делан элча волу», – дош бахьанехь (неIалт аьлла царна). Цара вийна вац иза я ирхъоьллина а вац цара и, бакъду, царна (кхин стаг) тарвелла цунах». Дала Шена тIе хьалавигна иза. И Дела Веза Верг а, хьукма нийса деш Верг а ву».
(«Ан-Нисаъ», 157-158)
Дукхахболчу Iеламнаха, Iийса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) стигала хьалавоккхучу хенахь ткъе кхойтта шо дара, аьлла. Къематде дан гергадеъча, Дала лаьтта тIе охьавоссор волуш ву иза. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь билгалдина, шовзткъа шарахь лаьтта тIехь вехар ву иза, аьлла. Цо Даджал (антихрист) вуьйр ву, жIараш кегйийр ю, хьакхарчий йойур ю, налогаш дIайохур ю, бусалба дин доцург, кхидолу динаш а дIадохур ду. Цул тIаьхьа и лийр ву, бусалба наха цунна докъан ламаз а дина, Пайхамарна а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), цуьнан шина асхьабана – Абубакарна а, Iумарна а (Дела реза хуьлда цаьршинна) уллохь дIавуллур ву. Къемат-дийнахь Дала Iийса-пайхамаре (Делера салам хуьлда цунна) хоттур долуш ду, цуьнан къоме бехк боккхуш.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Дала эр долу хан хьахае: «ХIай Марьяман кIант Iийса, ахь аьллерий нахе хьох а, хьайн ненах а шиъ Дела вина лаца, АллахI витий?». Цо эр ду: «Хьо цIанво ас (Хьоьца там боцчух), суна там болуш ма дац сайн бакъо йоцург ала. Ас и аьлла хилча – Хьуна и хууш хир ма дара. Хьо хууш ма ву соьгахь дерг, ткъа со хууш вац Хьоьгахь дерг. Баккъал а, Хьо ву къайленаш хууш верг. Ас цаьрга аьлла дац Ахь соьга шеца омра динарг бен: «АллахIана Iибадат де аша, сан Дела а, шун Дела а волчу». Со царна тIехь теш вара, царна юккъехь со мел ву, Ахь со дIакхалхийначул тIаьхьа Хьо ву-кх царна тIехьоьжуш хилларг. Хьо массо хIуманна тIехь теш ма ву».
(«Аль-Маидат», 116-117)
Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) стигала ваьккхинчул т1аьхьал тIаьхьа ялх бIешо хан яьлла, дин кхайкхо пайхамар ца вогIуш. Цул тIаьхьа, Iаламах къинхетам беш, вайн эЭлча волу Мухьаммад-пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ваийтина Везачу Дала.

ХIокху вай дийцинчух схьалаца дезарг

1. Веза-Сийлахьчу Дала Iийса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) нана Маръям шен заманчохь Iаламийн зударел язйина хилар.
2. Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Дала шена чу са диллина, тIехь да воцуш кхолларца а, агана чохь волуш нахе вистхилийтарца а вазвина хилар.
3. АллахI-Дала Шена цхьа болх хилийта лиъча, цуьнга – хьо хила – аьлла омра деш хилар, тIаккха и болх хуьлуш хилар.
4. Iийса-пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) заманахь, сарралц вист ца хуьлуш Iар, марха кхабарна юкъадогIуш хилар.
5. Дала хIора пайхамарна Ша луш долу Iаламат – оцу заманахь бехачу нехан хьоле а, лазаме а хьаьжжина луш хилар.
6. Iийса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) шел тIаьхьа вогIур волчу Мухьаммад-пайхамаран цIе а, цуьнан куьцаш а дуьйцуш, шен къоме кхаъ баьккхина хилар.
7. Ша цхьа болх болочу хенахь, Делан цIарца боло безаш хилар.
8. Дала шайна деллачу ниIматна адамаша шукра ца дича, царах и ниIмат дIахадош хилар.
9. Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) Везачу Дала стигала хьалаваьккхина а, юха лаьтта тIе охьавоссор волуш а, дийна хилар.
10. Дала мел бахкийтинчу пайхамарша (Делера салам-маршалла хуьлда царна), шайга омра динарг а бен шайн къоме аьлла цахилар.
11. Iийса-пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) лаьтта тIе охьавоссор – Къемат-дийнан билгалонех цхьа билгало хилар.
12. Iийса-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) ша лаьтта тIе воссийначул тIаьхьа, кхидолу динаш дIа а даьхна, бусалба дин толор долуш хилар.
Магомедов С.

https://instagram.com/gazeta_zori_islama
www.ZORI-ISLAMA.com
Все права защищены. При перепечатке ссылка на сайт ГАУ «Зори Ислама» обязательна

 

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*