Iеламстаг ШахIабан Хьасан

1965шо.г.Аягуз.Каз.ССР.

АКРОСТИХ
Ша къонах хиларна дуьненан меха,
Атта некъ бацара хаьржинарг цо,
Х1оранна латтийра аг1о, мел веха,
Адмашна бузарца 1илманан дуо.

Б1ешерийн к1оргера схьадеъна г1иллакх,
Адамийн дог хьостуш, лардира цо,
Хьужарш а ехкина, д1ахьоьхуш 1илма,
Адамех стамбира Исламан гуо.

Сийлахьчу Къуръанан векал а хилла,
Ахархо санна шен такхадеш нох,
Нуьре х1у д1атосий, кхиадеш хийла,
Адамаш ийманца дора цо дох.

Хийла цо дерзийра и луьра девнаш,
Делан дош д1акхайкхош, д1айоккхуш вас.
Орам д1ахедар бац шерашкахь б1еннаш,
Ширлур дац азаллехь къонахчун васт.

Шах1абан Хьасан дуьненчу ваьлла 1905-чу шарахь Хьалха-Мартант1ехь, Шами Шах1абан доьзалехь. Шах1аба шен воккхахволу к1ант д1авелира 1аьрбийн дешар 1амо ненавешин Махьмад-Мирзин хьуьжаре. Оцу дешарца башха шовкъ йоцуш волу к1ант дукха хан ялале ц1ахь сецира. Цул т1аьхьа ден ц1а хьажах1отта яхара цуьнан нана Азу, шеца цхьана жимахволу Хьасан а вуьгуш. Ненан голех тевжина лаьттара Хьасан, шен ненан вежарша а, йижарша а шен ненах доху бехкаш хезаш. «Шах1абан к1антах х1ун 1еламстаг хир вара?» — бохура цара. Азу йоьлхура. Шен нанна хилла вас а гуш, цара ден къамел а хезаш лаьтташ волу жима Хьасан 1а ца велира. «Ма елхалахь, нана, ас доьшур ду хьуна. Сох 1еламстаг хилча тоьар дац хьуна?» – аьлла, мохь белира цуьнга. Хала зама яра и. Кийра бузош даа х1ума доьзална латто ницкъ кхочуш дукха дай бацара. Шах1абан санна боккха доьзал хилча-м, къаьсттина  хала дара. Делахь а, х1ора беттан коьртехь ялта а, дечиг а дохьура Шах1аба хьуьжаре. Ц1ера т1аьхьа йохьуш йолчух кхачо ца хуьлура мута1еламашна. Иза а массарна а йохьуш яцара. Юьртахошка напха доьхуш, арабовлура мута1еламаш. Амма и болх ц1уьх1арашна буьсуш бара. Ц1уьх1ар хуьлура ханна жима верг. Хьасан шеца цхьаьна доьшуш долчу берел дег1ана а, ханна а дуккха а жима вара. Кегийчаьрца напха деха аравала везаш хуьлура х1ара а. Юьртахой цхьатерра комаьрша бацара. Жимма а кхиболчу нахал хьолана тоьлла волчо ж1аьлеш т1ехоьцура, напха деха бог1уш болу мута1еламаш герга ца бахкийта. Хьасан къанвеллачул т1аьхьа а, ламаз оьцуш, цо хечин когаш хьалакарчийча, цуьнан настарш т1ехь гуш дара оцу ж1аьлеша кайиттина цергийн муонаш. Массарел жима велахь а, ц1уьх1ар хилла лела везаш велахь а, дешарна шеца доьшуш болчу шен накъостел дика вара Хьасан. 1илма лохуш масех хьуьжар хийца а, дуккха а молланаш бовза а дийзира цуьнан: Хьалха-Мартант1ехь, Борг1анехь, Дами-дукъехь, иштта кхечу меттигашкахь а дийшира цо. Ша гулдинарг эрна ца дайитира. Ц1ера дахале йолчу заманахь Серин-тог1ехь хьуьжар йиллина, 1илма хьоьхуш, дукха нахе 1илманах пайда эцийтира цо. Ц1ерадаьхча, Казахстанехь йоккхучу хенахь а 1илма дезачарна хьоьхуш чекхвелира Хьасан. Кхиболчу 1еламнахера санна, шайн рог1ехь Хьасанера 1илма схьаэцна бара Хьалха-Мартант1ехь а, кхечу ярташкахь а г1арабевлла бевзаш болу дуккха а молланаш. Иштта, цхьана муьрехь Хьасана хьехна вара Хьалха-Мартант1ерчу маьждиган  имам хилла волу Денисолтин 1алаудди, цул т1аьхьа хилла волу Батин 1абдуллах1, Сулиманан Идрис, Идрисан 1умар, Пашин Мохьмад, 1абдул-Г1ани, Берснакъин 1аббас, Хьамидан Нажмудди, Тимарболтан 1уси, иштта кхин а. Хьасан нахана вевзаш а, везаш а стаг вара Нохчийчохь а, Г1алг1айн махкахь а, луларчу Дагестанехь а. Дукха девнаш д1адерзош, нахана юккъехь масла1ат деш къахьоьгура цо. И волчу заманахь цуьнгахь долччул 1илма долуш кхин 1еламстаг хир вац олура и вевзаш болчу 1еламнаха. Муьшлин Мохьмад бохуш хилла Хьалха-Мартант1ехь г1араваьлла 1еламстаг. Цу Мохьмаде хаьттина хилла цхьамма: «Хьох, Хьасанах 1илманан к1орге йолуш муьлхарниг хир вара?» – аьлла. «Дера ву Хьасан. Цуьнга кхача-м сан дукха къахьега деза» – жоп деллера Мохьмада. Цул т1аьхьа изза хаттар Хьасане дина хиллера. Мохьмаде ша кхочур вац, Мохьмад 1илманан к1орггера бух бевзина ваьлла 1еламстаг ву, аьллера Хьасана. Г1ойт1ахь вехаш вара дешна ваьлла воккха 1еламстаг Махьмад-Хьаьжин Мохьмад. Хьасане нийсса 1илма долуш дешна стаг ца карийна шена вайн махкахь олура цо. 1алхан-Юьртарчу Даккин Джунида изза тоьшалла деш хезнарш а бу дуккха а. Хьасанца ч1ог1а лерам болуш вара Даккин Джунид. Хьасанца а 1ийна ша араволуш, цунна шен букъ ца берзош, генна волура иза. Даккин Джунид ша а к1орггера 1илма долуш стаг вара. Иштта, оцу шайгахь долчу 1илманца нийсса оьздангалла а, доьналла а, хаза г1иллакхаш а долуш бара-кх и нах. Дуьне мел лаьтта йовр йоцу шен йоккха ц1е а юьтуш, 1987-чу шеран 6-чу февралехь дуьненчуьра д1акхелхина Шах1абан Хьасан. Аллах1-Дала гечдойла цунна!

Сайд-Эми

 

Суьрта тIехь аьрру агIора схьа: Ахьматханан Махьмуд, Гих-чу. ШахIабан Хьасан,

Хьалха-Марта. Сулиман Iела, ГIойтIа. Анзоран Рума, ГIойтIа.

 

 

 
 
 

Комментарии

 
 

Добавить комментарий

*

*