Гимн

Исламан з1аьнарш
Оьзда г1иллакх, хаза г1уллакх –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.
Безам, марзо, ц1ена ойла –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.

Г1ийлачунах къинхетам бар –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.
Комаьрша куьг кховдон лаар –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.

Дений-нанний муьт1ахь хилар –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.
Йиш-вешица ларам лелор –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.

Адмалла шехь долуш хилар –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.
Вовшашца барт, безам хилар –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.

Ийман, собар долуш хилар –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.
Бусалбалла дезаш хилар –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.

Аллах1-Дела цхьаъ веш хилар –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.
Мухьаммад вай бакъ веш хилар –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.

Бериг Делан эвлияаш –
Уьш Исламан з1аьнарш ю.
Къадари а, накъашбанди,
Уьш Исламан з1аьнарш ю.

Дерриг дуьне серла доккхуш
Маьлхан дашо з1аьнарш ю.
Амма дахар ирсе къагош
Ерш Ислам-динан з1аьнарш ю.

Айза Резванова