Основы поклонения

Элчанан тIекаренаш, гIиллакх (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

мечеть КаабаДелера салават а, салам а хиларг берриге а нахал догдика хилла, массарал бакълуьйш хилла, массарал дика тIекаре йолуш а хилла. Нах дукхабезаш хилла, уьш шех дIакъахкош ца хилла. ХIора къоман лоруш волчу стеган сийдеш хилла цо. Цунах шен къомах жоьпалла долу, тхьамда веш хилла цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Шен асхьабийн терго чIогIа еш хилла цо. Шеца цхьаьна мажлисехь болчарах хIораннан а лерам беш хилла цо, хIоранна а шел чIогIа лоруш цхьа а вуй-те кхуьнан аьлла хоьтуьйтуш.
Нахана къинхетаме да хилла ву иза. Цунна гергахь бакъонаш нийса йолуш хилла уьш. Нахана елаеллачу юьхьаца дуьхьалкхетар долуш хилла иза, амал кIеда йолуш, берта вогIуш, тIетовш хилла. Шога ца хилла, шена ца деза аьлла, хIуманан тидам ца беш, цуьнан лерам боцуш ца хилла. Шега кхайкхинчунна жоп луш хилла, шена делла совгIат къобалдеш а, цунна дуьхьал совгIат деш а хилла иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).
Анаса аьлла: «Элчанан гIуллакхехь лаьттина со итт шарахь, цкъа а резавоцуш хIума ца аьлла цо соьга. Ас динчу хIуманна цкъа а и хIунда дина ца аьлла цо, ас ца деш дитинчу хIуманна цкъа а и хIунда ца дина а ца аьлла».
Шен асхьабашца забар еш хилла цо, цаьрца даггара къамелаш деш хилла. Мел генахь велахь а, цомгашчунна зерат дан воьдуш хилла. Бехкцабиллар доьхуш волчуьнгара бехказло къобалъеш хилла цо. Шена дуьхьалкхеттачуьнга салам хьалха луш хилла , шен асхьабашка салам луш, куьг хьалха дIакховдош хилла. Шена тIевеанчун лерам беш хилла, шен бедар цунна дIаяржайой, ша тIехуу цIока, гIайба цуьнга лой, цунна хьошалла деш хилла цо. Цхьаьннан а къамел хадош ца хилла цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).

Муртазаев Сайдмохьмад