Основы поклонения

Iилма Iамор

At-What-Age-Should-My-Children-Memorize-the-QuranБисмиллахIиррохьманиррохьим

Хастам бу Далла, бусалба стаг Iилма Iаморна, хIума дов-зарна тIехь сутара винчу, Iилма лахарца бусалба динан нийса некъ билгалбинчу. Шеца там боцчу куьцех цIена ву и Дела, адамна хууш доцург Ша Iамийна Волу, адамашна хазийтарца а, бIаьрса даларца а, дегнаш даларца а ниIматаш делла Волу, оцу ниIматашца шайна пайден долчу Iилманна тIе уьш нисбалийта.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Дала шу арадаьхна шайн нанойн кийранашкара, шу хIумма хууш а доцуш. Дала шуна хазар, бIаргаш, дегнаш а делла, шу хилийтархьама цу ниIматашна шукру (пусар) деш». «Ан-Нахьл» 78. Делера салам маршалла хуьлда ша маьрша дин даржош веанчу вайн Элчанна Мухьаммадна, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а, Къематде даллалц нийсонца царна тIаьхьабаьз-начарна а.

 

ХIай лераме
бусалба ваша!

Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь ала: ХIай сан Дела, Iилманехь сов ваккхахь со». «ТIо-хIа», 114.
Баккъал а, Веза-Сийлахьчу Дала кхоччуш тидам тIебахийтина Iилма Iаморна, Цо деза лерина бусалба наха Iилма лахар а, хьекъалца Iамал яр а. Iилма Iамош йоккху хан, Iибадат деш йоккхучу хенал а еза лерина Дала. ХIунда аьлча, бусалба дин Делера нийса дин долу дела, бусалба нах шайн динехь а, дахарехь а къорггера кхетам болуш хила а беза дела. Цундела бусалба стагана тIехь декхар ду шен ницкъ кхочучу барамехь Iилма Iамор. Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Iилма лахар парз ду хIора бусалба стагана а, зудчунна а тIехь». Ибн МажахI. Бусалба стаг ша Iамийна Iилма нахана дIахьехарца пайда беш хила веза, шена хууш доцург леладарца нахана юккъехь питана даржорах ларлуш хила а веза. Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шух уггар а дика верг — шена Къуръан деша Iамийна, цул тIаьхьа иза дIахьехнарг ву». Бухари.
Iилма Iамор а, и дIахьехар а Далла гергахь деза хилар дуьйцуш дуккха а аяташ, хьадисаш ду. Царех цхьадерш хьахор ду вай:
1. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «АллахIа даржехь хьалаойъу шух ийман диллинарш а, шайна Iилма делларш а». «Аль-Мужадалат», 11.
2. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Ахь ала: цхьатерра буй Iилма дерш а, Iилма доцурш а». «Аз-Зумар», 9.
3. Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Баккъал а, АллахIах кхоьруш берш – Цуьнан лайх Iелам нах бу». (АллахIан ницкъ царна бевза дела) «Аль-ФатIир», 27.
4. МуIавията (Дела реза хуьлда цунна) аьлла, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «АллахIана цхьана стагана дика болх бан лиъча, Цо иза динах кхетаво». Бухари, Муслим.
5. Ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Хьега мегар дац хIокху шиннах а бен: АллахIа шена даьхни деллачу стагах а, иза нийсачу некъа тIехь сагIийна дIадала ша тIехIоттийна а волуш; АллахIа шена Iилма деллачу стагах а, цуьнца иза нахана юккъехь кхел еш а волуш, иза дIахьоьхуш а волуш». Бухари, Муслим.
6. СаIдан кIанта СахIла (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iеле элира, аьлла: «АллахIаца чIагIо ма йо ас, баккъал а, АллахIа хьан карахула цхьа стаг нисвар, хьуна цIечу эмкалел дика ма ду». Бухари, Муслим.
7. Ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шена, аьлла: «АллахIа юьхькIайчу хIоттавойла, тхоьгара цхьа хIума хаза а хезна, юха и шена ма хаззара дIакхайкхинарг. Ма дукха хир ву-кх шега дIакхачийнарг ладоьгIначул гIоле волуш». Тирмизи.
8. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Iилма лохуш болу некъ юьхьар лаьцначунна, иза бахьанехь АллахIа ялсамане боьду некъ атта бийр бу». Муслим.
9. Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Адам делча цуьнан Iамал дIахедаш ю, кхо хIума доцург: лелаш долу сагIа; шеца пайда оьцу Iилма; цунна доIа деш волу дика доьзалхо». Муслим.
10. Ибн МасIуда а, Абу Дардаа а (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира шаьшшинна, аьлла: «Шегахь Iилма лохуш болу некъ юьхьарлаьцначунна, АллахIа ялсамане боьду некъ атта бо. Баккъал а, маликаш Iилма лохуш волчунна (хьалха) тIемаш охьадаржош ма ду, цо дечунна реза а хилла. Баккъал а, Iеламстагана гечдар доьху стиглахь, лаьттахь мел долчу хIумано а, хи чохь болчу чIеро а. Iибадат дечу стагана хьалха Iеламстеган дозалла – седарчашна юккъехь беттан дозаллах терра ду. Баккъал а, Iеламнах пайхамарийн верасаш бу. Баккъал а, пайхамарша ирс эца динар, я дирхIам ца дитина. Баккъал а, цара дитинарг Iилма ду, и схьаэцначо – доккха дакъа схьаэцна». Абу Давуд.

ХIокху сийлахьчу аяташка, хьадисашка ладоьгIча, Iилма Iамор дагчу дуьжу. Оцу аяташа, хьадисаша билгалдо, бусалба стеган дуьненан дахаран хьал а, эхарт а тодеш дерг Iилма хилар. Цундела бусалба стаг сутара хила веза Iилма Iаморехь а, ша Iамийнарг дIахьехарехь а. Цуьнгахь Делах кхерар а, нахана хаза масал дIагойтуш гIиллакх а хила деза.
Веза-Сийлахьчу Дала Ша реза волу Iилма лаха а, Iамо а, Iамийнарг дIахьеха а хьекъал, собар, ницкъ лойла бусалба нахана.

 

Алиев Ахьмад