Буоберан доладаран дозалла

image-m3id19204(ТIаьхье. Юьхь еша 2-чу лоьмарехь)

Бусалба динехь
буоберан бакъонаш
Баккъал а, бусалба дино буоберийн, церан хьукманехь болчу дIатийсинчу, я шайн дай бевзаш боцчу берийн а гIайгIа бина, церан Iуналла дина. Церан дахар ирсе деш, адамашна юккъехь церан пусар деш йолу бакъонаш елла цо царна. Бусалба дино берашна елла цхьайолу бакъонаш юьйцур ю вай юкъарчу суьртахь, ткъа буоберана а, цуьнан хьукманехь долчунна а елла бакъонаш юьйцур ю вай къаьсттинчу суьртахь, хIунда аьлча, тIехь да воцуш дисича, я шен да-нана девзаш доцуш хилча, нислуш ду оцу буоберийн бакъонаш эшош а, терго йоцуш йитар а. Церан и бакъонаш ларъеш верг ца караво.
1) Дуьнен чохь дахаран бакъо
Бусалба дино берана еллачу бакъонех коьрта бакъо ю хIара. Бусалба дин тIедале хьалха даьржина хилла, дуьнен чу даьлла зудабер, дийна а долуш, лаьттах доллар. Эхь тIедарах кхоьруш деш хилла иза. Иштта даьржина хилла божабераш дайар. Къелла тIеярна кхоьруш деш хилла иза. Бусалба дино, чIагIдина, хьарам дина иза.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Аш шайн бераш ма дайа, къелла тIеярна кхоьруш, Тхо ду царна а, шуна а рицкъ луш; баккъал а, уьш дайар – доккха къа ду». «Аль-Исраъ», 31.

Ибн МасIуда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира ас, АллахIана гергахь доккха къа муьлха ду, аьлла. Цо жоп делира: «Ахь хьо кхоьллинчу АллахIаца накъост лацар ду». Ас элира, иза-м доккха ду. Юха а ас хаьттира: «ТIаккха муьлха ду?» Цо элира: «Ахь хьайн доьзалхо вер ду, цо хьайца яахIума яарх а кхийрина». Юха а ас хаьттира: «ТIаккха муьлха ду?». Цо элира: «Ахь хьайн лулахочун зудчуьнца зина дар ду». Бухари.
ШуIбатан кIанта МугIи́рата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «АллахIа шуна хьарам дина наношна вуон хилар, зудабераш, дийна а долуш, лаьттах дохкар, сагIадоьхург юхатохар, хIума еха марзвалар. Цо шуна ца магийна «аьллера-бохара» дешнаш, хеттарш дукха дар а, эрна даьхни дохкар а». Бухари, Муслим.
ХIокху Делан омранашца бусалба дино беран дахар лардеш йолу бакъо чIагIйина, цхьана агIор и бакъо талхо мегар доцуш. Къаьсттина, буоберан, я дIатесна долчу, я шайн тайпа девзаш доцчу берийн бакъо ларъяр чIагIдина шарIо.
2) Тайпана хиларан бакъо
Бусалба дино беран дахарехь йолу бакъо ларъяр тIедиллинчул тIаьхьа, цо цуьнан тайпа лардарца йолу бакъо кхочушъяр а тIедиллина. Цо омра дина, мила ву ца хууш иза цавитархьама, иза шен дега вилларца, цул тIаьхьа цуьнан кхийолу бакъонаш талха ца яйтархьама. Масала, цунна рицкъ латтор, цунна ирс кхачор а.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Церан дайн цIершца кхайкха шу цаьрга, АллахIана гергахь иза нийса ду шуна. Церан дай шуна бевзаш бацахь шу динан вежарий ду, гергара нах ду». «Аль-Ахьзаб», 5.
Иштта бусалба дино хьарам дина тайпанаш хийцарца, я шен воцчу дега бер дилларца ловзар, оцу тIехь чIогIа Iазап хирг хилар чIагIдина цо.
Абу Ваккъа́сан кIанта СаIда (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шен воцчу ден цIарца цхьаьнга кхайкхиначунна, – иза цуьнан да цахилар хууш волуш, – Ялсамани хьарам ю». Бухари, Муслим.
Оцу делилашца бусалба дино бакъо ларъяр чIагIдина, и бер шен дега, я шен тайпане дилларца, иза буо делахь а, дацахь а. Адамашна юккъехь иза хьенан ду ца хууш, тесна ца дитина цо. Бусалба дино беран шен тайпане дилларехь йолу бакъо ларъяре терра, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оцу берана дика цIе тиллар тIедиллина. Цо вайна билгалйина АллахIана дукхаезна йолу цIерш: IабдуллахI, Iабдуррохьман, иштта пайхамарийн цIерш а. Иштта Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вай тIенисдина тахка тамбоцу цIерш Iадйитарна, масала: Ясар, Хьазан, Iасият, БархIун.
3) Беран дакхорехь йолу бакъо
ХIора берана дахарехь цунна еллачу бакъонех кхоазлагIниг ю. Баккъал а, бусалба дино наношна шайн бераш дакхор тIедиллина.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Наноша шайн бераш дакхадойла дуьззинчу шина шарахь, и дакхадар кхочушдан лууш верг велахь». «Аль-Бакъарат», 233. Iеламнехан цхьабарт бу, бер декхачу шерашкахь долуш, цунна оьшуш мел ду и дакхо дезаш хиларна тIехь.
4) Напха даларехь йолу бакъо
ХIара бусалба дино берашна еллачу бакъонех бакъо ю, дайшна и кхочушъяр тIедиллина а долуш. Iеламнехан цхьабарт бу, шен даьхни доцучу берана напха латтор дена тIехь декхар хиларехь, хIунда аьлча, и бер шен дех схьадаьлла цхьа дакъа долу дела. Шена а, шен зудчунна а напха латтадар цунна тIедилларх терра, цунна тIехь декхар ду шен доьзална а, дена-нанна а напха латтор.
Веза-Сийлахьчу Дала боху: «Аьтто болчо напха лойла шен аьттоне хьаьжжина, рицкъанехь хала воллуш волчо шена АллахIа деллачух лойла; АллахIа дегIана тIедиллина дац Ша цунна даларан барамехь а бен. АллахIа аьтто бийр бу халонна тIаьххье». «Ат-ТIолакъ», 7.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дикачу напханех лерина къонахчо шен берашна, шен хIусамнанна луш долу напха.
Савбана (Дела реза хуьлда цунна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Стага ахчанца еш йолу уггаре а дика харж цо шен доьзална напха латторца, АллахIан некъа тIехь шена тIехаа хьайба кхабарца, АллахIан некъа тIехь болчу шен накъосташна сагIа даларца еш ерг ю». Муслим. ХIара хьадис дийцинчарах волчу Абу Къила́бата аьлла: «Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) доьзал хьахабарца долийна. Шен кегийчу доьзалшна, уьш Iалашбеш, я и стаг бахьана долуш, АллахIа церан аьтто а беш, напха латточу стагал веза мила хир ву?!»
Iеламнаха, важиб ду аьлла, билгалдина напха тоьачу барамехь даар-малар, тIедуху хIума, чохь ваха хIусам, цуьнца оьшуш долу хIума далар ду. Иштта оцу напхина юкъадогIу бер дакхор, и жима долуш, кхабар, цунна дарба лахар, цуьнга дешийтар, и санна кхидолу оьшуш дерг латтор а. ХIара хьукманаш схьаэцна, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дийцинчу, Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) ша далийначу хьадиса юкъара. Iаишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу еара ХIинд, цо элира: «ХIай Делан Элча, Абу Супьян бIаьрмециг стаг ву, цо суна а, сан кIантана а тоамбеш дерг ца ло, ас цунна а ца хууш, схьаэцнарг бен». Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Хьайна а, хьайн кIантана а тоьачу барамехь дерг схьаэца ахь». Муслим.
Да велча я воцчун метта хилча, напха лахарна тIехь ницкъ ца кхочуш, напха латтор тIедужу берриге верасашна, цара и стаг велча ирс эцаран барамехь. Нагахь санна церан ницкъ ца кхачахь, бусалба нехан закатан даьхни тIера а, доуьйтуш долчу сагIанаш тIера а лур ду.
5) Iуналла дарехь йолу бакъо
ХIара берашна, къаьсттина буоберашна а, церан хьукманехь долчу дIатийсинчу берашна а йолу бакъо кхаа декъах лаьтташ ю: 1) жима долуш доладаран бакъо; 2) оьзда кхиорехь йолу бакъо; 3) даьхни Iалашдарехь йолу бакъо.
Жима долуш бер кхиорехь алсам долу къахьегар зударшкахь ду. Бере хьожуш зуда ца хилча, йиш йоцуш хан ю иза. Iеламнехан цхьабарт бу, бер кхабарехь зудчун бакъо алсам ю, аьлла. Кхиболчу зударийнчул ненан бакъо алсам ю шен бер кхабарехь, нагахь санна бер кхабаран бехкамаш цуьнгахь кхочушхилла белахь. И хьукма схьаэцна Iамран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцинчу хьадисах. Цо элира: «Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхиэл йира бер кхабарехь нана толош, иза кхечанхьа маре яхаза мел ю». Ахьмад.
Бер кхабаран хан ю – и дуьнен чу даьлчахьана дуьйна шен доладан зударий ца оьшучу хене кхаччалц. И бер ша юуш, молуш, шена тIе бедар юхучу хьоле даьлча, чекхйолу и хан. Цхьаболчу Iеламнаха ворхI шо дузарца лерина иза, кхечара – исс шо кхачарца. Нагахь оцу беран цхьа а гергара стаг вацахь, паччахь ларало цуьнан Iу. И бер Iалашдан стаг цунна тIехIотторан бакъо а цуьнгахь хуьлу. Амма оьзда кхиорехь бохучун маьIна, зударша Iуналла дан деза хан дIаялча берана гIиллакх Iамор, иза нийсачу новкъа даккхар ду. И декхар къаьсттина божаршна тIедиллина ду, АллахIа царна зударшначул ницкъ, доьналла алсам даларна. Веза-Сийлахьчу АллахIа дай сутара бина шайн бераш кхиорна тIехь, Цо боху Шен дашехь: «ХIай ийман диллинарш, аш шайн а, шайн доьзалийн а догIмаш кIелхьарадаха керста нахах а, тIулгех а латор йолчу Жоьжахатин цIарах». «Ат-Тахьрим», 6.
Иштта Делан Элчано а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дайшна тIедиллина шайн куьйга кIелахь волчунна Iуналла дар. Хьадисехь деана, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Шух хIора стаг Iу ву, шен Iуналлех хIоранга хоттур долуш ду. Имам Iу ву, шен Iуналлех шега хоттур долуш ву. ХIора стаг шен доьзалехь Iу ву, шен Iуналлех шега хоттур долуш ву. Зуда шен майрачун хIусамехь Iу ю, шен Iуналлех шега хоттур долуш ю. Ялхо шен элан дохнна тIехь Iу ву, шен Iуналлех шега хоттур долуш ву». Бухари.
Оцу омранашна тIедоьгIча, беран а, буоберан а верасашна тIехь ду уьш ларбар, цаьрга дешийтар, уьш кхиабар, царна гIиллакх Iамор, уьш нийсачу новкъа бахар. Амма даьхни Iалашдарехь лууш дерг къаьсттина буоберийн даьхни лардар ду, дахаран новкъахь церан хьекъал, корматалла кIеззиг йолу дела, синкхетам кхоччуш а боцу дела. Ахь иза Iуналла а ца деш витча, шегахь хьекъал кIеззиг хиларна, цо шен лаамашна тIаьхьа а ваьлла, даьхни эрна дойур ду. Амма ша воккха а хилла, кхетаме веача, шена и даьхни уггаре а чIогIа оьшучу хенахь, лар ца динехь, цунна и карор дац. Буоберан дохнан доладан бакъо хуьлу дас, верас а вина, бухавитинчу гергарчу стагехь. Амма иштта верас вацахь, цуьнан даьхни лардеш волчунна тIехь декхар ду тешаме стаг билгалваккхар. Цо цунна тIедожо деза буоберан даьхни Iалашдар, и дебор, цунна тIера закат дIадалар, и бер доккха хилча, цуьнан даьхни юхадерзор.
6) Къинхетам барехь йолу бакъо
ХIара бакъо буоберан хьакъ ду, иза жима а, хIума ца девзаш а долу дела. Бусалба дино дина дуккха а омранаш ду жимачух къинхетам бе, цуьнца кIеда-мерза хила, цунна тIехь куьйгалла де, аьлла.
Iамран кIанта IабдуллахIа (Дела реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира, аьлла: «Вайн жимачух къахеташ воцург, воккхачун бакъо ларъеш воцург – вайх вац». Бухари.
Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цецвелира Хьа́бисан кIантах АкъраIах (Дела реза хуьлда цунна), цо шега: «Баккъал а, сан итт доьзалхо ву, царах цхьанна а барт белла бац ас», – аьллачу хенахь. Иза, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iелин кIантана Хьасанна барт луш шена гинчу хенахь аьллера цо. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цуьнга элира тIаккха: «Къинхетаме воцчух къинхетам бийр бац». Бухари.
Бусалба дино жимачух къинхетам бе аьлла, хIара дерриге а омранаш даран Iалашо, цуьнан дог-ойла къинхетам барехь чIагIъяр ду, ша воккха хилча, цуьнга а жимачух къинхетам байтархьама. Девзаш долчух ма ду, шегахь хIума йоцчо и лург цахилар. Буобер жималлехь къинхетам барх юхадиттича, ша доккха хилча, цо а бийр бац къинхетам. Адам кхиоран хьелаш девзаш болчу Iеламнаха чIагIдина, доьзална юккъехь хилла долу Iадаташ, гIиллакхаш, амалш бераша схьаоьцуш хилар, шаьш кхиош, кхобуш хиллачаьрга тарбала а гIерташ.
(ТIаьхье хир ю)
IабдуллахI бин Насир, бин IабдуллахI Ас-Садхьан (Эр-Рияд);
Гочдинарг – Магамедов Рахьманан Сулиман