Хаза, дика дахар

Ирс хуьлуьйтуш долчу уггаре а даккхийчу бахьанех ду Iаламийн Дела волчу АллахIах тешар. Иза иштта хилар билггал сецна долу хIума ду, цу тIехь цхьа а шеко яц. Дерриге а кхидолу вай дуьйцуш долу бахьанаш а, пайданаш а схьа а гулдина, уьш дерриге а цхьана стагана совгIатана делча, цуьнгахь АллахIах тешар ца хилахь, и хазна цуьнан дагчохь ца хилахь, оцу вукхара цунна бан цхьа а пайда бац хьуна цкъа́ а. Цундела, шеца Делах тешар доцучо ирс хуьлуьйту и важа бахьанаш лоьхуш ша́ кIадван ца оьшу.
Коьрта дерг, бух – АллахI шен Дела хиларх тешар ду, Мухьаммад шен Пайхамар хиларх тешар ду, Ислам шен дин хиларх тешар ду.
ЛадогIал хьайна, Сийлахь-ЦIена волчу вайн Дала хIун боху цу хьокъехь: (АллахIах а, Цуьнан Элчанах а) тешаш а волуш дика Iамал йинарг, хуьлийла иза стаг я зуда – Оха иза во́хуьйтур ма ву дикачу дахарца, Оха царна лур ма ю церан ял, цара деш хиллачу уггаре а дикачуьнца.
Ши биллам бу хьан кхузахь: АллахIах тешар, тIаккха дика Iамал яр. Бакъдолуш, (АллахIах) тешна а болуш, дика хIуманаш динарш – Къинхетаме волчо хуьлуьйтур бу царна (адамийн дегнаш чохь) безам.
Ши пайда а бу хьан кхузахь: дуьненахь а, эхартахь а дика дахар, Веза-Сийлахь волчу АллахIана гергахь йоккха ял. Кхаъ бу царна дуьненан дахарехь а, эхартахь а.

«Са ма гатде»,
Iаид аль-Къарний