«Юха а цIинлуш ду ламанийн карраш…»

ник1ара
Вайн лаьмнийн мукъам хезний шуна цкъа а? И хаза сатесна, кхузткъе итт шо сов хан яьхьна кхузара дохийначу адамаша шийлачу ГIум-Азехь а, Сибрехахь а. Кху лаьмнашкахь сел хала хиллачу шайн дахаре хьогаме сатуьйсуш хIунда хилла техьа уьш? Вайна ца евзаш йолу хIун исбаьхьаллаш евзаш хилла техьа царна? Бакъдолуш, лаьмнаша дог айдо, ойла тIомайоккху, кху онддачу мокхазан тIулгашна юккъехь ша жима суй тарло…
Кху деношкахь шайн дайн хилла бух меттахIоттош, тIекхуьучу тIаьхьенна Даймохк бовзуьйтуш, Никарахь маьждиг схьадоьллучохь вовшахкхийтира йоккха тоба. Кхуза хьалаван некъан хьелаш ламанан амале хьаьжжина буьрса ду. Делахь а кхуза ван болу лаам кхерамал а хьалхаболу.
Цхьаьнакхетаран хьалхара мур, жимма лахахь а севцца, вовшашка дистхуьлуш, хIара меттигаш евзачарех дагабовлуш, ладугIуш, дIабаьхьира гулбеллачара. Дукха беркате хьеший, Нохчийчуьра хьовха, Россин тайп-тайпанчу регионашкара а, тIерлойн тайпанан нах а, иштта хIокху башхачу гIуллакхах дог лозу адамаш а дара кхузахь вовшахкхетта.
Кху гIуллакхан коьрта Iалашо яра къоначарна масал гойтуш, тIекхуьучу тIаьхьенна, шайн дай баьхна меттиг йовзийтар, зерате вар санна, сийлахь, деза дуйла хаийтар. Кхузткъе итт шо хан яьллачул тIаьхьа, лаьмнийн тийналла йохош, делкъа-ламазна кхойкхучу моллин аз кху лаьмнийн тархашкахула даьржаш хезча, могIа бинна, Далла хьастабала, ламазна хIуьттуш, бусулба вежарий гича, цхьа шатайпа, къа доцчу кураллица ийъалора дог. Ма боккха Делан къинхетам бу иза!
Никарахь дуьххьара маьждиг даран терахь билггал хууш дац. Делахь а, ткъаесналгIачу бIешарера схьа ду олуш ду и. Цуьнан меттахIотторан кеп ша хьалха ма-хиллара ю. Чутарвалар шовзткъе итт стагана лерина ду.
Кху тIаьхьарчу шерийн хаза ламаст хилла схьадогIуш ду Нохчийчоьнан гIаланаш, кIошташ, дай махках баьхна дIатесна, акхаевлла, байлахь йисина ярташ меттахIиттор. Цунна къеггина тоьшалла лара мегар ду нохчийн лаьмнийн дегаюккъехь Iуьллучу ТIерлойн махкахь меттахIоттина кхин а ши маьждиг хилар. Оьшнахь ши шо хьалха схьадиллира рузбанан маьждиг. Иза уггаре а доккха ларалуш ду кху меттигашкахь, шена чохь пIераскан дийнахь рузба дан 43 юьртара адам схагуллуш. АрстгIахь а, Никарахь а дерш жамаIатан маьждигаш ду. Дукха хан яра кху ламанца дика-вон дерзор а, рузба а хилаза. ТIеван аьтто боцуш, дIатесна лаьттина дайн кешнаш, бIаьвнаш. Цкъа цхьана хенахь дахар кхехкаш хиллачу меттигийн, 70 шарна чIир кхобуш, тезетан верасаш хилла, лаьттина хIара лаьмнаш…
Кху цхьаьнакхетарехь юьстаха ца висира шен ала дош долуш верг цхьа а. Кхузахь дIадолийнарг мехала гIуллакх хилар билгал а дира хIораммо а. Шаьш оьшучунна кийча хилар а хоуьйтуш, ГIалгIайн махкара баьхкина болу тайпана вежарий а бистхилира.
ХIара санна, дIатесна меттигаш дукха ю вайн лаьмнашкахь, уьш ницкъ кхочучу кепара денъяр чIогIа бIегIийла гIуллакх ду, цунна масал кхузахь цхьанакхетар а ду аьлла, билгалдира кхузахь бистхуьлучара.
Дукха меттигаш, боьранаш, хиш, латтанаш, хьехаш ю вайн махкахь талла езаш, иштта Iилманан болх бан безаш. Нашха а, ТIеричу а ширачу меттигех ю. ПIелг биллал долу латта а шеца цхьа къайле а, шеца цхьа хазна йоцуш а дац вайн махкахь. Цундела ваха везара сих-сиха лаьмнашка, гонаха йолу хазалла бIаьргех дIаэлаллц. Кийрара са массо а балех, гIайгIанех а дIацандаллалц. Ца оьшу ойланаш, сагатдарш букъ тIехьа а дуьтуш. Шийлачу шовдано кийрара тIулг башабо. Пехаш цIеначу хIаваах хьаладузу…
Шайн дай-наношна тIера хьовха, Нохчийчуьра дIа мел бохийначарна тIера, новкъахь белла, каш доцуш байначарна тIера а, халоно, лазарша байъиначарна тIера, кху махке сатуьйсуш беллачарна тIера сагIа а доккхуш, дIадерзийра гулбеллачара и беркате гIуллакх. ХIара тIерлойн мохк денбан а, юхаметтахIотто нийят хиллачарна Дала диканца бекхам бойла! Нохчийчоьнан цхьа вежарий а хилла, шаьш-шаьш схьабевлла лаьмнийн меттигаш цIинъеш бохкучарна а Дела реза хуьлда! Шен къоман дерг деза хеташ, и айдеш, цуьнан сийдеш верг цIараза вовр вац! Ткъа хийцамаш хено гойтур бу…
Садаева Раиса